Хелхаран фестиваль дIаяьхьира Соьлжа-ГIалахь

М.Эсамбаевн цIарах йолчу хелхаран дуьненаюкъарчу IX-чу фестиваль-конкурсан жамIаш дира хIокху деношкахь Нохчийчохь.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, культурин министра Дааев Хож-Баудис, кхиболчу официальни наха.

Эсаран (октябрь) беттан 15–18-чуй деношкахь дIаяьхьначу фестивалехь дакъалоцуш яра дуьненан 6 махкара а, Россин 28 регионера а коллективаш, цу юкъахь Нохчийчуьра 6 ансамбль а.

Жюрин декъашхошна юкъахь, Россера хилла ца Iаш, Беларусера, Гуьржийчуьра, Казахстанера говзанчаш бара.

Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира фестивалана Эсамбаев Махьмудан цIе тиллар ларамаза цахилар.

Цо дийцарехь, кхузаманан сийлахь-воккха хелхарча вара М.Эсамбаев: «Дуьненан культурин исторехь сирла лар йитина Эсамбаев Махьмудан башхачу кхолларалло. Россин а, нохчийн халкъан а бакъволу патриот вара иза. Оха дозаллица йоккху цуьнан цIе. Иза тиллина Соьлжа-ГIали юккъехь йолчу уггаре хазачу проспектех цхьанна, Иллин а, хелхаран а пачхьалкхан берийн «Даймохк» ансамблана, хелхарча винчу юьртарчу Культурин цIенна, дуьненаюкъарчу фестивалана».

Иштта, цо билгалдаьккхира шо-шаре мел долу конкурс кхин а чIогIа яьржаш а, цу юкъахь дакъалаца луурш алсамбовлуш а хилар.

«IX-чу конкурсехь дакъалоцуш ворхI махкара 130 дакъалацархо ву. Цо гойту Нохчийн Республика культурин а, спортан а гIуллакхаш дIадахьаран дуьненан майда а хилла дIахIоттар. Дуьненаюкъарчу тIегIанера культурин, искусствон гIуллакххой, спортсменаш, кхиболу нах а богIу тхо долчу. Тхан хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин нийсачу некъан тIаьхье ю иза», – элира Р.Кадыровс.

Культура кхиорна боккха тидам тIебахийтарна республикин Куьйгалхочунна баркалла элира Дааев Хож-Баудис.

Хелхаран фестиваль-конкурс кхаа номинацехь дIахьош ю гуттар а: «Цхьаьннан хелхар», «Шиннан хелхар», «Тобанан хелхар».

Жюрин сацамца «Цхьаьннан хелхар» номинацехь хьалхарчу даржан лауреатан диплом Нохчийчуьрчу Байсарова Маретана делира.

«Шиннан хелхар» номинацехь туьйлира Висингириева Иман а, Шахбиев Лом-Iела а.

Тобанан хелхаран номинацехь хьалхара меттиг яьккхира Курски областерчу коллективо (Хвостенко Ольга, Конева Ольга, Журбенко Александр, Посашков Сергей).

ГIалмакхойчуьрчу Цекиров Саврана
хьовсархошна хазахетаран совгIат делира.

Гуьржийчуьра Чиабришвили Нино а, Шубитидзе Бесики а жюрин лерринчу совгIатца билгалбехира.

Нохчийчуьрчу Алиева Маккина Нохчийн Республикин культурин министран совгIат делира.

М.Эсамбаевн цIарах йолчу хелхаран дуьненаюкъарчу IX-чу фестиваль-конкурсан Гран-При Казахстанерчу Карыкбол Ернура яьккхира.

А.ХАСБУЛАТОВА

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: