Билгалъяьхна ЕГЭ дIаяларан хенаш

Россин Федерацин дешаран а, Iилманан а министерствос шен официальни сайта тIехь 2018-чу шеран Пачхьалкхан юкъара экзамен дIаяларан рожан проект зорбатоьхна.

ДIаялаезачу экзаменийн дукхах йолу хан хIутосург (май) беттан 28-чу дийнера асаран (июнь) беттан 20-гIа де кхаччалц йолчу юкъанна нислуш ю. Хьалхара экзамен географин а, информатикин а предметашкахула хир ю хIутосург (май) беттан 28-чу дийнахь.

Базови тIегIанан математикин экзамен оццу беттан 30-чу дийнахь а, профильни математикин экзамен асаран (июнь) беттан 1-чу дийнахь а лур ю. Химин а, историн а экзаменаш асаран (июнь) беттан 4-чу дийнахь, оьрсийн меттан экзамен 6-чу дийнахь, кхечу къаьмнийн меттанийн экзаменан барта дакъа оццу беттан 9-чу а, 13-чу а деношкахь хир ю.

Иштта, асаран (июнь) баттахь кхин а масех предметехула хир ю экзаменаш. Уьш ю 14-чу дийнахь дIалун йолу обществознанин а, 18-чу дийнахь – биологин а, кхечу къаьмнийн меттанийн йозан декъехула йолу а экзаменаш. Уьш 18-чу дийнахь дIаяла езар ю. Литературин а, физикин а экзаменаш – 20-чу дийнахь дIалур ю.

ТIаьхьалонна дитина денош асаран (июнь) беттан 22-чу дийнера мангалан (июль) беттан 2-чу дийне кхаччалц ду. Хенал хьалха экзаменаш дIалур ю дIадаханчу шерашкахь дешна бевлла, амма цхьацца бахьанашца экзаменаш дIаялар ца нислуш бисинчара.

Царна экзаменаш дIаяла билгалйина хан бекарг (март) беттан 21-чу дийнера оханан (апрель) беттан 4-гIа де тIекхаччалц ю. Экзаменийн мур товбецан (сентябрь) беттан 4-чу дийнера 7-гIа де кхаччалц хир бу.

Базови математикин экзамен 7-чу дийнахь а, оьрсийн меттан экзамен 4-чу дийнахь а лур ю. 2018-чу шарахь оьрсийн меттан, литературин, обществознанин, химин, физикин, ингалсан меттан предметашкахула йолчу экзаменийн тIедахкаршкахь хийцамаш хир бу.

Дешархойн дожарийн чаккхенаш нийса легийна ца Iаш, барта декъехула а гIалаташ дан а мегар дац сочинени язъярехь, ткъа физика предметехула ЕГЭ дIаяларехь астрономин декъехула хаарш долуш хила а безар бу дешархой.

З.ХИЗИРОВА

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: