«Грипп» ца кхетийта дан дезаш дерг довзаран Iалашонца Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан №4 йолчу поликлиникехь хилира тхо.
Цигахь тхоьца къамел хилира оцу поликлиникин терапевтан Бацаев Хьамзатан.
Цунах лаьцна цо иштта дийцира тхуна: – ХIора а кIоштахь санна, Заводской кIоштан бахархошна хIора а шарахь прививкаш йо куьпан лоьраша. Царна юкъахь заьIап нах а, баккхий нах а хуьлу. Уьш поликлинике схьакхойкхийла дац. Поликлиникин лоьраша церан цIа а боьлхий йо царна прививкаш. Вайна массарна а дика евзаш а, яьржина а ю «грипп» цамгар. Иза, вайна ма-хаъара, тIейолуш цамгар ю. Цхьаболчара, шайна грипп кхетча а, иза башха тергал а ца йо. Цу тIехь ледарло йо цара. Цара ойла ца йо, цуьнан чолхе тIаьхье хила тарлуш хиларан. Грипп хала инфекцин цамгар ю, хIунда аьлча шен хеннахь цунна дарба ца дича, иза кхераме ю дегIан меженашна. Масала лерса, дог, пехаш талхадо грипп сих-сиха хьакхлуш хиларо.
Хууш ма-хиллара, халкъан медицинан дарбанех лаьцна тайп-тайпана дуьйцу. Цунах лаьцна Хьамзатана хетарг а хиира тхуна.
– Халкъан медицинах гIо хуьлу, нагахь санна билгалъяьккхина цамгар чIагIъелла яцахь. Бакъду, цхьаболчара цамгарна шайггара дарба лелош меттигаш а нисло. Халкъан дарба лелош велахь а, цкъа хьалха лоьрах дагавала веза, – бохура цо.
АСЛАХАНОВА Хеда
Суьрта тIехь: Бацаев Хьамзат
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо