Интернетан, электронни гIирсийн зама ю вайна. Тахана кегийрхошлахь наггахь бен хир вац книга ешарца бала берг. Инстаграм, ВКонтакте, Одноклассники, WhatsApp, кхийолу социальни сеташ (уьш-м йийцина ца валлал дукха а, тайп-тайпана а ю) – иза ду-кх вайн къоначу чкъуран самукъа а, доллу дахар а. Инстаграм чохь шаьш гайтар бен дахарехь кхин цхьа а Iалашо ян а юй-те аьлла, ойла кхоллайолуьйтуш, оцу чу валарца цхьаьна хьан бIаьргашна хьалха хIуьтту Iаламат дукха суьрташ: цхьаъ ша-ша куьзганахула гойтуш, шолгIаниг ша хIун юу гойтуш, кхоалгIаниг ша муьлхачу туьканахь бедарш оьцу гойтуш, иштта кхидIа.
Бакъду, лакхахь дийцинчунна бIостанехьа, пайдехь хIума а карадо оццу инстаграмехь. Нохчийн къоман историх, дахарх лаьцна дуьйцуш, нохчийн книгаш йовзуьйтуш, цу кепара кхийолу а пайдехь аккаунташ хуьлу цу чохь. Иштта, «нохчийн книга» цIе йолчу цхьана агIонехь нохчийн къоначу яздархочо язйина роман магош, цунах хетарг яздина а гина, хIара хIун роман ю-те, муьлха яздархо ву-те аьлла, бала а кхаьчна, «талла» йолаелча, изза роман магош тайп-тайпанчу наха яздина шайна хетарш кхин а дуккха карийра суна. Иштта ларамза нисделира «Синан дIакъастам» цIе йолу роман а, цуьнан къона автор Габаев Мурат а вовзар.
ТIаьхьарчу хенахь нохчийн кегийрхошлахь книга йоьшурш (нохчийн маттахь-м муххале а) наггахь бен «карош» цахиларна, оццул еха язйина (588 агIо) роман дуккха наха ешна хилар доккха хIума хетта, авторца къамел хилале хьалха, айса а иза еша лаам хилла, Соьлжа-ГIаларчу Зорбанан цIийнехь йолчу «Книгин дуьне» туьканара «Синан дIакъастам» книга ийцира ас.
ТIаьхьуо хиира суна оццу туьканахь цхьана баттахь оцу книгин 50 экземпляр йоьхкина хилар. Мел еха хиллехь а, корректорски гIалаташ кIезиг ца хиллехь а, цкъа еша йолаеллачул тIаьхьа, йоккхачу ханна юкъара ца ялалуш, шина-кхаа дийнахь чекхъяьккхира роман.
«Ма говза, хаза, дика язйина ю иза» бахарх, книгех хетарг цхьана а кепара дийцалур дац. Хьалхарчу агIонна тIера тIаьххьарчу агIоне кхаччалц, коьртачу турпалхошна сагатдеш, оьрсийн эскарша вайн махкахь лелийначу къизаллаша дог Iийжош, мIаьргонна а сапаргIат ца долура.
Романан берриге а хиламаш Дади-Юьртахь хуьлуш бу. Кхузахь инарла Ермоловс нохчашна тIехь лелийна къизалла а юьйцу, дадиюьртахойн, къаьсттина кегийрхойн, Iер-дахар а дуьйцу, къоначеран безамаш а буьйцу, романан чаккхенехь 1819-чу шарахь Дади-Юрт ягорах а яздо къоначу автора.
Коьрта турпалхо Сарма, яхь, ийман, гIиллакх-оьздангалла долуш, мискачу доьзалера йоI хуьлу. Цуьнан тIехьийза кIант Сайд-Хьамзат – хьал долчу нехан кIант. Ялх шарахь бийцина безам тIаьхье йоцуш буьсу церан. Цуьнан бахьана дара Сайд-Хьамзатан гергарчарна, шаьш санна, хьал долчу нехан йоI шайн нус хила лаар.
Бакъду, коьрта турпалхой бара аьлла, уьш бийцина ца Iаш, ма-ярра шайн амалш йовзуьйтуш, церан доллу дахар а гойтуш, говза васташ кхуллу яздархочо кхиболчу къоначу турпалхойн а: Аьлзирин, Iаьрбин, Йасыратан, Элимин, Нубаржатан, Шамирзин, Хьазин, Шуранан, иштта кхечеран. Яздархочо сурт дукха говза хIотторо романан ешархо дIаяханчу хене, генарчу Дади-Юьрта вуьгу, цигахь мел хилларг шен бIаьргашна гича санна хетадолуьйту.
Ша а къона хиларе терра, кегийрхошна атта болчу маттахь яздо автора. Даггара яздинарг даге кхочу олуш ду – «Синан дIакъастам» ешначу кегийрхойх иза даге ца кхочуш, бендацаралла йолуш цхьа а ца висина. Цунна тоьшалла до роман ешначара инстаграмехь денна а шайна хетарг яздаро – диканиг бен дош олуш цхьа а ца караво. Къаьсттина мехала ду автора динца йолчу агIонна романехь боккха тидам тIебахийтар.
2011-чу шеран аьхка дуьйна (шен 21 шо долуш волавелла) 2016-гIа шо чекхдаллалц язйина Габаев Мурата шен дуьххьарлера роман. Иза язъечу хенахь ша теш хилла ши хилам «юкъатоьхна» автора, аьлча а, царах «пайдаэцна». Иштта, авторна евзаш йолу (юкъахь гергарло долу) йоI, ялх шарахь цуьнца захало дийцинчу кIанта, хIорш цхьаьнакхета йисинарг дукха хан а йоцуш, цIеххьана юьту.
Сарма а хуьлий (коьрта турпалхо), романна юкъайогIу иза. Иштта, ша теш хиллачу хиламашкара схьаэцна ала мегар ду Нубаржатан васт а. Цуьнан кхоллам башха а, къиза а нисло. Цкъа шегара даьлла доккха къа бахьанехь доллу дахар галдолий, «бухбоцчу Iинах йоьду» иза.
Ша дахарехь теш хилла хиламаш Iаьткъина, аьхкенан йовхачу цхьана буса, ойланаш еш Iачохь, ноутбук схьаэцна, яздан волавелира Мурат. ТIаьхье йоцуш ца дисира башха беттаса лепачу оцу буса яздина духхьарлера могIанаш: «Шерачу новкъахь когаш а тийсалуш, доьхначу дагах кхеташ адам а доцуш, бIаьргара дала хи а доцуш, шега баьккхина шийла кхаъ шен жимачу даг чуьра дIа ца хецалуш…».
Иштта кхидIа хьалхара дакъа а яздина, наб кхийтира. Таханлерчу дийнахь «чатан мотт» олучу маттаца яздина дара иза – хIора дашехь а гIалат долуш.
Баккхийчара Дади-Юьртах лаьцна дуьйцуш хийла хезна вара Мурат. ХIетахьлерчу хиламех лаьцна хаамаш леха а, деша а волавеллера иза. Цу кепара, и хиламаш а шен романна юкъатуьйхира цо. Амма хIетахь ша язйинарг доттагIашна еша волавелча, цхьаммо а баккъал а тIе а ца лаьцна, цхьана ханна, кхин хIумма а яздан дог ца догIуш, сецира М.Габаев. Аьхкенан каникулашка цIавеана волуш ду иза (яздархочун дешарх лаьцна лахахь кхин а яздийр ду).
Цул тIаьхьа, дешаран шо долалуш, Воронеже дIавахара иза. Амма цигахь, буьйсана юккъехь сама а волий, ша дIатесна роман дага а йогIий, язъян волалор. Иштта, 5–6 дакъа вовшахкхийтира. Цхьана дийнахь, социальни сета чохь шеца школехь дешна йоI карийна, романан дукхах долу дакъош цунна дIатесира Мурата.
ШолгIачу дийнахь йоIа грамматикин гIалаташ (шена хуурш) нисдина схьаяийтира кхунна. Амма хIетте а роман кхачаме хила дукха генахь дара. Иштта, чекх мел даьлла дакъа цунна дIатосура къоначу яздархочо.
ТIаьххьара кхо дакъа диссалц, кхидIа дерш цунна дIа а тесна, Воронежехь дешна а ваьлла, диплом схьаэцначул тIаьхьа Москва дIавахара Мурат.
Цигахь интернатура чекх а яьккхина, ординатуре дехьа ваьллачу хенахь ноутбук юьйхира кIентан. Иза кхин толур йолуш а ца хилла, керланиг эца таро а йоцуш висича, тептарш тIехь, телефона тIехь, накъостийн компьютерш чохь, ка мел яьллачохь язйора цо. Роман язъярца йоьзна а ца Iаш, дахарехь цхьацца халонаш йолуш чекхбелира тIаьххьара масех дакъа яздеш баьхьна мур.
Ах роман гергга ешна ялаза яра, иза нисъеш йолчу йоIа хьейинера, масех шарахь кIордийна хила а тарлора цунна. Язйина волуш лаьтта аьлла, Мисара воьду Мурат, 10 шарахь цигахь доьшуш волчу доттагIчунна шен болх бовзийта. Ерриге а роман кхаа дийнахь йийшира цо шен накъостана. Билггал чаккхе цахилар чIогIа новкъа деънера коьрта турпалхо Сарма ирсе хилийта лууш волчу доттагIчунна.
Динца йоьзна йолу меттигаш цуьнга нисъяйтина, Москва цIавеана дукха хан ялале, мархийн баттахь, Делан къинхетамца, Iумрат деш Макка воьду Габаев Мурат. Цигара цIавеанчул тIаьхьа Чине практике воьду.
Циггахь яздо цо романан тIаьххьара дакъош а. Практикера юхавирзинчул тIаьхьа, Нохчийчу цIа а вогIий, корректор лаха волало къона яздархо. Амма кхузахь а халонаш дуьхьал хIуьтту цунна.
Нохчийн пачхьалкхан университетан нохчийн меттан кафедрехь а гIо доцуш вуьсу иза, роман ешар тIелаьцначу вевзачу поэта а шен дош кхочуш ца до (пхеа баттахь роман шегахь а латтайой, кхин нисъяр ца хуьлуш, юхаерзайо цо), Зорбанан цIийне веъча а гIуллакх ца хуьлу. Эххар а, цхьамма 40 шарахь болх бина йолу нохчийн меттан хьехархо а магайой, цуьнга роман дIа а лой, Москва дIавоьду.
Ши бутт баьлча, ша болх бина яьлла олий, хаам бо хьехархочо. Мархийн беттан юьххьехь хуьлу иза. Хазахетий, цунна ахча дIатосу, цо электронни почтехула роман схьатосу кхунна. Цу хенахь цIа вогIуш новкъахь хуьлу Мурат.
ДIахьаьжча, дукхах долу дакъош нисдина а ца хуьлу. Болх бечу хенахь цхьаъ галдаьллера шен олий, шозлагIа юха а йоьший, рамадан бутт юккъе баханчул тIаьхьа юха а схьатосу корректора роман. Амма цу тIехь юха а гIалаташ карадо (корректор ханна йоккха а йолуш, компьютер лелорехь иза говза цахиларца, йоьзна хуьлу и халонаш).
Кхин гIуллакх ца хуьлий, ша иза йолчу школе дIа а воьдуш, цхьаьна нисъян барт хуьлий, болх дIаболабо. ВорхI дакъа нисдинчул тIаьхьа компьютер галйолий, мел хьегна къа эрна дов. ХIетте а, дIавахале хьалха ах роман нисъян кхуьу Мурат корректорца цхьаьна. ТIаккха деша дIаваха деза.
Москвахь а волуш, бисина болх, кхин шина баттахь, корректора почтехула схьа а туьйсуш, чекхбоккху. Амма хIетте а кегий гIалаташ дуьсу.
Кхин ницкъ ца тоьий, уьш Iадда дуьтий, типографи лаха волало автор. Цхьана баттахь цхьаццанхьа телефонаш еттий, эххар а, Москвахь зорба тохийта сацам бо. Мисарара цIавеачахьана, шина шарахь, роман арахецархьама ахча вовшахдиттинера кIанта.
Макет йийриг 50 эзар гергга сом ахча долий хиъча, иза ша ян волало Мурат, цу кепара, и 588 агIо юха а йоьшуш. Макет а йой, евзачу цхьана йоIа дина сурт а оьций, типографи вахча, ша йинарг нийса ца хуьлий, юханехьа волалой, кхин шина баттахь цу тIехь болх бо.
Цул тIаьхьа, типографехь, шаьш зорба тоха къастийначу хенахь зорбане ца йоккхуш, хьейо книга. Роман арахоьцуш къоначу яздархочо лайна халонаш йовзуьйту ас, амма дерриге-м дийцина а ер яц, уьш кхин а дукха хилла.
Эххар а, 2017-чу шеран кхолламан (январь) баттахь Москвахь зорбане йолу «Синан дIакъастам» книга. Мурат Нохчийчохь а волуш, цигарчу накъоста автобусца схьайоуьйту книгаш. Уьш Соьлжа-ГIала схьакхаьчначу дийнахь, книгийн туькана а, гергарчарна а дIасайоькъий, Москва дIавоьду автор.
Дагахь а доцучу кепара, дуккха наха оьцуш, йоьшуш, гIарайолу цуьнан роман (ешархочун хан кхоийна Iа романах лаьцна иттанаш наха яздина шайна хетарш ца довзуьйтуш.)
Роман язъярца доьзна доцург а довзийта лаьа Габаев Муратан дахарера. ЦIера Эвтарара ву иза. 2007-чу шарахь шен юьртахь №1 йолу школа дашо мидалца чекх а йоккхий, лоьрийн говзалла Iамо дагахь Нохчийн пачхьалкхан университете кехаташ чуло цо.
Цигахь чекх а ца волий, оццу шарахь Воронежерчу Н.Н.Бурденкон цIарахчу Пачхьалкхан медицинин университете деша воьду. Баккхий кхиамаш ца баьхнехь а, дика дешарца университет чекх а йоккхий, 2013 чу шарахь Москва дIавоьду. И.М.Сеченовн цIарахчу Москван Пачхьалкхан медицинин хьалхарчу университетехь (тахана – Сеченовски университет) хирургихула интернатура чекх а йоккхий, академикан В.И.Шумаковн цIарах йолчу трансплантологин а, искусственни меженийн а Iилманан туьшан буха тIехь, доIахан а, жаннийн а трансплантацин отделенехь ординатурехь доьшу.
Лакхахь билгал ма-даккхара, ординатурехь доьшуш а волуш, Чине практике хьажаво иза. Шина шарахь тIехдика дешарца чекхйоккху ординатура. Карарчу хенахь Сеченовски университетехь «Могашалла Iалашъяр а, юкъараллин могашалла а» говзаллица доьшуш ву, «Могашалла Iалашъярна урхалладаран лаккхарчу школин» буха тIехь. Диссертацин болх Нохчийн Республикица боьзна бу.
Школин лакхарчу классашкахь дуьйна, таханлерчу дийне кхаччалц, староста а хилла схьавогIуш ву ша мел доьшучохь (классан, тобанан, курсан, хIинца юкъараIойлехь староста а, Студентийн советан председатель а ву).
Доьшучу хенахь дуккха а грамоташ яьхна. Дика дешарца цхьаьна, буьйсанна болх беш (ша шена хьанал рицкъ а доккхуш) схьавогIуш ву Мурат.
Роман язъяран географи тайп-тайпана хилар гойтуш билгалдаккха лаьа, ша Воронежехь доьшуш а волуш, Мурат Итале кхаьчна хилар а. Цу кепара, Нохчийчохь, Россехь (Москва, Воронеж) язйина ца Iаш, Итале, Мисара, СаIудийн Араве, Чине а «кхаьчна» ю роман.
Дуьххьара ша Москва дIаваханчу хенахь шина шарахь хьуьжарехь дешна а ву М.Габаев. Оццу хенахь нохчийн меттан грамматика Iамо волавелла.
Интернатурехь доьшуш волчу хенахь Шевченко Максиман куьйгаллехь дIахьош хиллачу журналистикин конкурсехь дакъалоцу цо. Кавказаца йоьзначу темина эссе язъян езаш хуьлу.
ТIаьххьара кхо де дисинчу хенахь язйой, толам боккху кIанта. Тоьллачу 20 стагана юкъахь а нислой, «Керлачу медиан ницкъашца экстремизмана дуьхьал хаамийн кампанеш кхочушъяр» курсашка кхойкху.
Цигахь хIора дийнахь журналистикехула, психологихула лекцеш йоьшу кхарна, курсаш чекхъяхарна тоьшалла деш сертификаташ а ло.
Школехь волуш дуьйна язъеш хазахеташ вара Мурат. 10-чу классехь доьшуш волуш, больницехь дарба деш Iуьллучу хенахь, «берийн маттахь» роман а язйинера кIанта, дех дисинарг къуьйсучу доьзалх лаьцна. Амма уггаре хьалха роман язъярна иза ира-карахIоттийнарг, цо дуьххьара ешна йолу Эмиль Золян «Жерминаль» роман яра. Ала дашна, Эмиль Золя а хилла лор. Иза ешчахьана дуккха а еша волавелира хIетахь студент волу Мурат.
Цунна хазахетачу авторшна а, произведенешна а юкъахь уггаре хьалха Толстой ву, тIаккха – Достоевский. Лев Николаевичан «Воскресенье» а (иштта, «Война и мир» а), Федор Михайловичан «Братья Карамазовы» а уггаре чIогIа хазахета цунна. Иштта, Шолохов Михаилан «Тихий дон» а шатайпа дукхаеза.
Дозанал арахьарчу яздархойх А.Дюман а, Дж.Остинан а произведенеш еза. Нохчийн литературехь хаьржинарш – Бадуев СаьIидан «ПетIамат», Айдамиров Абузаран «Лаьмнашкахь ткъес».
Исбаьхьаллин литературел дукхаеза динан литература а, цуьнца цхьаьна – медицинин а.
Нохчийн литературин кханенца йоьзна дегайовхо кхуллуш ву Габаев Мурат. Карарчу хенахь цо язъеш йолу историн керла роман чекхъяла герга яхана, иза а нохчийн маттахь ю. Иштта, оьрсийн маттахь язъеш забаре кхин цхьа произведени а ю цуьнан, иза нохчийн кегийрхойн таханлера дахар ша ма-дарра гойтуш ю.
Шен нийсархошна еша атта долчу, уьш кхетар болчу маттахь яздо Мурата. Тахана кегийрхойн ешарца бала цахиларе хьаьжча, чIогIа мехала ду иза.
12 шо хьалха, хIутосург (май) беттан 27-чу дийнахь кхелхина нохчийн халкъан гIараваьлла яздархо Айдамиров Абузар. Цу дийнахь пхийттара ваьлла Мурат. Дала ларамаза ца нисдина хила а мега иза…
А.МУСАЕВА
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо