«Толамхочун некъ» спектакль гайтира

Х.Нурадиловн цIарахчу Нохчийн къоман драматически театро «Толамхочун некъ» спектаклаца дIаболийна шен белхан рогIера мур. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана, Россин Турпалхочунна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина ю и драма.

Спектакль гайтале, театран исбаьхьаллин куьйгалхочо, Россин Федерацин искусствийн хьакъйолчу гIуллакххочо Ахмадова Хьавас маршалла хаьттира хьовсархошка. Цо артисташ декъалбира театран белхан 87-гIа мур дIаболабаларца.

Цо билгалдаьккхира, искусствос юкъараллин дахарехь мехала меттиг дIалоцуш хилар. Цул тIаьхьа театран ветеранаша Омаев Дагуна а, Давлетмирзаев МутIелипа а, Гичаева Раисас а къамелаш дира.

«Толамхочун некъ» спектакль Нохчийн Республикин халкъан яздархочун Ахмадов Мусан пьесин буха тIехь хIоттийна яра. Спектаклехь ролаш ловзийра 26 актера, ткъа коьртачу турпалхойн ролаш ловзийнарш хIорш бара: Къано – Азаев Хьамид, Поэт – Вахидов Бай-Iела, Толамхо – Ахмадов Сулейман, хьалхара гIаттамхо – Халиков Ризван, шолгIа гIаттамхо – Умаев Рамзан, хьалхара зуда – Багалова Зулай, шолгIа зуда – Хакишева Санухат, ТIевеанарг – Джамаев Iимран.

Спектакль кIорггера чулацам болуш ю. Цхьана хIорда юккъехь долчу лаьтта тIехь бехаш болу нах гуттар а сатуьйсуш хуьлу доккхачу лаЬтте. ХIиццалц царна хиъна а дацара доккха латта дуйла. Кхиберш а, шаьш санна, гуонаха беккъа цхьа хIорд бен хIумма а доцуш, Iаш бу моьтту царна. ТIевеанчо хьоьху къоначарна, оцу доккхачу лаьтте вуьгу некъаш. Амма цо хьехнарг дича, жимачу шина стагах бевлира и нах. Циггахь кхийтира уьш цуьнга ладогIа мегарг цахиларх. Оцу нахана орцахваьллачу Толамхочо, шен дахар дIаделира уьш доккхачу лаьтте дIакхачорхьама а, церан паргIатонан дуьхьа а.

«Толамхочун некъ» спектакль гайтинчул тIаьхьа, театран 87-гIа мур дIаболабалар даздира театран артисташа.

ХIинца, керлачу ницкъашца шайн хьовсархойн дуьхьа къахьега кийча бу Нохчийн къоман театран артисташ.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрта тIехь: «Толамхочун некъ» спектаклехь

№80, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 13-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: