Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министра Алханов Руслана дакъалецира Россин МВД-н Хьалха-Мартан кӀоштахула йолчу Урхаллин Роьшни-Чуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан керла гӀишло схьаелларехь.
ГӀишлояран белхаш Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарахчу юкъараллин фондан чоьтах бина кӀоштан куьйгалхочо оцу гӀуллакхна лерина къастийначу майданахь.
Шен къамелехь чоьхьарчу гӀуллакхийн министра билгалдаьккхира хӀинццалц Роьшни-Чуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан белхахой халачу хьелашкахь болх беш хилла хилар.
«ХӀинццалц шуна хала дара шайн декхарш кхачам боллуш кхочушдан, хӀунда аьлча шун болх дӀабахийта аьттонаш бацара. Ткъа хӀинца, хӀара керла, хаза, цӀена гӀишло схьаелларца, шуна болх бан а, Далла Ӏамал ян а, садаӀа а чоьнаш нисъелла. Цу тӀе, хӀокху гӀишло чохь шун балхана мел оьшуш болу гӀирс а болуш бу. ХӀара дерриге а Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентах, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжах даьлла беркат ду. «Дала бакъо толайойла!» аьлла арабаьккхинчу некъа тӀехь хӀокху мехкан а, халкъан а дуьхьа шен са дӀаделла цо. Аш шайн белхан декхарш кхочушдарехь и дицдан ца деза», – элира Алханов Руслана.
Бакъонаш ларъяран отделан керла гӀишло схьайиллинчул тӀаьхьа, Хьалха-Мартан кӀоштан префектана Абдурешидов Валидна а, цуьнан заместительна Заурбеков Ризванна а Нохчийн Республикин чоьхьарчу гӀуллакхийн министран Баркаллин кехаташ делира.
Иштта, Алханов Руслана, шеца цхьаьна Россин МВД-н Хьалха-Мартан кӀоштахула йолчу Урхаллин хьаькам Джабраилов Рустам а, кӀоштан къеда Амерханов Ӏалу а волуш, дакъалецира бакъонаш ларъяран органийн керла гӀишло схьаелларна лерина доьшучу мовладехь.
Билгалдаккха догӀу Роьшни-Чуьрчу чоьхьарчу гӀуллакхийн отделан кертахь болх беш 29 стаг хилар. Цара Ӏуналла деш йиъ юрт ю – Роьшни-Чу, Гихта, Шалажа, Гих-Чу.
И.АДАМОВ
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо