2016-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 22-чу дийнахь ирча кхаъ баьржира Нохчийчохь. Цхьана а нохчичунна бакъдан а, тIедита ца лаьара Дагаев Валид вац бохург. Иза нохчийн къоман яхь, юьхь, эхь-бехк, доьналла, дозалла, Нохчийчоьнан сирла аз дара.

Цуьнан башхачу иллеша Даймохк беза а Iамийнера вай, къеначу ден хама-пусар, ненан сий дан Iамийнера. Цара хаддаза вайга нохчалле кхойкхура, ворхIе дех дисина гIиллакхаш лардаре кхойкхура, машаре, син-маршоне, дай баьхна латта дезаре кхойкхура. Уьш дерриге а бакъболчу къонахийн иллеш дара.
Шен хаза кIайн куьйгаш
Цо хьоьца дилирий?..
Шен деган къайленаш
Цо хьоьга йийцирий?
Хьо, шовда ма сихло,
Саз-латта ма айде…
Ца яьккхи хьоьга цо
Шен дагахь волчун цIе?
60 шарахь гергга нохчийн къоман музыкин культура кхиорехь хьанал къахьегна Дагаев Валида. ХIокху деношкахь шо кхечи иза вайца воцу. Суна ца хаьа Валид воцуш вай муха мега!? Делан къинхетам бу цуьнан башха иллеш вайца даха дисар. Цара гIо-накъосталла дийр ду, ницкъ лур бу, Дала мукъ лахь, и иэшам лан а, заманан йохалла цкъа а РСФСР-н халкъан артист Дагаев Валид виц ца валийта. Халкъо дозалла дечу къонахех цхьаъ вара иза. Дала декъалвойла иза!
БЕРАЛЛИН ШЕРАШ
Соьлжа-ГIалин йистошца Iуьллучу БухIан-Юьртахь 1940-чу шеран асаран (июнь) беттан 30-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла вара Дагаев Валид. Цуьнан да ШитIа мехкадаьтта доккхучохь болх беш вара. Нана Кулсум, муьлхха а нохчийн зуда санна, кхерчан деза дукъ дIакхоьхьуш яра. Валид воцург кхин а кхо кIант вара доьзалехь. Царах шиъ Валидал воккха вара. Цуьнан жимах волу ваша Рамзан хIинца а волуш ву. Бераллин шераш къаьхьа хилла вайн турпалхочун.

1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чу дийнахь Сталинан хьадалчаша махках бехира вайнах. Оцу декъазчу декъехь бара БухIан-Юьртарчу Дагаев ШитIин доьзал а. Мацалла, шело, харцо, ямартло, къизалла лан дийзира. Массо а хIуманал лазаме дара доккхуш сагIа, хьарчош марчо доцуш, некъан бохалла охьадохку декъий. Хуьлуш лаьттарг хIун ду хууш ца хиллехь а, жимачу Валидан иэсехь массо а ханна даха дисина дегаIийжаме суьрташ дара уьш.
Кхин дика хьал Казахстане дIакхаьчча а ца хилира. Изза мацалла, ямартло, къизалла, таIзарш… БухIанюьртахой Казахстанан коьртачу шахьарна Алма-Атана гуонаха Iохкучу поселкашкахь дIатарбинера. Кировн цIарах йолчу поселкехь совцийра ДагаевгIар. Кхузара адамаш мелла а къинхетаме, адамалла йолуш хетара. Цундела, Валидан дагалецамашкахь казахаш бисинера. Цара кховдийна баьпкан юьхк хьанна а деза, доккха совгIат хетардолуш зама яра иза. Мел жима хиллехь а, Валид-м жа дажийна а, рема яжийна а шена сискал йоккхур йолуш хиллера.
Зама Iаламат хала, чолхе хиларна, 1947-чу шарахь Киров поселкерчу школе деша ваханехь а, деа шарахь бен доьшийла ца хьулуш, юкъаравелира кIант. Дийнахь сарралц уьстагIий дажош, ша шен самукъадоккхуш, цхьацца забаре иллеш, юкъ-кара назма олура цо. Иштта, гучуделира цуьнан зевне аз хилар. Дукха жимачохь дуьйна, дечиг-пондар безабеллера цунна.
Цхьа стоммо сара схьаоьций, «дечиг-пондар» локху сурт хIиттош цу тIе деттий, даалой хуьлура Валидан куьйган пIелгаш. Аганара гIаьттичахьана самукъане бер а дара иза. Нанас локхуш хезна, мехкарша белхех локхуш хезна забаре дукха байташ хаьара цунна.
Когахь мача яцахь а, куьйган пIелгаш даьIнаш девлла делахь а, байташ дIаала аьлла шега дехар дича, дог резадой дIаолура кIанта, уьш шовкъечу хелхарца ерзош. Къоман хелхаршка, мукъамашка кIентан безам чIогIа хилар хааделлачу дейишас совгIатана дечиг-пондар ийцира Валидана. Дийнахь, буса уллера дIабоккхуш бацара цуьнан пондар. Сема лерса долуш волчу цунна, сиха Iемира пондар. Шо шаре далале, ДагаевгIар Iаш болу Кировн поселок хIунда юьйцура, Алма-Атахь а тIехь хууш дара нохчийн къона иллиалархо кхуьуш хилар.
ДАЙМАХКА БОГIУЧУ НОВКЪАХЬ
1956-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Москвахь Советийн Союзан коммунистийн ХХ-гIа гулам хилира. Цигахь Хрущев Никитас билгалдаьккхира Сталин Иосифан бага хьоьжуш Iийначу коммунисташа шайгара Iаламат дукха гIалаташ дийлийтина хилар. Хрущев Никитас тIечIагIдарехь гIалатех цхьаъ дара дийнна халкъаш шайн ворхIе дай баьхначу лаьтта тIера бехк-гуьнахь доцуш, дохийна хилар. И гIалат нисдан дезаш хилар дIахаийтира цо. Махках даьхначу кхечу халкъашна санна, вайнахана а мерза кхаъ хилира Хрущевс динчу къамелах.

1957-чу шеран кхолламан (январь) беттан 9-чу дийнахь шуьйрачу хаамийн гIирсаша зорбане баьккхира вайнах цIаберзоран хьокъехь болу хаам. Ткъа Алма-Атахь дIадолийра культурин белхахой тIегулбар. Соьлжа-ГIалара леррина оцу гIуллакхна Алма-Ата веъна Халебский Александр а вара.
Цунна хьошалла деш хьалхаваьлла Татаев Ваха, Хамидов Iабдулла вара. Казахстанан радиочухула хаам бира Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамбль вовшахтухуш хилар хоуьйтуш, хелха бовла, илли ала говза болу кегийрхой, мехкарий тIебоьхуш. Татаев Ваха Казахийн оперин театрехь администраторан болх беш хиларх пайдаоьцуш, цигахь дIахьош дара къона артисташ къастор. Цкъа а артист хила дагахь ца хилларг, шен верасех цхьаъ артист хилча а ца мегар верг а казахийн оперин театрана герга гIерташ вара, сихха Даймахка цIаверза йолчу Iалашонца. Иштта, кхечира цига вежарий ДагаевгIар а.
Валид 17 шо кхачаза вара. Цундела цунна хьалха ваьлла воккхахволу ши ваша: Ваха, Хьамзат вара. Кхоъэ а ваша шайн хелхарийн похIма гайта тергамхошна хьалха хIоьттинера. Церан хелхарш массарна а тайра. Ваха, Хамзат дIаийцира хелхарийн тобане. Ткъа Валиде, вовшашца дагабевлла тергамхоша хаттар дира: «Дечиг-пондар хIунда лелабо ахь?».
«Тахана санна, дог доьхначохь лакха лелабо-кх», – жоп деллера Валида.
«ДIалакхал делахь!» – тIедожийра Татаев Вахас.
Дагаев Валида тIаьхьара забаре байташ а ялош, Iанабахийтира шен карара дечиг-пондар. Байташ чекхйовлийтина Халебский Александра элира: «Иштта илли ала хууш хилча, хьо хIунда гIерта хелха вала? Хьан санна аз хилча, илли цаалар Делах а эхь ма ду!».
Жимачу стеган дог кийрара схьадала санна, тохаделира.
«ХIара, Дагаев Валид, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблан солист ву», – аьлла, дIакхайкхийра.
Цул деза, доккха хIун хир ду кхоллараллех хьаьгначу экамечу синна. Кхоллараллин ирхенашка боьдучу новкъахь яьккхина дуьххьара гIулч яра иза.
ХЬАЛХАРА ГIУЛЧАШ
1957-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIала кхечира къоман культурин белхахой. ХIорш цIакхачаре сатесна, кхарна кечамбина Iаш стаг а вацара Нана-Нохчийчохь. Артисташ кхийтира цунах масех де далале.

Амма яхь дIацалуш, шайн дагара ца хоуьйтуш, болх дIаболийра цара. Дийнахь, буса репетицеш йора, керла хелхарш Iамадора, керлачу иллешна дешнаш лоьхура. Ансамбль кхолла адамаш вовшахтохарх чекхдолуш ма дац кхоллараллин белхан гIуллакх. Цуьнан хатI, корматалла, похIма халкъана, махкана довзийта репертуар къасто езара, цунна тIехь болх бан безара.
Валидан иллеш цкъачунна долуш дара. Делахь а, лаккхара говзалла йолу иллиалархо хила, сценин низам довза дезара, оза тIехь урхалла дан Iама дезара, кхин а масане дара уьш – бакъволчу музыкантана оьшурш.
Репертуарехь иллеш алсам хиллехь а, бераллехь дуьйна семачу хьекъалца билгалвуьйлуш хилла Валид дика кхетара, 1957-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу денна лерина хIоттош концерт хилча, Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан ансамбло дуьххьара луш концерт хилча, шен репертуарехь турпалаллин (патриотикин) илли хила дезаш хиларх. Цундела, Советийн Союзан Турпалхочух Магомед-Мирзоев Хаважех Сулаев Мохьмада яьхначу байташ тIехь керла илли даьккхира къоначу иллиалархочо.
Малхбузехь, мохк бегош, буьрса тIом баьлча,
Дей, буьйсий вовшашца къовсаме даьлча,
Нохчийн кIант Хаважи, маьлхан зIе хилла,
Маса дIакхечира, дог догуш сирла.
МостагIийн аренаш хIоьънашца охуш,
Де толош, буьйсанах кийсагаш йохуш,
Маьлхан бIо боданах летачохь вайра,
Ткъес буйнахь тIелеташ, мартанхо майра!..
Дукха адам дара Нохч-ГIалгIайн Республикин пачхьалкхан хелхарийн а, эшарийн а ансамблан концерте хьажа деана. Боккхачу кхиамца чекхъелира иза. Концерт серлаяьккхина, цуьнан сирла зIаьнар хилла, хьовсархойн дегнашкахь беркате лар йитинарг къоначу иллиалархочун Дагаев Валидан башха аз дара.
1957-чу шеран гурахь Соьлжа-ГIалахь хиллачу концерто бIаьрла схьагайтира башха иллиалархо хиларал сов, Дагаев Валид похIме композитор хилар а. Сулаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхинчу керлачу иллина, къоначу иллиалархочо мукъам ша баьккхинера.
Махкахоша уьш хазахетарца тIеийцира. Соьлжа-ГIалахь елла дуьххьарлера концерт боккхачу кхиамца дIаерзаро бакъо елира нохчийн артисташна дай баьхначу лаьттан кIошташкахула концерташ яла.
ХIинца санна атта болх бацара иза. Ансамблан цхьа а транспорт яцара. Цуьнан директора Ибрагимов Боклос, дукха хьолахь, шен кисанара харж еш, кира дIасалелон машен лоцура. Цу тIехь дIасабуьгура артисташ. Хала зама яра иза. Делахь а, боккха лаам бара, къоман исбаьхьчу культурех хьоьгуш, хийрачу махкахь 13 шарахь бала хьегначу махкахойн самукъадаккха. Цул сов, Дагаев Валидан белхан накъостий баккъал а къоман искусство езаш, цунах самукъадолуш бара. Дийнахь царах цкъа бIаьрг ца кхетча, сагатлуш ша иллиалархо а хуьлура. Уьш бара: ансамблан балетмейстер Дакашев Ваха, пондарча Димин Iумар, хелхарчаш: Эдисултанов ШитIа, Сардалова Зулай, иллиалархой: Шаипов СаьIид, Магомедов Султан, иштта дуккха а кхиберш.
Цаьрца, церан забаршца, къеггинчу похIмица, халкъе, махке болчу ховхачу безамца дIадахана Дагаев Валидан къоналлин шераш.
КХОЛЛАРАЛЛИН КХИАМАШ
Билгалдаккха догIу халкъана товшдоцу, чулацам, маьIна кхачаме доцу илли РСФСР-н халкъан артистан Дагаев Валидан репертуарехь цкъа а хилла дац. Юьхьанца дуьйна нохчийн къоман тоьллачу поэташца кхоллараллин гергарло латтош, церан байташ тIехь даьхна ду артистан дукхах долу иллеш. Сулейманов Ахьмад, Мамакаев Мохьмад, Дикаев Мохьмад, Арсанукаев Шайхи, Рашидов Шаид, иштта дуккха а кхечу поэташца уьйр-марзо хилла ву Дагаев Валид.
ХХ-чу бIешеран 60-чу шерийн юьххьехь даьккхира иллиалархочо Мамакаев Мохьмадан «Пондар» цIе йолчу байта тIехь хIара илли:
Ахь гIийла ойланаш суна тIетуьйсу,
Шийлачу ойлано сан дагца къуьйсу,
Ма хьеде, ма дарде сан дог ахь пондар,
Ахь ала, ахь айде сан илли тодай…
Бакъйолу поэзи даима а хилла ладогIархойн синкIоргене кховда ницкъ болуш. Ткъа Дагаев Валидан зевнечу озах ийна тIома яьллачохь муххале а лаьмнашкара бухдуьйлу шийла шовда санна, махкахошна дегахьаам бохьуш догIура Мамакаев Мохьмадан башхачу байташ тIехь даьккхина хIора керла илли. Дуккха а ду Дагаев Валида мукъам боккхуш, Мамакаев Мохьмадан дешнаш тIехь дIааьлла иллеш. Царах ду «Шовдане», «ТIулгаша дуьйцу», «Зама», «Даймехкан косташ», «Безам» иштта дуккха а кхидерш а.
Иштта, нохчийн къоман мукъамийн классика хилла дIахIиттина Дагаев Валида Сулейманов Ахьмадан байташ тIехь даьхна «Хьо марша Iойла», «Йицъе ма ала», «Хьо яре сатуьйсу», иштта дуккха а кхидолу иллеш а.
Муьлха ву вайх Сулейманов Ахьмадан дешнаш тIехь Дагаев Валида даьккхина «Дог дохден цIе» илли хазаза, иза дагах хьарчаза. Нохчийн къоман оьздачу гIиллакхашна гимн хилла дека иза хIинца а.
50 шо сов хан ю и башха илли вайца деха, нохчийн кхерчах цо вайга дозалла дойту, дай баьхна латта дезаре, къоман гIиллакхаш лараре кхойкху цо вайга. Заманан йохалла нур ца довш, къоман сирлачу кханенах дегайовхо чIагIъеш, дог-ойла аййина керлачу анайисте кхойкхуш, дека и илли тахана а. Нохчийн къоман музыкин культура керлачу тIегIане яларна теш хIуьттуш юкъаделира Дагаев Валида Сулейманов Ахьмадан байташ тIехь даьккхина «Батто сагатдо» цIе йолу илли а.
Орцан дукъах дато маIаш
Туьйсуш, батто сагатдо,
ЦIеста кIудал нохчийн йоIа
Шовдана кIел сецайо.
Хета баттах схьаIийдалуш,
КIудал юзу шовдано.
Нур-зIаьнаршца безам муьйлу,
ЙоIах хьерчаш, цу батто…
Мел дукха хиллехь а, цхьаъ вукхунах тера дацара Дагаев Валидан иллеш. Уьш дерриге а башха иллеш дара. Амма хIора а шен исбаьхьаллица къаьсташ дара. Царах массарах а нохчийн къоман иллеш хиллера. Уьш декара вайнехан халкъан хазалла юьйцуш, къоман нуьцкъала амал, синъондалла йовзуьйтуш, азаллехь дуьйна дайша Iийшина баланаш балхош, инзаре халачу зерех доьналлица чекхдевлла таханлерчу зовкхе вай кхачарна хастам беш.
Республикин сцени тIехь болх бан дIаволавеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна а халкъана, махкана дукхавезаш иллиалархо вара Дагаев Валид. Вайн дукхах болчу махкахошна цуьнан иллешкахула евзина шайн къоман поэзи, царах тоьлларш иллиалархочо мукъаме ерзор бахьана долуш.
Мел боккха кхаъ хилира вайна Арсанукаев Шайхис язйина «Нохчийн мотт» цIе йолу байташ мукъаме ерзийча. Йохье дохуш декара иллин хIора дош, массо а ханна вайца даха дуьсуш, ойла серлайоккхуш, дикане кхойкхуш, дахаре болу безам чIагIбеш. Iедало а терго йоцуш ца вуьтура халкъана, махкана дукхавеза иллиалархо.
Бакъдерг дийцича иза вуьтийла а дацара. Халкъан кхоллараллин говзанчийн хьажарш, фестивалаш, конкурсаш хуьлучу массо а метте дIахьажошверг Валид вара. Ерригсоюзан, ерригроссин артисташа хьуьнарш къовсучу дерриге а цхьаьнакхетаршкахь даима а хьалхара меттиг йоккхий, вайна боккха юьхькIам бохьуш цIа кхочура къона артист.
1964-чу шарахь дара цунна «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист» сийлахь цIе елча. Цул тIаьхьа, нийсса кхо шо далале, 1967-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист» хилира похIмечу иллиалархочух. Цу муьрехь къоман культурин хьаьттахь къахьегначу адамашна гина совгIаташ дацара уьш. Советийн Iедало, вайнахана муххале а, атта ца лора сийлахь цIерш а, мехала совгIаташ а.
Амма башхачу озан а, лаккхарчу тIегIанехь йолчу корматаллин а да волу Валид шен 27 шо дузуш кхаьчнера кхиамийн зовкхе. Иллиалархо хьакъвара муьлххачу а сийлахьчу цIарна. Нохчийн маттахь илли дIааьлла Iаш вацара артист. Цо иллеш дIаолура оьрсийн, гуьржийн, казахийн, гIиргIизойн, иштта дуккха а кхечу меттанашкахь. Валида шен беркатечу кхоллараллехь ламасте дерзийнера луларчу къаьмнийн меттанашкахь иллеш алар. Луларчу республикашкахь кест-кеста хуьлучу гастролашца доьзна дара иза. Шен оьздачу сица, дегIаца нохчалла хилар дара иза, концертаца шаьш тIедуьссу хIусамдай ларар а дара. Муьлххачу махка кхаьчча цигарчу къоман маттахь илли аларца йолайора Валида концерт. ХIусамдайшна мел хазахетара иштта шайга ларам хилча.
Цундела массарна а дукхавезара Валид. Цо цхьанна а, цкъа а кхоа ца йора шен экамечу деган комаьршалла. Валида дIаолу хIора илли а халкъалахь даха дуьсура, заманан йохалла исбаьхьа нур ца довш. Цунна къеггина тоьшалла ду Дикаев Мохьмадан дешнаш тIехь даьккхина «Нохчо ву со!» цIе йолу илли.
Нохчо ву со!
Борз ехкинчу буса вина!
ЦIоькъалоьмо шен маьхьарца
Вижинчуьра гIаттавина…
ТIаьхьарчу хенахь къоначу артисташа шайн репертуаре схьаэцна Дагаев Валида дIаолуш хилла цхьадолу иллеш. Дера къоначу артистийн хаза аьзнаш ма ду. Илли дIаала корматалла а ма ю. Амма, мел халахеташ делахь а, къоначийн говзалла Дагаев Валидан корматалле ца кхочу. Валида цхьана дечиг-пондарца дуьне цецдоккхура, дIаолучу иллех шен комаьршачу синан цхьа дакъа хьарчадой. Цундела кхочура цуьнан иллеш хIора ладогIархочун синкIоргене. Цундела дисина уьш вайца даха, нохчийн къоман музыкин культурин мах боцу беркат хилла. Иза Кавказехь вевзина Iаш вацара.
1972-чу шарахь «РСФСР-н хьакъволу артист» цIе елира цунна. Ткъа 1988-чу шеран бекарг (март) беттан 31-чу дийнахь дуьйна «РСФСР-н халкъан артист» вара иза. Федеральни Iедалехь цхьацца карчамаш ца хиллехь, цхьана а кепара шеко йоцуш, кхин масех шо далале «СССР-н халкъан артист» хилла хир вара вайн илланчех.
ИРЧА ЗЕРАШ
Шен 12 шо кхачале Казахстанехь колхозан жа дажо балха аравала дезна Дагаев Валидан. Цу хенахь-м могашаллин а, тIаьхьалонийн а ойла ян дага ца догIура. Амма ХХ-чу бIешеран 70-чу шерашкахь бераллехь текхначу мацаллин а, Iазапан а тIаьхье хааяла юьйлира. БIаьрса галдала дуьйлира артистан. Делан къинхетам бара – уллехь муьтIахь хIусамнана нисъялар.
1959-чу шарахь Дагаев Валида Малика ялийра. Валидан могашалла галъяла йоьлча-м церан кхиъна баьлла доьзал бара. Маликас тесна ца витира шен хIусамда. Иллиалархочун лерса, бIаьрса хилла дIахIоьттира и оьзда зуда, Валидан кхолларалла шен семачу тергонехь латтош. Цуьнан бIаьрса галдала доьлча редактор хилира цунах. Массо а нохчийн поэтийн байташ йоьшура Маликас. Царах шена хазъелларг Валидана йоьшура: «Хьажахьа, ма хаза илли хир дара кхунах!», – олий.
Байташ шена хазъелча царах илли дора Валида. И илли нахала даккхале цкъа Маликина дIахозуьйтура, цо нисде аьлларг, дукха хьолахь, нисдеш меттиг йогIура. Забарх самукъадолуш волчу Валида бегаш бора: «массарал луьра худсовет Малика ю», – олий.
Дукха иллеш дара Валидан репертуарехь Нохчийн Республикин халкъан поэтан Рашидов Шаидан байташ тIехь даьхна а. Муьлха ву вайх цуьнан дешнаш тIехь Дагаев Валида мукъам баьккхина дIаолуш хиллачу «Сатийсар» цIе йолчу иллино лерса хьастаза?!
Цул тIаьхьа мел дукха дара уьш Рашидов Шаидан, Дагаев Валидан кхоллараллин гергарлоно вайна совгIатана делла зевне иллеш: «Хьуна лаахь», «Даймохк ницкъ лолахь», «Гечделахь, нана», иштта дуккха а кхидерш а. Уьш дерриге а халкъо дезаш тIеэцна, вайца даха дисина иллеш ду.
«Илланча сох винарг» цIе йолу илли Дагаев Валида шен бIаьрса галдаьллачул тIаьхьа, хIусамненан Маликин гIоьнца даьккхина ду.
Илланча сох винарг хьоь бахна безам бу.
Шелонехь вохвинарг хьан бIаьргийн йовхо ю.
ТIекхача сихъелла дIауьду ойланаш.
Леларх со вицвина, цIе йохуш кхойкху ас…
ХIинца къоначу артисташа дIаолучу иллешкахь кест-кеста хеза иллиалархоша мехкарийн цIе йохуш кечйина композицеш: «Зарема», «Лиза», «Роза», «Iайшат», иштта кхин а дуккха а. Алссам долчу лирикин иллешна юкъахь цхьа а йоьIан цIарца билгалдаьккхина илли дацара Валидан. Амма хIора йоIана а шена цхьанна цо и илли олуш санна хетара. Делахь а, цуьнан хIусамехь хила ирс кхаьчначунна, хIусамден, хIусамненан экаме, оьзда юкъаметтиг евзинчунна, лакхахь хьахийна «Сатийсар» цIе йолу илли Маликина Валида дIаолуш санна хетара.
Маликас цкъа а ледара ца вуьтура Валид юучуьнца, молучуьнца, тIе-кога духучуьнца. ХIусамда сиркхонаш лехьо воьлча, бер санна лелавора цо. Мел гена гастролашка Валид воьдуш хиларх цунна уллера дIайолуш яцара. Малхбалера, малхбузе кхаччалц цхьаьна дуьненна гуотаса ларийна бертахь, ирсе дехаш дара Валид а, цуьнан хIусамнана а.
ХХ–ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь вайн махках тIеман цIе хьаьрчаш боккха доьзал болуш гIеметтахIоьттина стаг вара Валид. Ши йоI марехь яра. Цхьаъ бен цахиларна кIантана Мохьмадна хьалххе
зуда ялийнера. Вайна дукхавезачу халкъан артистан 13 берийн бер дара, тIаьхьуо, церан бераш а гучудевлира.
Къоман илланча махках-м ца велира, буьрсачу тIамах шен са дадийна. Иза, даима а санна, шен халкъаца вара. ЦIа дохийнехь а, тIеман кхийсарша бевза-безачийн могIарш нилха даьхнехь а, яа-мала йоцуш висинехь а, къизачу тIеман къахьо шен халкъаца лайра Валида. Цул сов, луьра кхехкачу тIеман цIергахь керла иллеш даха а, цаьрца шен халкъан дог хьаста а доьналла хилира цуьнгахь.
500 сов илли ду В.Дагаевс ша мукъам боккхуш, дIааьлларг. И иллеш дагахь латтон чIогIа иэс а, доккха хьуьнар а оьшу.
Ткъа Валидехь иза дерриге а долуш дара. Цундела декара цуьнан башха аз массо а нохчичун дог-ойла тIома йоккхуш, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхуллуш, халкъе, махке безам чIагIбеш.
Нохчийн къоман синбIаьвнех цхьаъ вара Валид. Нохчийн къоман зевне аз дара иза. ХIинца а даго бакъ ца до Дагаев Валид бакъдуьнена вирзина хилар а. Вайн дегнашкахь даха дисина цуьнан сирла амат! Нохчийн къам мел деха яха хьакъ ю цуьнан сийлахь цIе!
ГАЗИЕВА Аза
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо
Дагаев Валидан кхолларалла говза йовзийтина авторо.
Сий-ларамечу адамах Газиевас доггах яздина дош хьакъ ду аьлла хета, масала, «Орга» журналан аг1онаш т1ехь хила а, кхоллараллин белхийн конкурсе охьадилла а!
Иштта къахьегначунна редакцис леррина совг1ат дан а мегар дара, иза авторна хьакъ а дара!