А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь хилира «Культураша вовшашна тIеIаткъам бар: селхана а, тахана а» аьллачу темина лерина «горга стол».

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшо.
«Горга стол» цу дийнахь схьайоьллучу «Дуьне стелаIодан басаршкахь» аьллачу дуьненюкъарчу фестивалан программин гурашкахь йина яра. Библиотекин «Iаьнан беш» зал леррина цу «горгачу стоьлан» балхана кечйина яра, вайн заманахь хила ма-деззара куц-кеп долуш.
Цигахь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин культурин министран заместитель Мелькиев Рустам, философин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн пачхьалкхан университетан историн факультетан культорологин кафедрин куьйгалхо Мазаева Тамара, Халкъан кхоллараллин туьшан директор, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо, Даудов Рамзан, Нохчийн Республикин къоман музейн директор, историн Iилманийн кандидат, культуролог Асталов Ваха, Нохчийн Республикин Iилманийн Академин фольклоран а, литературин а декъан куьйгалхо Мунаев ИсмаьIал, яздархо, Нохчийн Республикин культурин хьакъволу белхахо Усманов Iаьрби, иштта кхиболу культурин а, Iилманан а белхахой.
Республикин дозанал арахьара баьхкинчу дакъалацархошна юкъахь бара Россин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Дипломатин Академин дуьненаюкъарчу гIуллакхийн кафедрин доцент, Малхбалерчу талламийн Туьшан директор, политикин Iилманийн кандидат В.Аватков, Россин пачхьалкхан В.Д.Поленовн цIарахчу Халкъан кхоллараллин туьшан директоран заместитель, Россин халкъийн культурийн туьшан куьйгалхо, Россин Федерацин Правительствон совгIатан лауреат Русанова Мери, иштта дI.кх а. Мелькиев Рустама баркалла а элира «горгачу стоьлехь» дакъалаца баьхкинчу хьешашна, министран Х.-Б.Дааевн маршаллин кехат а дIадийшира.
Мазаева Тамарас дискусси дIайолош элира: «Тахана вайн пачхьалкхехь хилла а ца Iаш, дерриге дуьненахь а хаалуш бу глобализацин карчам. ХIора халкъ шен къоман мотт, гIуллакх, культура дIаяларна кхераделла ду. Дикачо бен ца кхиадо диканиг. Халкъан юкъара хIума оьзда а, хьекъале а бен хуьлийла а дац, амма вуониг, кегийрхойн хьекъал-кхетам дIаоьцуш долу хIуманаш мичара довлу а хьовсуш, вай, культурин, динан, Iилманан, кхолараллин наха, сема къахьега деза диканиг, хазаниг Iалашдархьама».
Лазамечу темин къамел, кар-кара оьцуш, дIахьора говзанчаша. Шайна хетарг элира Русанова Мерис, Мунаев ИсмаьIала.
В.Аватковс доклад йира, Хонкаран пачхьалкхо СССР йоьхначул тIаьхьа а политикин-культурин агIор беш болу тIеIаткъамаш хьахош. Цо дийцарехь, Хонкара пачхьалкхо бусалба дин даржош СССР-н халкъашна «зен» динчух тера дара. Мазаева Тамарас баркалла а олуш, Нохчийчоьнна «зен» ца хиллийла хоуьйтуш дукха дика жоп делира.
«Ерриге Нохчийчохь а лелаш ерг суфизм ю. Иза бакъдолуш Хонкарара схьакхаьчна Хонкаро вуочу агIор тIеIаткъам бийр бу бохучух теша ца лаьа. Церан Османан импери йолчу хенахь дуьйна, зеделларг ду шайн махкахь тайп-тайпанчу культурин векалшца бертахь баха хаарна тIехь».
Цул тIаьхьа «Глобализацин проблематика а, къаьмнийн культураш Iалашъяр а» доклад йира Т.Мазаевас.
Даудов Рамзана а йира чулацаме доклад «Халкъан ламасташ – Къилбаседа Кавказан халкъийн культураш Iалашъярехь коьрта зIе» яра цуьнан тема. Нохчийн Республикехь дехачу тайп-тайпанчу халкъийн культураш Iалашъярехь халкъан ламасташа лелочу маьIнех лаьцна дийцира цо.
Хьешашна чIогIа товш дара Нохчийн Республикехь къаношна а, буоберашна а лерина цIенош цахилар. «Дом престарелых», «Детдом» бохург хила а ца дезара вайн санна йолчу йоккхачу пачхьалкхехь. Шун халкъан ламасташ массара а масал эца хьакъ долуш ду. Баркалла шуна кху чолхечу дуьненахь, заманахь уьш диц ца дарна», – элира Русанова Мерис.
«Горгачу стоьлехь» хиллачу къамелан жамI цхьаъ дара: халкъан ламасташ девзаш, лулахойн истори а, культура а евзаш, ларам беш хилча барт хир бу, беркат а хир ду, хийрачу идеологешна дуьхьало ян хьуьнар а, хьекъал а хир ду.
З.ЭЛЬДЕРХАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Къоман библиотекехь «горга стол»
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо