Дукхах болчу вайнаха самукъадаларца тIелаьцна Советийн Iедал. Хазачу хабарех Iехалучу нохчашна тайна большевикаша говза деш долу къамелаш. Iедале богIучу муьрехь большевикаша тешийна миска адамаш шайн къаьмнийн политикех. ЧIагIонаш йина гIалагIазкхаша дIалаьцна латтанаш юхадерзо, пIерасканде мукъа дита, къонахаша лелочу герзана тIе ца кхийда. Оцу хабарех тешначу вайн махкахоша Советийн Iедална тIамца дуьхьалваьлла инарла Деникин эккхийна, цул тIаьхьа дебна кхийолу зуламе тобанаш а хIаллакйина.
Амма ХХ-чу бIешеран 20-чу шерашкахь Советийн Iедало юкъаяьккхинчу «Продразверстка» бахьанехь дIабуьйлало дуьххьарлера Iоттабаккхамаш. И бахьанехь а сайри чохь ялта дуьтуш ца хилла, кхо уьстагI болчо шиъ дIабала безаш хилла, ура-атталла. Хьаналчу къинхьегамца напха доьзална латтош болчу вайнахана товш ца хилла керла деанчу Iедало сурсатех иштта сутара кадеттар. ЧIагIдала доьллачу советийн Iедало ялта, жижиг, даьтта дIа ца луш дуьхьал ваьлларг, «Кулак» цIе а туьллуш, махках воккхуш хилла. Iедало олалле ерзийна ямарт харцо лалуш ца хилла вайн махкахошка. Цундела цхьацца дуьхьалонаш ян гIиртина пекъарш.
ТIаккха Iедалан луьрачу таIзарех хьулбала хьаннашкахь лечкъа дезна церан «Обарг» цIе тилларо еххачу ханна бевза-безачарех хадош. Цул сов, бIешерийн кIоргенера, вайнаха хIайкал санна, лардеш схьадеанчу бусалба динна дуьхьал бевлла большевикаш, къинхетамза Iеламнах хIаллакбеш. Делахь а, суна уггаре а коьрта хета бахьана кхин ду.
1929-чу шеран гурахь дукхахболчу нохчаша, вовшашца барт бой, пачхьалкхана цхьа цинц а ялта дIа ца луш дуьхьало йо. 1930-чу шеран бекарг (март) беттан хьалхарчу деношкахь Къилбаседа Кавказан крайкомехь кхеташо дIахьо. Йийцаре ян юкъайиллинарг нохчийн къоман аьрха амал а йолуш. Кхеташоно сацам тIеоьцу нохчашка герз охьадуьллуьйтуш, леррина операци дIаяхьа. Оцу гIуллакхна боккха бIо вовшахтуху Iедало: НКВД-н йиъ гIашлойн полк, кхоъ дошлойн полк, партизанийн (деша спецназ) ши полк, шиъ стрелкови батальон, кхаа кеманах лаьтта авиатоба.
Нохчашка герз охьадиллийта Iедало араваьккхинарг верриге а виъ эзар сов салти вара, юьхьардерзийначу гIуллакха тIехь церан кхиам хилийта 19 йоккха топ, (артиллерия), 28 пулемет елира цаьрга. Милцой, коьртачу декъана, хIирийн къомах бара, царна юкъахь гуьржий а, эрмалой а, суьйлий а бара.
1930-чу шеран бекарг (март) беттан 14-чу дийнахь дIайолийна леррина операции оханан (апрель) беттан 12-чу дийне елира. Нохчийчоьнан ерриге а ярташкахула, кIотаршкахула герз лохуш чекхбевллачу салташа 500 гергга стаг вийра, 200 гергга стагана чевнаш йира, 150 гергга стаг лаьцна набахти чу волла дIавигира.
И тайпа леррина операцеш НКВД-с 1932-чу шарахь а, 1934-чу шарахь а йира. Операцийн Iалашо цхьаъ яра – миска адам кхерадар, иза Советийн Iедална тIедерзор. И тайпа таIзарш СССР-н массо а маьIIехь латтийна, малхбалера малхбузе кхаччалц. Мелла а тийна даьхкинарш 1935–1936-гIий шераш ду. Иза а Советийн Iедал керла Конституци тIеэца кечлуш хиларца доьзна дара.
1936-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 5-чу дийнахь тIеэцна «Сталинан» олуш хилла Конституци. СССР-хь долчу Iедална резайоцчу кхечу пачхьалкхашкарчу политикин гIуллакххоша тоьшаллаш дарехь цу заманан хьелашца дустар дича демократин мехаллашна тIетевжаш язйина Конституци яра иза. Сталин Иосиф чIогIа реза хилира Конституцина.
Амма коммунисташ резабоцуш, могIанаш хилла цунна юкъахь. Мехкан куьйгалхо къайлах кхаж тосуш харжа везаш хилла Конституцис, могIарерчу адамашна лучу бакъонашца. Ткъа «продразверстка», «коллективизаци» дIаяхьарехь а, динца къийсам латторехь а, алссам шайгара къизаллаш гайтина болу мехкан куьйгалхой шек хилла иштта бан леринчу харжамийн жамIех. Халкъо шаьш даржашка кхин цкъа а хоржур боций хуучу цара, питанаш долийна Конституцис халкъана лучу бегIийлашна дуьхьал.
Царах цхьа питана ду «халкъан мостагIий» лахар. Уьш лахарна бухе йиллинарг НКВД-н куьйгаллехь хиллачу Ежов Николайн доклад ю. «Уроки вредительства диверсий и шпионажа японско-немецко-троцкистских агентов». Иштта, йоккха, еха яра Ежовн докладан цIе. НКВД-н комиссаран къамело таро елира 1937-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь Кремлехь ЦК-н КПСС-н пленуме гулбеллачаьрга «мехала» сацам тIеэцийта.
«Халкъан мостагIашца» луьра къийсам латторах а, ца хуьлучу далахь, уьш хIаллакбарх а бара пленумо тIеэцна сацам. Билгалдаккха догIу пленумехь къамел динарг 72 стаг хилар а, царах 52 пленумехь дIалаьцна набахти чу воьллина хилар а, тIаьхьуо, царна тоьпаш тоьхна хилар а. Кхин шиъ чувоьллинчохь, набахтин къизалла ца лайна, велла. Иштта, пленумехь хилла «Известия» газетан коьрта редактор Бухарин Николай 1937-чу шарахь бекарг (март) беттан 15-чу дийнахь чувоьллина, тоьпаш тоьхна.
1937-чу шеран хIутосург (май) беттан 14-чу дийнахь чубоьхкинчу инарлашна Тухачевский Михаилна, Якир Ионна, Уборевич Иеронимна асаран (июнь) беттан 11-чу дийнахь тоьпаш тоьхна. Советийн Iедалан доза доцчу къизаллин юьхь яра иза. Бутт батте балале, цуьнан шийла тулгIенаш къинхетамза йоккхачу СССР-н массо маьIIе а кхечира: Украине, Беларусе, Сибрех, Кавказе. Бехк боцу адамаш къизаллин чархо юкъаийзош дара.
1937-чу шеран мангалан (июль) беттан №00447 йолу кхин цхьа Указ а куьг яздайта йолчу Iалашонца Сталинна хьалха диллира НКВД-на куьйгаллехь волчу Ежов Николайс. Советийн Iедална дуьхьал а йолу элементаш барт хаттар, кхел яр доцуш, хIаллакьян езаш хиларан хьокъехь дара и Указ. Цунна тIе куьг яздира Сталина, кхочушдан ши-кхо бутт хан луш.
Операци 1937-чу шеран хьаьттан (август) беттан 1-чу дийнахь дIайоло езаш яра. Амма и Указ юкъадаларе сатуьйсуш Iийча санна, Нохч-ГIалгIайн Республикин НКВД-с мангалан (июль) беттан 31-чу дийнахь дIайолийна, Iуьйре тIекхачале чекхъяьккхира иза. Цхьана буса Нохч-ГIалгIайчуьра 14 эзар стаг чувоьллира.
Бакъду, цу тIехь дIа-м ца бирзира вайн дайшкахь латтийна бала. СССР-рчу коммунистийн коьрта долчу «Правда» газетан агIонаш тIехь 1937-чу шеран товбецан (сентябрь) баттахь зорбане елира йоккха статья. «Нохч-ГIалгIайн Республикера националистийн-буржуазийн бен» хIаллакбаре кхойкхуш, дуьнене а шийла орцадохуш вара статьян автор. Жимма а хьекъал долчу стагана гуш дара статья диканна язйина цахилар а, цуьнан тIаьхье белхаме хирг хилар а.
Дукха хан ялале «Правда» газетан агIонаш тIехь зорбане яьллачу статьян лорах (1937-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 7-чу дийнахь) Соьлжа-ГIала СССР-н чоьхьарачу гIуллакхийн наркоман Ежов Николайн заместитель Шкирятов Матвей кхечира, шеца чекистийн йоккха тоба ялош. Цо тIедилларца Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н обкоман куьйгалхоша сихха пленум вовшахтуьйхира. Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а кIоштийн а, яртийн а, кIотарийн а куьйгалхой бара пленуме схьакхайкхина.
Иштта, схьагулбинера яздархой, журналисташ, Iилманчаш. Протоколан низамна, маьршачу адамашна юкъахь лелочу гIиллакхашна петохарца дIадолийра Кремлера веанчу хьешо къамел. Маьттаза, чорда, шога дара юьхьанца дуьйна, чекхдаллалц, Шкирятов Матвейн къамел. Цо дийцарехь Нохч-ГIалгIайн Республика обаргийн бен бара, ткъа куьйгаллехь болу хьаькамаш и обаргаш кхобуш, царна кхерамзаллин бен латтош бара. Цхьана а кепара шеко йоцуш, «иштта хьал» лан дагахь яцара парти а, Правительство а.
Эсаран (октябрь) беттан 8–10-гIий деношкахь бира пленумо болх. ЧугIорта меттиг йоцуш, гулделла адам дара иза дIахьочу Соьлжа-ГIаларчу Заводскойн кIоштан Ленинан цIарахчу культурин цIийнехь. Къамел дIадолош ша тийсина кхерамаш кхочушбарца берзийра Москвара веанчу хьешо пленуман болх.
Шкирятовс тIедилларца пленум чеккхйолуш, чекисташа набахти чубохка дIабигира Нохч-ГIалгIайн Республикин министрийн Советан председатель А.Горчханов, цуьнан заместитель I.-Хь.Саламов, Нохч-ГIалгIайн Респуликин исполкоман жоьпаллин секретарь З.Межидов, Нохч-ГIалгIайн Республикин КПСС-н шолгIа секретарь Х.Вахаев, КПСС-н обкоман культурин отделан куьйгалхо М.Мамакаев, латталелоран нарком А.Мальсагов, могашалла Iалашъяран нарком С.Казалиев, промышленностан нарком К.Ужахов, финансийн нарком Г.Гойгов, дешаран-серлонан нарком Х.Окуев, Нохч-ГIалгIайн Республикин Лакхарчу суьдан суьдхо М.Ханиев, Республикин прокурор Х.Мехтиев, планийн комиссийн председатель М.Исламов, Нохч-ГIалгIайн Республикин Iилманийн-талламан институтан директор С.Арсанов, Республикин радиокомитетан председатель Ш.Айсханов, Нохч-ГIалгIайн Яздархойн союзан председатель С.Бадуев, «Ленинан некъ» газетан коьрта редактор Х.Арсанукаев, къоман театран директор Х.Яхшаатов, къоман музейн директор Э.Шерипов, филармонин директор Г.Мепурнов, «Водоканалтрестан» директор М.Шатаев, адвокатийн коллегин председатель Д.Шерипов, банкан урхалча М.Чекуев, махлелоран урхалча А.Эльдерханов, ялта Iалашдаран (загот.зерно) конторан урхалча К.Арсанукаев, «Нохчийн меттан Iилманан грамматика» цIе йолчу жайнин авторш: профессор Х.Яндаров, доценташ Д.Мальсагов, А.Мациев, яздархой А.Нажаев, М.Сальмурзаев, I.Дудаев, иштта дуккха а кхиберш а.
Нохч-ГIалгIайн Республикин ерриге а кIоштийн КПСС-н райкоман секретараш бара царна юкъахь: Шахгиреев, Бектимиров, Эдиев, Плиев, Азиев, Ханиев, Гугаев, Казалиев, Джабраилов, Ведзижев, Омаров, Чапанов, Эльдерханов, Джафаров, Гамурзиев, Зармаев, Мунаев. Цаьрца цхьаьна чубоьхкинера республикин 28 кIоштан исполкомийн председательш. Вайнехан къомах хилчахьана, кхин бехкаш а ца лоьхуш, ерриге а яртийн, кIотарийн юьртадай а, колхозийн председательш чубоьхкинера. Нохч-ГIалгIайн Республикин а, кIоштийн а куьйгалхойх чувоьллинарг, верриге а 137 стаг вара.
Ткъа 1937–38-чуй шерашкахь бехк боцуш, таIзар текхнарг вайн махкара 200 эзар гергга стаг вара, дуьненна вевзачу историка Медведев Ройс чIагIдарехь. Набахтешкахь меттигаш ца тоарна «Грознефть» цхьанакхетараллин гаражашкахь, пожарни депохь, НКВД-н казармашкахь латтош хилла чубоьхкинарш.
Цаьргахь латтийна таIзарш вайна дуьйцуш хезна. Царна юкъахь цIабирзина, шайн доьзалех дIакхета ирс хилларш а бу.
ЦIаберза рицкъ ца хилларш а, мел халахеташ делахь а, кIезиг бац. Къинхетамза тоьпаш тухуш дукха адам хIаллакдина НКВД-с Соьлжа-ГIаларчу Дзержинскийн урамехь хиллачу набахтехь, Шериповн цIарах болчу урамехь №7/20 лаьттинчу гIишлошкахь хиллачу НКВД-н набахтехь, Чеховн цIарах болчу урамехь хиллачу «Андреевски банехь».
Леррина майда хилла НКВД-н Соьлжа-ГIалара а Чурт-ТогIе боьдучу новкъахь. Цигахь тоьпаш тоьхнарш Соьлжи чу кхуьйсуш хилла.
«Iуьйранна Соьлжера зударий хи йисте гIоьртича, цIен бос оьций хуьлура охьадогIу хи», бохуш дуьйцура и эрчо гиначара. Суна цхьадолу хIуманаш хиъна Соьлжерчу Куйбышевн цIарахчу колхозан председатель хилла сан деда Газиев Рамзан бахьана долуш. Iедалан къизалла лайна, инзаре халчу зерех чекхваьлла вара иза.
Бакъду, наггахь бен дийца-м ца дуьйцура цо Iедало шайгахь латтийнарг. Кху деношкахь 80 шо кхочур ду бехк боцу вайн махкахой хIаллакбан болийна, цаьрга набахтийн Iазап хьегийтина. Царах цхьа а дийна вац. Амма вайн бакъо яц цара лайна баланаш бицбан. И бохам тхан цхьана доьзале беана Iаш бац.
Оцу муьрехь къизаллин бодано ерриге а Нохч-ГIалгIайчоь хьулйина хилла, хIора кхерчахь дегаIийжам латтош. Тахана маршонан маьлхан зIаьнаршкахь хьалакхуьучу чкъурана мехала хир ду аьлла хета суна шайн къоман историн йочанийн денойх дерг хаар…
А.ДАЧАЕВА
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо