Иракъехь кIелхьарадаьккхина, беа баттера ялх шаре кхаччалц долу, пхи бер (Россин бахархой – авт.) а далош кема охьадоьссира республикин пачхьенерчу аэропорте. Берашца цхьаьна вара Нохчийн Респуликин Куьйгалхочун Гергарчу Малхабалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а мехкашкахула векал а, Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан сенатор а волу Сабсаби Зияд.
Аэропорте берашна дуьхьал веанера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куйгалхо Израйилов IабдулкъахIир, Соьлжа-ГIалин мэр Хучиев Муслим, берийн гергарнарш, кхиберш.
Даймахка цIадерзийначу пхеа берах кхоъ Абдулаев Хьамзат а, IабдуллахI а, Малик а Нохчийчуьра а, шиъ Алиева Марем а, Фауда а Дагестанера а ду.
Берашна дуьхьал баьхкинчу церан гергарчеран карахь Кадыров Рамзанна леррина баркалла олуш яздина кехаташ а, аннаш а дара.
Шен къамелехь Сабсаби Зияда хаийтира, мел халонаш лайнехь а, цIадерзийна долу бераш, жимма бен лоьрийн гIо-накъосталла а ца оьшуш, могаш хилар. Иштта, цо тидамза ца дитира Кадыров Рамзана Иракъера а, Шемара а бераш Даймахка цIадерзоран декъехь деш дерг.
«Цхьайолчу федеральни структурашкара а хуьлу оцу декъехь гIо-накъосталла. Амма цунах тоам хуьлуш бац. Делахь а, Кадыров Рамзана билгалдаьккхина ма-хиллара, вайн бераш Даймахка цIадерзор, вайна мел кхераме делахь а, вай, юха а ца довлуш, чекхдаккха хьовсур ду», – элира цо.
Цу тIе, Сабсабис дийцарехь, шен махкахой цIаберзорехь къахьоьгуш цхьа Росси бен яц, хIунда аьлча «французаша, немцоша, Iаьрбаша я кхиболчара шайн цхьа а махкахо я Иракъера а, я Шемара а цIаверзийна вац».
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца Шемара а, Иракъера а хIинцале цIаверзийна 20 сов Россин вахархо: зударий а, бераш а. Республикин Куьйгалхочун и дIадолор Россин Федерацин Президента Путин Владимира къобалдеш хилар а билгалдаьккхира сенатора.
Уггаре а хьалха цIаверзийнарг Тагиров Билал вара. Иза, шен ши шо бен доцуш, дас, цкъа Шема а, юха Иракъе а дIавигна хиллера. Цул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочун дIадолорца, Хонкаран а, Шемин а дозанехь саца а йина, шен ненаца цхьаьна цIаерзийра Саратовн областерчу Уханов Сергейн ялх шо кхаьчна йолу йоI.
Карарчу шеран хьаьттан (август) беттан чаккхенехь Иракъера кеманца Соьлжа-ГIала схьадалийра Дагестанера пхи бер. Цул тIаьхьа, кIира бен юкъа хан ца юлуьйтуш, Иракъерчу Эрбиль гIалара Соьлжа-ГIала схьаялийра йиъ зуда а, бархI бер а. Товбецан (сентябрь) баттахь Шема а, Иракъе а дIадигна хилла ши бер а дерзийра Даймахка цIа. ХIинца цIа далийнарг пхи бер ду.
Делахь-хIета Нохчийн Республикин Куьйгалхочун дIадолорца, Даймахка, хIинцале а цIадерзийна 22 бер.
И.ИСЛАМОВ
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо