СаIудийн Аравин паччахь веара Москва

Эсаран (октябрь) беттан 5–7-чуй деношкахь официальни визитаца Москвахь хилира цуьнан Сийлалла, СаIудийн Аравин Паччахь Салман ибн Iабдель-Iазиз Аль-СаIуди.

Россин Президента В.Путина везаш тIеийцира Исламан Ши НиIмат Iалашдархо. Дикачу агIор хийцамаш хирг хиларна бIаьрла билгало ю иза. Цу тайппана визит ян аьтто баьлла, дукхах долчунна, СаIудийн Аравин Паччахьаллин Куьйгалхочо урхалла дарехь мехкан динан дахарехь сацам боллуш хийцамаш бина хилар бахьана долуш.

Билгалдаккха деза Россин а, СаIудийн Аравин а юкъаметтигаш чIагIъярехь Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана доккха маьIна лелийна хилар. Цуьнан аьтто белира Iаьрбийн пачхьалкхашца доттагIаллин уьйраш таса.

Эсаран (октябрь) беттан 8-чу дийнахь Россерчу СМИ-н векалшца Москвахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь СаIудийн Аравин МИД-н куьйгалхочо дийцира исламана тIехьа лечкъаш зуламаш даржочу экстремизмана дуьхьал шайн махкахь дIахьош болчу къийсамах лаьцна.

«Оха цхьаьнгга а дIасаяржайойтур яц жахьталлин, вовшашка цабезам кхолларан идеологи, оха цхьаьнгга а ахчанца кхачо йойтур яц оцу идеологина а, терроризмана а. Тхо чIогIа луьра ду оцу декъехь. Оха экстремизм лелорна балхара дIабаьхна масех эзар маьждигийн имамаш, оха модернизаци еш ю тхайн дешаран системина. Иза деш ду Къуръанан, хьадисийн харц маьIнаш ца дахийта».

2016-чу шеран мангалан (июль) баттахь Пачхьалкхан Консультативни советан вице-спикера Мухьаммад Аль-Джефрис Европарламентехь дIахьедар дира: «Шайх вахабизм олуш йолу динан мехаллаш тхан махкахь яц», – аьлла.

Ткъа оццу шеран чаккхенехь СаIудийн Аравехь дуьххьара пачхьалкхан тIегIанехь Мавлид дIаяьхьира. Вуьшта аьлча, даздира Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) вина де. Вахабиташ чIогIа дуьхьал бу цунна. Цара «бидIат» лору иза.

Вайна, КЦМСК-чу декъашхошна къаьсттина мехала ду 2016-чу шеран гIуран (декабрь) баттахь Дерригдуьненан исламан Лигин керла Генеральни секретарь Мухьаммад бин Iабдул Карим Аль Iисса, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжин Рамзана кхайкхарца, Соьлжа-ГIала веана хилла хилар.

Нохчийчоьнан Куьйгалхочо аьлла ма-хиллара, «ДоттагIаллин хьолехь къамел дечу хенахь, оха кхин цкъа а тIечIагIдира террористийн а, экстремистийн а гIуллакхийн мах хадорехь, шайн бакъйолу Iалашонаш уьш муьлххачу а кхайкхамашца а, идейшца а къайлаяхьа гIертарх, ойла, лаам цхьаьнабогIуш хилар. Къамелахочо билгалдаьккхира цIеяхна болу дуьненаюкъара террористаш Хаттаб, Абу Iумар, Абуль-Валид Аль-ГIимади, царах тера берш а СаIудийн Аравин а, я цуьнан халкъан а векалш цахилар, уьш хавариджаш хилар, цара СаIудийн Аравина дукха зенаш дина хилар».

Цо тидам тIебахийтира вай экстремистийн гIуллакхийн мах хадорехь а, цаьрца дIахьош болчу къийсамехь а исламан нийсачу некъа тIехь хиларна… Цо дийцира терроризмаца а, Исламан мостагIашца а къийсам дIабахьарна, нохчийн халкъ кIелхьардаккхарна Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас юкъайиллинчу йоккхачу хазнех лаьцна. Дерригдуьненан исламан Лигин Генеральни секретара хаийтира ша Нохчийчоьнан муфтиятаца а, Iеламнахаца а герггара цхьаьнагIуллакхашдан кийча хилар.

Дерригдуьненан исламан Лигас дIахьош йолчу хIорашеран конференцехь 2017-чу шеран бекарг (март) баттахь Маккахь тIеийцира ЖамIийн ДIахьедар. Цу тIехь билгалдоккху: «Исламан дуьненан граждански а, правительственни а ерриге а организацешка кхайкхам бо исламан лаккхара мехаллаш чIагIъяр доьхуш. Царна юкъадогIу вовшашна дезаш хилар, доттагIаллехь, собаре, тарлуш, маьрша дехаш хилар, къовсамаш, вовшах цакхетар, вовшийн цадезар а хиндолчух лардалар, иза цахилийтар. Кхета деза Кхоьллинчо вай тайп-тайпана долуш кхоьллина хиларх».

«Iилманан а, идеологин а декъехь исламан мазхIабаш тайп-тайпана делахь а, уьш исламан шариIатан ерриге а агIонаш юкъалоцуш хилар а, АллахIа Шен лайх бина къинхетам хиларан бакъдерг хилар а санна тIелаца дезаш ду. Ларлолаш кхечу мазхIабехь болчарна инкарло ярх, мазхIабашна а, динашна а юкъахь къийсамаш а, дов а хиларна бахьанаш луш дерг дIасадаржорах. Оцу тайпана гIуллакхаш дар зулам санна лара деза. Делахь-хIета, и дарна суьдехь жоьпе озо веза. Векал бинчу наха дуьхьало ян еза тайп-тайпанчу хьостанашкахула, цу юкъахь шуьйрачу хаамийн гIирсашкахула а, бусалбанийн вовшашка а, кхечу динехь долчу адамашка а, цабезам, инкарло кхуллуш болу хаамаш дIасабаржорна».

И беркате хийцамаш оха буьззина къобалбеш бу. Цо тешам кхуллу, бусалба кхайкхамашна тIехьа а лечкъаш, Каламан а, хьадисийн а харц маьIнаш а дохуш, зулам даржочу экстремизмана тIехь дуьненан ерриге а регионашкахь толам боккхург хиларх.

Тхо кийча ду СаIудийн Аравин бусалбанашца бакъдолу Ислам чIагIдарехь а, Исламана тIехьа а лечкъаш, амма Иблисан герз хилла дIахIоьттина экстремистийн гIеранаш дIаяхарехь а дерриге а дикачу гIуллакхашкахь цхьаьна болх бан.

Материал зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ

№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: