Жимачу йоьIан дахарехь ирсе де дара иза

ЗаьIап бераш дукха хьолахь чохь хан йоккхуш Iа. Ткъа, цхьаберш, доьналлех буьзна, дахарх, дуьненах самукъадолуш беха. Ишттачарех ю Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнахь куьйган говзаллин кружокехь Iемаш йолу Арсанукаева Иман.

Иманан 9 шо ду. Дуьнен чу яьллачу хенахь дуьйна заьIап ю иза. ЗаьIапхойн гIудалкхи чохь а ю. Цуьнан цамгаре хьаьжжина, Ростов гIалахь 13 операци йина цунна. Юьхьанца араяла а, шен нийсархошца къамел дан а башха лууш а яцара иза. Амма нанна ца лиира, дуьненах дIа а хаьдда, Иман чохь юьсийла. Иза шен нийсархошца цхьаьнакхетийта а, цуьнан самукъадалийта а дукха некъаш лоьхура цо.

Вуно похIме ду йоьIан куьйгаш. Цо ша йинчу зезагийн курсийн суьртех бIаьрг кхийтира инстаграм чохь лакхахь хьахийначу Кхоллараллин цIийнан директоран Исапаева Мадинин.

Иштта, цуьнга кехат а яздина схьакхайкхинера иза цига. Оцу цIийнан директора а, цигахь Iемаш долчу бераша а дукхаезаш тIеийцира Иман. Зезагийн курсаш къаьсттина дика нисло цуьнан. Цул сов, туьтех а, кхийолчу хIуманех а тайп-тайпана куьйган белхаш бо йоIа. Кхоллараллин цIийне хазахетарца йоьду иза.

Дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна, шаьш дакъа мел лоцучу цхьаьнакхетаршка а, шаьш мел доьлхучу метте а шайца юьгу Мадинас Иман. Иза могаш йоцуш а, жима а хиларна, царна массарна а лаьа цуьнан бIаьргаш чохь дуьнене марзо, елакъажар ган. Иза иштта хилийта цара къа а хьоьгура. Иштта, Иманан ирс хилира Къоман музей а, галерей а, кинотеатраш а ган.

Берийн кхоллараллин цIеношна юкъахь дIахьош йолчу кIоштийн а, республикин а конкурсашкахь дакъалоцу Имана. Исапаева Мадинас дийцарехь, карарчу хенахь Ерригроссин прикладни кхоллараллин конкурсехь дакъалаца кечамбеш бу уьш.

Дукха хан йоццуш Нохчийн пачхьалкхан театран-концертийн залехь Хьехархочун денна леринчу даздаршкахь, куьйган белхийн гайтам вовшахтоьхнера Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан куьйгалло а, бераша а. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана хастийра Иман а, цуьнан куьйган белхаш а.

Куьйгалхочо шайн хIусаме хьошалгIа кхайкхина Иман, цуьнан кхоллараллах, дахарх дерг хаа лааран Iалашонца.

Жимачу йоьIан дахарехь иза уггаре а ирсе де хилар гуш дара цуьнан бIаьргаш чу хIиттина хазахетаран хиш гича а.

З.ХАСИЕВА

Суьрта тIехь: Арсанукаева Иман

№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: