Россин Федерацин Талламан комитетан транспортехула йолчу Къилба талламан урхаллин транспортехула йолчу ХIинжа-ГIалин талламан отдело цIерпоштнекъашкахь йолу бакъонаш шайн берашна йовзийтарца доьзна дехар до дай-наношка.
ЦIерпоштнекъаца, тидам а боцуш, бер дита йиш яц. Дай-наношна хаа деза цIерпошнекъаца шаьш лаьттачу муьрехь шайн берийн куьг схьалаьцна я бер карахь хила дезаш хилар.
ЦIерпоштнекъан транспорт кхечу транспортал а тоьлаш ларалуш ю. Дицдан мегар дац цIерпошт сиха сацалуш цахилар: сохьтехь 60-70 км чехка йогIучу цIерпоштана саца 600-700 метр оьшу.
2017-чу шеран кхолламан (январь) баттера дуьйна схьа лерича, транспортехула йолчу ХIинжа-ГIалин талламан отдело Iуналла дечу субъекташкарчу (Дагестан, Нохчийчоь, ГIалгIайчоь) цIерпоштийн некъашкахь 23 стаг лазийна, царах 9 – кхиазхо. Иштта, 10 стаг кхалхар а нисделла, царах 2 кхиазхо ву.
Лазийначу 23-ннах 19 цIерпошнекъан транспорт тIекхетар бахьана долуш лазийна (5 – кхиазхо), иштта, цIерпоштнекъана леринчу сераша ток тоьхна 5 а лазийна (4 – кхиазхо).
ЦIерпоштнекъан транспортан объекташкара юкъараллин кхерамазаллин лехамаш:
— цIерпоштнекъашкахула дIасалелар дихкина ду;
— цIерпоштнекъаца дIасалелаш, адамна а, некъана а юкъахь 5 метр юкъ хила езаш ю;
— цIерпоштнекъаца кхозучу а, Iохкучу а серашна тIекхийдар а, дIадоьгIначу бIогIамашна а, лаьттачу вагонашна а, цистернашна а тIевийлар а мегаш дац;
— цIерпоштнекъан транспортана тIе а, тIаьхьа а кхийзавалар мегаш дац. ЦIерпоштнекъашкахула дехьаваларан кхерамазаллин лехамаш:
— къастийначу меттигашкахула бен дехьавала магош дац, цIерпоштнекъ а хадийна;
— цIерпошт некъа тIехула цIерпоштнекъан транспорт ю-яц хьаьжний бен дехьавала магош дац;
— цIерпоштнекъа тIехула дехьаволуш вагонашна а, цистернашна а кIелахула дехьавийлар магош дац.
— цIерпоштнекъана тIекхаьчча, серлонан а, татанийн а билгалонийн тидам бан беза.
ЦIерпошт ларъяран кхерамазаллин лехамаш: лаьттачу вагонашна тIетеIа мегаш дац; цIерпошт сацаран муьрехь цунна а, адамна а юкъахь 2 метр хила еза; платформи тIехь бераш ловзийтар магош дац; схьайогIуш (дIайоьдуш) цIерпошт а йолуш, платформи тIехула идар магош дац.
Вагона чухааран а, охьавоссаран а кхерамазаллин лехамаш: вагонна тIевахар а, чухаар а, охьавоссар а цIерпошт сецначул тIаьхьа бен магош дац; вагонна чухаарехь а, охьавоссарехь а кхечу пассажирашна новкъарло яр магош дац.
ЦIерпоштнекъан бакъонаш а талхош, шайн могашалла а, дахар а кхерамна кIел туьйсучу берашна тIех а дуьйлуш, дIаса ма лела: тахана аш нехан бер лардийр ду, кхана, кхечара, оццу хьолехь шун бер лардан тарло.
Кхочушбан хIумма а хала боцу хIара лехамаш (лакхахь билгалбаьхна болу – авт.) аш кхочушбаро шун а, шун берийн а, гергарчийн а, бевза-безачийн а могашалла а, дахар а лардийр ду!
К.МАГОМЕДОВ,
отделан куьйгалхочун декхарш кхочушдийриг, юстицин капитан
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо