Боксехула йолу Роccин чемпионат дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь

Эсаран (октябрь) беттан 9-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу Ахтаев Увайсан цIарахчу Волейболан цIийнехь чекхъелира оцу беттан 1-чу дийнахь дIайолийна йолу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан совгIат къовсаран Россин боксехула йолу 26-гIа чемпионат. Ринга тIехь къовсавелира Россин Федерацин 85 регионера 320 спортсмен.

Финалан де гайтаман латарш дIадахьарца дIадолийра КадыровгIара Ахьмада а, Iелас а, Адама а. Цара тIехдика бокс а гайтира, шайца къовсалуш берш эша а бира, «Ахмат» боксерийн клубан финалистийн дог-ойла а айъира.

Пьедесталан лакхарчу тIегIане велира Хатаев Шамиль (75 кг.), Абдурашидов Iадлан (64 кг.). ШолгIа меттигаш ехира Бакаев Iалихана (64 кг.), лазорна юкъара вала дезначу Хатаев Имама (81 кг.).

Йоьза мидалш ехира «Ахмат» боксерийн клубан 4 векала: Солтуханов Эльбруса (52 кг.), Мальсагов Шемала (69 кг.), Тапаев Iабдул-Керима (75 кг.), Мансуров Шемала (91 кг.).

Нохчийн Республикин цхьанатоьхначу командо командашнаюкъахь хьалхара меттиг яьккхира.

Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана инстаграмерчу шен агIонехь билгалдаьккхира чемпионатана кечамбар лаккхарчу тIегIанехь дIадаьхьна хилар.

«Берриге а дакъалацархой реза а болуш, дика вовшахтоьхнера чемпионат. Цуьнца доьзна суна баркалла ала луур ду Нохчийн Республикин Боксан федерацин президентана, «Ахмат» республикин спортан клубан коьртачу директорна Эдилов Валидна а, Нохчийн Республикин физически культурин а, спортан а министрана Хизриев Хасмохьмадна а, иштта, чемпионат вовшахтоьхначарна а, хьешашна а, дакъалацархошна а. Ас декъалбо толамхой а, совгIатан меттигаш яьхнарш а, уьш керлачу кхиамашка кхочийла а лаьа суна», – яздо республикин Куьйгалхочо.

I.МУРТАЗОВ

№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: