ХIокху деношкахь, ГIезалойчохь гастролашкахь хилла, цIа йирзина Пачхьалкхан хелхаран «Вайнах» ансамбль. Елабуга гIалахь дIаюьйлаелира ансамблан концерташ.
Оцу гIалахь концерт дIайолаялале хьалха, хьешашка маршалла а хоттуш, йистхиллачу гIалин администрацин куьйгалхочун заместитела Сунгатуллина Зульфияс билгалдаьккхира дуьненахь а гIараяьлла евзаш йолу «Вайнах» ансамбль гастролашка яр гIалин а, ерриге а республикин а культурин дахарехь боккха хилам хилар.
«Ансамблан концерташ Нохчийн Республикина а, ГIезалойчоьнна а юкъахь доттагIаллин тIай тиллар санна ду», – элира цо.
Ансамблан исбаьхьаллин куьйгалхочунна Межидов Iадланна дагалецаман совгIат а дира гIалин куьйгалхочун заместитела.
Цул тIаьхьа Лениногорскехь, Альметьевскехь, Набережные Челныхь, иштта кхечу гIаланашкахь хилира ансамбль.
ДIакхаьч-кхаьчначохь дукха резахиларца тIеоьцура нохчийн артисташ. Хьовсархойн дехаршна жоп луш, билгалйинчул сов кхин ши концерт яла а дийзира.
Гастролаш ерзийра Азнакаево гIалахь еллачу концертаца.
Хь.ДОВКАЕВ
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо