Къоначу спортсменийн кхиамаш

ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу Нальчик гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула кегийрхошлахь М.Б.Кудуховна лерина йолу Ерригроссин турнир.

Цигахь дакъалоцуш бара Россин тайп-тайпанчу субъекташкара къона спортсменаш.

Вайн республикера турнирехь дакъалоцуш вара 6 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь.

Шайн-шайн йозаллин категорешкахь совгIатан ши меттиг яьккхира вайн спортсменаша: Минкаилов Мохьмада (55 кг.) – шолгIа меттиг, Сайдулаев Муслима (66 кг.) – кхоалгIа меттиг.

Атта дацара Ерригроссин турнирехь иштта кхиамаш баха, амма и дерриге а дозуш ду жимачохь дуьйна уьш Iамийначу церан тренерех. Уьш бу: У.Сулейманов, М.Дудаев, А.Дудулаев, А.Магомадов.

Карарчу хенахь уьш кечам беш бу СКФО-на чемпионате. Лаьа, вайн спортсменийн лаккхара кхиамаш хуьлийла, хIунда аьлча оцу кхиамашка кхача уьш хьакъ долуш бу.

Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: