Нохчийн Республикин Iедалан органашкахь цхьацца хийцамаш хилла. Республикин Правительствон кхеташонехь оцу хьокъехь хаам бира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун даржехь чIагIвина Израйилов IабдулкъахIир. Оцу даржехь хилла волу Усмаев ВахIит Нохчийн Республикин Экономикин а, юкъараллин а кхерамазаллин Советан секретаран дарже дехьаваьккхина.
Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министран дарж Баширов Iусманах тешийна. Хьалха Гуьмсан кIоштан къинхьегаман а, социальни кхиоран а отделан куьйгалхочун болх бина ву иза.
Промышленностан а, энергетикин а министран даржехь чIагIвина Байтазиев Муслим, цуьнца цхьаьна цуьнгахь дисина вице-премьеран дарж а. Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министран даржехь хилла волу Таймасханов ГIалас хIинца Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхара заместитель ву.
Нохчийн Республикин маслаIатан суьдхойн белхан хьашташ кхочушдаран Службин куьйгаллехь чIагIвина Нохчийн Республикехула йолчу МВД-н ГИБДД-н Урхаллин куьйгалхо хилла волу Денилханов Шамхан.
Р.Кадыровс билгалдаьккхира керла хIиттийначу куьйгалхоша шайн балхаца юьхьарлаьцначу некъана а, махкана а шаьш тешаме хилар гайтина хилар.
«Тахана шуна хьалха хIиттош ду керла маьIне декхарш. Шайн балхана шу охIла хиларх доьзна хир ду экономикин кхиар а, бахархойн Iер-дахаран хьелаш тодалар а. Шаьш-шайн ца кхоош, къахьега дезар долуш, хала декхарш ду шуна тIедохкуш дерш. Со теша тхан дегайовхонаш аш кхочушйийриг хиларх», – элира цо.
«Бахаман дерриге а дакъошкахь дуккха а гIуллакхаш дан ларийна вай, экономикехь лаьттачу чолхечу хьоле хьаьжна доцуш, кхиаран новкъахь хьалхахьа бIаьрла гIулч яьккхина. Хено хьалха хIитточу керлачу декхаршца доьзна, Iедалан органашкахь хийцамаш баро экономикин кхиарна дика Iаткъам бийриг хиларх тешна ву со», – элира республикин Куьйгалхочо хийцамийн хьокъехь шен къамел дерзош.
Правительствехь хиллачу кхеташонехь дакъалецира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, Нохчийн Республикин Парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, кхечу официальни наха.
Хь.АБАЕВ
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо