Шемарчу Меядина шахьарахь Iедалан эскарша чекхъяьккхина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранаш хIаллакьяран Iалашонца дIаяьхьна операци. Иштта, Раккихь а дIахьош ду террористаш хIаллакбар. Царах 275 йийсаре веана стомара. Террористаш хIаллакбарехь гIо даран меттана Iамарк коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш, ракеташ етта, денна бохург санна, маьршачу бахархойн цIеношна.
***
Сомали пачхьалкхан коьртачу шахьарахь Могадишохь тIекIал ши теракт йина. Оцу бохамехь 189 стаг кхелхина, лаххара а 200 стагана чов йина. Уьш, берриге а бохург санна, маьрша нах бу. Теракт ярх долу жоьпалла тIе ца лаьцна оцу махкахь къизалла яржош лелачу террористийн цхьана а организацис.
***
Кенихь террористийн гIерано къиза тIелатар дина цхьана школина. Цигахь 7 стаг кхелхина, иттех стагана чевнаш хилла. Царах дукхахберш школера хьехархой а, дешархой а бу. Iедалан бакъонаш ларъяран органаш террористаш лохуш ю.
***
Шемин Iедалан векалша Хонкаран куьйгаллина лехам бина Идлибера шайн эскарш а, тIеман техника а араяккхар тIедожош. Цара дийцарехь шина пачхьалкхан юкъаметтигашна иэшам бо цигахь долчу эскарша а, цара лелочу гIуллакхаша а. Цул сов, Хонкаран эскарера гIо оьшуш хьал а дац хIинца Шемахь.
***
Францин Оборонин министерствон куьйгалхочо Парли Флоранса хIокху деношкахь дIахьедина: «Парижан новкъарло йойла дац «Иблисан пачхьалкхана» юкъахь Шемахь а, Иракъехь а тIемаш а бина цIа богIуш болчу Францин гражданашна». Министра ца дуьйцу террористашна новкъарло йойла хIунда дац. Хетарехь, «дика» террористаш бу уьш.
***
Iаламан цIерш бахьанехь США-н Калифорни штатехь кхелхинчеран барам 40 стаге дIакхаьчна. ЦIерш дIаяйарехь Калифорнин Iедална гIо деш бу мехкан кхечу штаташкара цIерашяйархой. Оцу юккъехула «гипатит А» ун а ду штатехь даьржаш. Цуьнца доьзна бохаме хьал дIакхайкхийна цигахь.
***
Израилан Премьер-министра Б.Нетаньяхус декъалвина США-н Президент Д.Трамп цунна ГIажарийчоьнан ядерни проблемехула «нийса сацам» тIеэца некъ карорна. Вуьшта аьлча, цо къобалдо ГIажарийчоьнца ядерни программин хьокъехь бина барт бохор а, цунна дуьхьал санкцеш яр а. Иштта ямарт ду-кх ГIажарийчоьнна Израилан куьйгалла.
***
Канадерчу Октарио шахьарахь доьхкина шех 8 миллион доллар кхаж баьлла лотерейни билет. Цкъачунна йоккхуш яц кхаж баьллачун цIе. Шеко йоццуш воккхавуьйш хир ву ирсениг. Дагахь доцуш хилла бахам бу цунна иза.
***
Украинин киралелон кема доьхна Кот-д Ивуарехь. Цу тIехь хиллачу 6 стагах 4 кхелхина. Уьш берриге а Молдовин бахархой бу. Важа шиъ Францин вахархо ву. И шиъ, лазийнехь а, дийна висина кема хи чу дожар а, орца сихха тIекхиар а бахьана долуш. Кема дохар стенца доьзна ду хууш дац.
***
Россин Президента В.Путина дIахьедина: «Дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам массара а цхьаьна дIабахьа беза, шалхонаш а ца лелош, уьш дикачаьргий, вуочаьргий ца боькъуш. ТIаккхий бен кхиаме хир бац и къийсам». Гарехь, цунах цакхетачух тера ду террористийн организацийн гIолоцуш берш.
***
Санкт-Петербургехь дIаяьхьира парламенташна юкъара Ассамблей. Цигахь дакъалоцуш хиллачу иттанаш пачхьалкхашкарчу парламентарешна хьалха къамел динчу Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан Председатела В.Матвиенкос хьешийн тидам тIебахийтира дуьненахь кхолладеллачу кхерамечу хьолана а, иза синтеме дерзорехь парламентареша лелон дезачу маьIнина а.
***
Якутехь вехна волчу водитела кхиазхойн тобанна машен тIетоьхна. Цигахь 7 кхиазхо лазийна, уьш больницашка бигна. Цхьа кхиазхо кхелхина. Талламан комитетан а, полицин а белхахоша дIахьош ду таллам бар. Бехкечунна дуьхьал уголовни гIуллакх дIадолийна.
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо