Кадыров Рамзан Узбекистанехь хилира

ХIокху деношкахь, гIараваьлла волу Iилманча-Iеламстаг шайх Мухьаммад Садыкъ Мухьаммад Юсуф дIавоьллинчу метте – Бусалба динан «Хазрати-Имом» комплексе – а воьдуш, Узбекистанехь хилира Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан.

И Iеламстаг Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хьехархо а, тIаьхьо цуьнан уллера доттагI а хилла ву.

Узбекистанан Президентаца Мирзиеев Шавкатца цхьаьнакхетар а хилира Р.Кадыровн. Цигахь дийцаре дира экономикехь, социальни декъехь, культурехь, спортехь, инвестицийн политикехь, шинна а агIонна пайде долуш, цхьаьна болх баран цхьамогIа гIуллакхаш.

Оцу цхьаьнакхетаран хьокъехь инстаграмерчу шен агIонехь иштта яздира Кадыров Рамзана: «Со чIогIа реза ву Шавкат Миромоновична иштта дика суо тIелацарна, доттагIаллин къамел дарна. Сайн да, Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа цунна иштта дика вевзий ца хаьара суна. Цо терроризмаца къийсам муха лелийна дика хууш хиллера Ш.Мирзиеевна. Бухарин цIарах йолчу Ташкентан Исламан университетан ректора, тхан доьзалан доттагIчо, шайх Мухьаммад Садыкъ Мухьаммад Юсуфа дукха дийцина хилла хиллера цунна Ахьмад-Хьаьжех лаьцна. Сайн дена Узбекистан а, цуьнан халкъ а мел даггара дезара дийцира ас цаьрга.

Узбекистанна а, Нохчийчоьнна а юкъахь чIогIа зIенаш таса а, цхьаьнагIуллакхашдан а барт хилира тхан. Шавкат Миромонович шен халкъан бакъволу баьчча хилар, шен мохк, халкъ даггара дезаш а, Даймехкан дуьхьа къахьегарна шен доллу дахар дIадала кийча а иза хилар сайн бIаьргашца гира суна. Экономикин, политикин дакъошкахь уггаре кхиинчу мехкашна юкъа Узбекистан муха яккха еза хаьа цунна».

Шена бегIийла хетачу хенахь Нохчийчу хьошалгIа вар дийхира Кадыров Рамзана Узбекистанан Президенте. Цо ша вогIур ву аьлла дош а делира.

Ташкентан Шайхантохурски кIоштан маьждигах а, «Кукча» кешнийн кертах а бIаьргтуьйхира Р.Кадыровс. Лакхахь хьахийначу Ташкентан Исламан университетехь а хилира иза.

Билгалдаккха лаьа, Кадыров Рамзан оцу университете вогIуш хилар хиъна, иза гархьама цига еана хиллера Узбекистанехь ехаш йолу нохчи Умаева Буку. Нохчийн халкъ махках даьккхинчу хенахь дуьйна цигахь Iаш ю иза.

ЦIеххьана тIееана, нохчийн йоккха стаг шена маракхетча, чIогIа хазахеттера Р.Кадыровна. Дукха къамел ца хилира республикин Куьйгалхочун йоккхачу стагаца. Бакъду, юха шарахь аьхка шена Кадыров Рамзан ган лаар хаийтира зудчо.

Ткъа Р.Кадыровс, цунна луъучу хенахь, иза Нохчийчу яло дош делира.

А.СУЛИМАНОВА

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: