Цхьана гулахь дуккха а нохчий бехачу Россин гIаланех цхьаъ ю Аштаркхне. Цигахь бехаш-Iаш, цхьана ханна балха бахана, доьшуш болчу нохчашна шатайпа децIа хилла лаьтта оцу гIалахь вовшахтоьхна «Вайнах» юкъаралла.

Даймахкаца зIе латторехь а, меттигерчу бахархошца, Iедалца доттагIаллин а, гIуллакхаллин а юкъаметтигаш лелорехь а, дахаран хьелашца доьзна гIо-накъосталла эшначохь а оцу юкъараллера доккха гIо хуьлу цигарчу нохчашна. Юкъараллин белхан цхьа дакъа ду оцу гIала деша баьхкина студенташ шайн тергонехь латтор а.
Иштта, дика ламаст хилла схьадогIу «Вайнах» юкъараллин куьйгалхойн хIора дешаран шо долалуш Аштаркхнерчу медицинин академин студенташца цхьаьнакхетарш дIадахьар. И ламаст ца дохош, карара дешаран шо долалуш а «Вайнах» юкъараллин куьйгалхо Байсангуров Iадлан а, цуьнан заместитель Акаев Хьасамбек а цхьаьнакхийтира студенташца.
Шайн юкъараллин балхах лаьцна дийцина ца Iаш, цара кегийрхошна довзийтира гIалара хьал, дийцира цигахь дехачу къаьмнех, церан гIиллакхех, юкъараллин меттигашкахь лардан дезачу низамах. Шаьш кхузахь ларйийриг нохчийн къоман юьхь юй а хууш, дика дешаре а, оьзда леларе а, гIиллакхе хиларе а кхайкхира цара студенташка. Хийрачу гIалахь иштта тIетевжийла шайн хиларх там хилла бисира студенташ а.
Хь.АБАЕВ
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо