ДIадаханчу кIиранан чаккхенехь Россин Федерацин Правительствон Председателан а, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дира Нохчийн Республикин социально-экономикин кхиаран гIуллакхаш. Цу хьокъехь хаамбо Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.
Россин Правительствон Председателан хьалхара хаттар ялтица доьзна дара. Нохчийн Республика шен аграрни таронашца гIараяьлла хилар чоьте эцча, мел ялта гулделла аьлла, хаьттира Д.Медведевс.
«Юьртан бахаман декъехь дика гайтамаш бу тхан, даьхнийлелорехула, бошмашлелорехула яккхий проекташ кхочушйина. Стомара юьртан бахаман министра хаам ма-барра, тхайн керла сорташ а ю, юьртан бахам кхоччучу барамехь кхио таро луш йолу проекташ а ю тхан. Карарчу хенахь кхочушъеш мехала 4 проект ю, уьш евлча, 5 эзар стагана белхан меттигаш нисъян таро хир ю. Таханлерчу дийнахь республикина дика гайтам бу иза а.
Иштта, хьан тIедилларца, школел хьалхарчу дешаран декъехь а болх беш ду тхо. Кхаа шарера ворхI шаре кхаччалц долчу берех йолу рагI дIаяьккхина. Россин дешаран министерствос тIе ма-диллара, керла школаш ю еш. Кхаа сменехь дешар дIадаккхарна тIехь къахьоьгуш ю Нохчийн Республикин Правительство. И проблема хIинца а йолуш ю, амма жим-жима дIайоккхуш лаьтта иза.
Иштта, кхечу мехкашкара инвестицеш юкъаялорехула дика гайтамаш бу республикин. Махлелоран-самукъадаккхаран туьшашца хьешацIенош ду деш, дуьненаюкъара университет ю еш – цо а керла неIарш схьайоьллу тхуна, тхо керлачу тIегIане довлу. Дмитрий Анатольевич, хьуна ма хаъара, проблемаш йолуш ю тхан регионехь…», – жоп делира Р.Кадыровс.
«Уьш массанхьа а ю, Рамзан Ахматович. Юьртан бахамах аьлча, баккъал а, дика ду даьхнийлелорехула а, бошмашлелорехула а керла ницкъаш юкъабалош, хIунда аьлча Нохчийн Республика лаьмнашна уллехь ю, бошмаш дика кхуьу шу долчохь, цу тIехь республикина ахча а даккхалур ду, базаршкахь дохка дика стоьмаш, хасстоьмаш а хир ду.
Школел хьалхарчу дешарах дерг аьлча, дика ду рагI дIаяьккхина. Иза чIогIа мехала кхиам бу, дика ларийна шу. Школашца йоьзнарг, ас кхеташо дIахьочу хенахь вай ма-дийццара, иза мелла а хала проблема ю, иза вайн мехкан масех регионех Iоттаелла ю, цу юкъахь Нохчийн Республикех а. Иза дIайоккхур ю вай, кхаа сменехь дешар ма-хуьллу сиха дIадаккхархьама, керла школаш ярна кхитIе ахча а хьажош. Шина сменехь-м мухха а Iамор дара бераш, амма кхаа сменехь дешар – иза-м, баккъал а, цхьа бала бу. Цу тIехь къахьоьгур ду вай», – элира Д.Медведевс.
А.ВАХАЕВА
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо