Тхан рузма

Эсаран беттан 18-гIа де, 1943 шо. Нажи-Юьртан кIоштан Зандакъахь вина Оздарбиев Майради, экономикин Iилманийн кандидат, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.

1962-чу шарахь чекхйоккху Нажи-Юьртара юккъера школа. Цул тIаьхьа, кхаа шарахь Эскарехь гIуллакх дой, М.Ломоносовн цIарахчу Москварчу пачхьалкхан университете (МГУ) деша воьду.

ТIехдика дешарца и чекхъяьккхинчул тIаьхьа, циггахь очни аспирантурехь доьшу. 1976-чу шарахь кхиамца чIагIйо экономикин Iилманийн кандидатан диссертаци.

Белхаш бина Москварчу кхачанан производствийн пачхьалкхан университетехь (политэкономин кафедрин доцент, куьйгалхо), М.Ломоносовн цIарахчу Москварчу пачхьалкхан университетехь (хьехархо, дешаран а, Iилманан а декъехула проректоран заместитель), 1990-чу шарахь дуьйна Нохчийн пачхьалкхан университетехь («Экономика а, производствона урхалла дар а» кафедрин куьйгалхо, финансийн-экономикин факультетан декан).

Цхьана юкъана Нохчийн Республикин корматаллин дешаран а, Iилманан а министр лаьтта.

Iилманан 50 сов белхан автор. Иза вевзара похIме Iилманча а, Iилманан дика вовшахтохархо а санна. Кхалхар хилла 2003-чу шарахь.

Эсаран беттан 20-гIа де, 1937 шо. Вина Бексултанов Iумар, композитор, Нохч-ГIалгIайн АССР-н искусствийн хьакъволу деятель. 1964-чу шарахь кхиамца чекхъяьккхина Ленинградера Римский-Корсаковн цIарах йолу консерватори. Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн музыкин училищехь хьехархо, директор, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан музыкин кафедрин заведующи волуш.

Республикин музыкин искусствон хазна хилла лаьттачу дуккха а произведенийн автор ву I.Бексултанов: «Турпалаллин симфони», «Н.Музаевн стихашна оратори», «Вайнехан эскизаш», «Сан Даймохк» сюиташ, цо мукъамаш баьхна Х.Нурадиловн цIарахчу драмтеатро хIиттийначу спектаклашна а («Совдаттий, Дауддий», «ПетIамат», «Асланбек Шерипов»…).

Композитора уггаре а чIогIа дозалла дийриг Нохчийн Республикин гимнан музыкин автор хилар ду. Атта ца хилла композиторан дахаран некъ. Ненаца а воцуш, махках ваьккхира. ДIакхаьчна ахшо далале мацалла кхелхира да. Цул тIаьхьа берийн цIа, махках, маттах, дех-ненах, ур-аттал церан цIерш а ца хууш, кхиар. Цуьнан шен Даймахка цIаверзар а дара хьуьнар.

Кхелхина 2014-чу шарахь.

№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: