INWETEX-CIS TRAVEL MARKET – 2017 гайтамехь дуьххьара дакъалаьцна Нохчийчоьно

Эсаран (октябрь) беттан 12–14-чуй деношкахь Санкт-Петербургерчу гайтаман «ЛенЭКСПО» комплексехь дIаяьхьначу Туризман дуьненаюкъарчу INWETEXCISTRAVELMARKET – 2017 гайтамехь дуьххьара дакъалаьцна Нохчийн Республико.

Гайтамехь дакъалецира 21 пачхьалкхерчу а, Россин 18 субъектерчу а туризман офисийн, туризмехула йолчу урхаллийн а, комитетийн а, туристско-хаамийн туьшийн, туризман ассоциацийн, туроператорийн а, турагентствийн а векалша.

Республикин Правительствон туризмехула йолчу комитето кечйинчу Нохчийн Республикин стенда тIехь бовзуьйтуш бара республикехь туризман декъехь болу аьттонаш а, хьелаш а, садаIаран меттигаш, санаторно-курортийн рекреацеш, и.дI.кх.а.

Иштта, республикин чоьхьарчу туризман «Тур-Экс» операторан а, туристско-хаамийн VisitChechnya туьшан а, «Нохчийчоьнан курорташ» юкъараллин а векалша гайтаман хьешашна а, дакъалацархошна а дийцира Нохчийн Республикерчу туризман башхаллех лаьцна.

Цу тIе, гайтаман гурашкахь «Гайтамехь жигара дакъалацарна» аьлла долчу дипломаца мах хадийна Нохчийн Республикин Правительствон Туризмехула йолчу комитето бинчу белхан.

INWETEX гайтам Россехь дIахьош болу 25 шо кхаьчна карарчу 2017-чу шарахь. Цунна юкъайогIу Петербургера туризман форум а, экспозицийн гайтам дIабахьар а.

И.ИСЛАМОВ

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: