Суна дагадогIу, со жима волуш баккхийчара советан Iедал долчу хенахь хилла вайн Соьлжа-гIала юьйцуш. Цара дуьйцура, шаьш цирке а, музейшка а, кинотеатрашка а лелара бохуш. Самукъадолуш дуьйцура баккхийчара шаьш лелийначух лаьцна. Ткъа со ца кхетара церан цу кепара самукъа хунда долура… Я со кхетийла дацара, хIунда аьлча вайн лан безначу шина тiамо дерриге а, дохийча дIадаьккхинера. Хан дIаоьхура… ТIекхечира 2003-чу шеран 23-гIа март. Нохчийн къам машаран новкъа даккха Iалашо йолуш, коьртехь Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, референдум дIаяьхьира. Цул тIаьхьа жим-жимма долуш метта дан доладелира Нохчийчуьра хьал. Ала-м олура, Соьлжа-ГIала а, вайн ярташ а меттахIитто 10–15 шо оьшу-олий. Бакъду теша хала дара. ТIаккха а дикачуьнга са-м туьйсура. Референдум чекхъяллачул тIаьхьа диъ шо даьлча, школехь дешна ваьлча, со Соьлжа-ГIаларчу Нохчийн Пачхьалкхан университете деша веара. Кхин дукха хан яьлла ца хиллехь а гIалахь хилла хийцамаш гуш бара. ТIаккха а дуккха а кхачамбацарш а дара. Студент волчу суна уггаре а хьалха новкъа дерг иза шен хенахь университете дIа ца кхачавалар дара. Масийтта машен хийца езара, цундела шен хеннахь дIа ца кхочура занятешка. Амма дукха хьега ца бийзира и бала. «Беркат» автостанци схьайиллира. Дуккха а нахана дIасабахарна паргIато хилира. Хан дIа мел йоьду а, цкъа хьо хиллачу метте шолгIа кхаьчча меттиг евзаш а ца хуьлура. ХIунда аьлча вайн гIала денна а хазлуш, хийцалуш яра. Нохчийчоьнан пачхье дуьненан уггаре а хазачу гIаланех цхьаъ хир ю бохуш, дуьйцура вайн республикин куьйгалло. Церан коьртачу Iалашонех цхьаъ дара иза. Уьш шайн Iалашоне а кхечира. Соьлжа-ГIалахь Россин премьер-лигин футболан матчаш дIахьур ю аьлча, мила тешар вара цу хенахь? Нийса ду. Цкъа кIеззиг нах бен тешар бацара. ХIунда аьлча дукхахберш Нохчийчу бахка баьхьаш бацара. Амма вайн республике кхечира йоккха футбол. Тахана санна дагадогIу суна 2008-чу шеран 14-гIа март. Оцу дийнахь Соьлжа-ГIалара «Терек» премьер-лигехь дуьххьара шен цIахь, С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь, левзина де дара иза. Цул тIаьхьа соьлжагIалахой 2011-чу шарахь дуьйна Россехь уггаре а тоьллачех цхьаъ йолчу «Ахмат Арена» стадионехь ловзуш бу. Оццу шеран 5-чу октябрехь Соьлжа-Гiалахь «Грозный-Сити» ц1е йолу тIех лекхачу цIенойн комплекс схьайиллира, 145 метр лакхалла а йолуш. И санна йолу комплекс Нохчийн Республикехь хир ю аьлча, иттех шо хьалха цхьа а тешара вацара. Соьлжа-ГIалахь ду Европехь уггаре а даккхийчарах а, хазачарах а долу Кадыровн Ахьмад-Хьаьжин цIарах «Нохчийчоьнан дог» маьждиг а ду. ХIора денна бохург санна, схьайоьллуш ю керл-керла объекташ. Кегийрхошна белхан меттигаш ю. Нахана садаIа паркаш а ю. Вайн пачхьенехь хилла а ца Iа, изза сурт дийнна республикехь ду ала мегар ду. Билгалдаккха лаьа, кестта Соьлжа-ГIалахь схьайоьллур ю «Колизей» олу спорткомплекс а.
Ас баккхийчаьрга ладийгIинчул тIаьхьа, дикка хан яьлла. ХIинца со кхета, церан шаьш лелийначу самукъа хIунда долуш хилла. Суна хIинца хаьа цирк, театр бохург хIун ду а, цигахь хиллачул тIаьхьа самукъа муха долу а, сапаргIат мел долу а. Кхузахь Iан луучунна, муьлххачу къомах и велахь а, паргIат ваха меттиг ю-кх. Баркалла хьуна, Соьлжа-ГIала!
А.АБДУЛАЕВ
