Ши гIуллакх дийцаре дира
Сайдуев Юсупа куьйгалла а деш, рогIера кхеташо дIаяьхьира Нохчийн Республикин Парламентан законодательствон а, пачхьалкхалла дIахIотторан а, меттигашкахь шаьш урхалла даран а комитетехь.

Цигахь дийцаре дан юкъадиллинарг ши гIуллакх дара: Россин Федерацин Пачхьалкхан Думо Нохчийн Парламентан депутаташ хьовсийта яийтина федеральни законан проект а, ткъа иштта Яраславлан областан Думин законодательни дIадолор а.
Комитетан декъашхоша шуьйра йийцаре йира «Россин Федерацехь меттигашкахь шаьш урхалла дар вовшахтохаран юкъарчу принципийн хьокъехь» долчу Федеральни законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу Федеральни законан проект. Ша аьлча, и хийцамаш хьакхалуш бу муниципальни цхьаьнакхетараллин мохк (территори) тобеш-хазбаран декъехь долу декхарш билгалдахарх, хьан хIун дан деза бохург къасторах.
Комитетан декъашхоша цхьабарт хуьлуш, сацам тIеийцира юьйцуш йолу законан проект Нохчийн Республикин Парламентан Советан рогIерчу кхеташонехь йийцаре яйта юкъайилла. Иштта, депутатийн барт хилира «Россин Федерацехь меттигашкахь шаьш урхалла дар вовшахтохаран юкъарчу принципийн хьокъехь» долчу Федеральни законан 17-чу статьяхь хийцамаш баран хьокъехь» Ярославлан областан Думо Россин Пачхьалкхан Думе дина законодательни дIадолор а Нохчийчоьнан Парламентан Советехь дийцаре дайта юкъадилла.
Бахархошца болх бо
ТIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда кхетош-кхиоран Цхьааллин концепци кхочушъяран гурашкахь Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа масех кIоштарчу бахархошца цхьаьнакхетарш дIадаьхьира. Иштта, депутаташ Делимханов Сулумбек а, Манцаев ВахIид а цхьаьнакхийтира Шелковски кIоштарчу Карагалински станицерчу бахархошца. Цара дийцаре дира ийманехь, оьзда кхетош-кхиорехь къаьсттина мехала долу гIуллакхаш. Экстремизмаца а, терроризмаца а къийсам дIабахьарца доьзнарш ду уьш.
Шайн къамелашкахь депутаташа бахархойн тидам тIебахийтира шайн бераша лелочунна тIехь сема терго латто езаш хиларна. Цара чIагIдарехь, дай-наношна хаа деза шайн бераша хьаьнца гергарло леладо, церан уьйраш хьаьнца ю, довза деза церан хьашташ, ойла тIехь лаьтташ йолу хIуманаш. Бераш лардан деза шайх зулам долучу сайтех.
Вайн къоначу чкъурана юкъахь кест-кеста хаало корта бахош йолчу молханех а, маханех а, наркотикех а пайдаоьцуш берш. Цундела, депутаташа дай-наношка дийхира шайн бераш оцу зуламах лардар, деш-дуьтуш доцуш, юьрта юккъехула кхерсташ цалелийтар. Берийн ойла дикачунна тIеерзо хаа деза дай-наношна.
Иштта, Нохчийчоьнан законаш дахаран лаккхарчу органан декъашхой Висмурадов Абу-Хьасайн а, Саказов Асламбек а Гуьмсан кIоштарчу Хошкалда юьртарчу бахархошца цхьаьнакхийтира. Цара цигахь коьртачу декъана дийцира интернето тIекхуьучу къоначу тIаьхьенна бечу вуочу тIеIаткъамах лаьцна.
Депутаташа дай-наношка дийхира интернетехь берашна хазахетарг хIун ду хьовсар, компьютера хьалха хевшина уьш дукха цаIайтар. Интернета чохь гойтуш мел дерг бакъ а, нийса а хета кхиазхошна а, кегийрхошна а. Иза иштта цахиларх уггаре а хьалха дас-нанас кхето беза уьш, билггал масалш а, делилаш а далош.
Цуьнца цхьаьна Парламентан декъашхоша дийцира наркотикех пайдаэцарх, цаьрга марздаларх долуш долчу зуламах лаьцна. Депутаташа чIагIдеш ма-хиллара, шайгара зуламаш долуш болу кегийрхой, коьртачу декъана наркотикашка марзбелла хуьлу я корта бахош долчу молханех пайдаоьцуш хуьлу.
Оцу вуочу марздаларех къона тIаьхье ларъярехь доккха маьIна лелон декхар ду да-нана. Уггаре а хьалха царна ган деза шайн йоьIан, кIентан амал, лелар, ойла хийцалуш хилар. Иза чIагIдора депутаташа а.
Дешар даима а ду коьрта
Нагаев Iаднана а, Тагиев Мурата а цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийчоьнан юкъарадешаран учрежденийн дай-нанойн союзан председательца Агаева Яхица. Цигахь дакъалоцуш яра Россин Федерацин дешаран сийлаллин белхахо Битигова Сацита. Законаш дахархошна цара дийцира дай-нанойн союзо бечу балхах лаьцна, цо дешаран гIуллакхна бечу дикачу тIеIаткъамах лаьцна.
Коммерцин йоцчу организацешна Нохчийн Республикин Куьйгалло а, федеральни центро а юкъаялийначу грантийн хьокъехь къамел а хилира церан.
Цхьаьнакхетар дерзош парламентареша а, дай-нанойн союзан векалша а дийцаре дира кхидIа а цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш. Билгалдехира оцу декъехь дан лерина гIуллакхаш.
Д.АНАДЕВ
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо