Дукхахан йоццуш Москвахь дIаяьхьначу С.В.Образцовн цIарахчу къаьмнашна юкъарчу «Образцовфест» фестивалехь дакъалаьцна Нохчийн Республикин Къоначухьажархочун театро.
Иза вовшахтоьхнера Пачхьалкхан академически С.В.Образцовн цIарахчу тайнигийн театро. Цу хьокъехь тхоьцакъамел хилираоцу театран коьртачу режиссеран Шахгиреев Рустаман.
Тайнигийн театрийн «Образцовфест» фестиваль вайн республикин Къоначу хьажархочун театро схьайиллина.
Рустама дийцарехь, оццул жоьпалле гIуллакх шайх тешийна хиларх хаза кхаъ хиллера театран актерашна. Цара лаккхарчу тIегIанехь шайн хьуьнарш гайтира.
Къоначу хьажархочун театро Г.Х.Андерс енан туьйранна тIехь хIоттийна «Солдат и ведьма» спектакль гайтира. Хьовсархоша дехха тIараш деттарца хаийтира театран актерийн ловзар шайна хазахетта хилар. «Образцовфест» фестивалехь 17 гIалара тайнигийн театраша гойтур ю шайн спектаклаш.
«Образцовфест» фестиваль 2001-чу шарахь вовшахтоьхна. ХIетахь режиссеран, театран бухбиллархочун Образцов Сергейн 100 шо кхачарна лерина дIаяьхьира и фестиваль. Цу хенахь дуьненахь уггаре а тоьллачу тайнигийн 70 театро дакъалецира цигахь. Вай юьйцуш йолу фе стиваль – маьIне проект ю.
И фестиваль бахьана долуш, хьовсархойн таро хуьлу, шайн цхьана регионан тайнигийн театр евзина ца Iаш, Россин ерриге а регионийн тайнигийн хIора а театран башхаллаш йовза а, тайнигийн дуьненах бIаьрг тоха а, цунах самукъадала а.
Къоначу хьажархочун театро «Образцовфест» фестивалехь дакъалацарх лаьцна оха мелла а шуьйра дуьйцур ду газетан рогIерчу цхьана номерехь.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: къоначу хьажархочун театр – «Образцовфест» фестивалехь
№81, шинара, эсаран (октябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо