Дукха хан йоццуш М.Ю.Лермонтовн цIарахчу драмин оьрсийн театрехь «Седанан кIант» («Звездный мальчик») спектаклаца дIаболийра театран 80-гIа мур. Спектаклан режиссер Нохчийн Республикин хьакъволу артист Темишев Султан ву.
КIорггера чулацам болуш ю спектакль. Адаман синан хазалла цуьнан тIе бIаьрг хIуттучу куц-кепал маьIне хилар гойту цигахь.
Спектаклан коьрта турпалхо, шена тIехь бIаьрг ца соцуш, массеран а тидам шена тIехIуттуш, вуно хаза кIант ву. Жима а ву иза. Цуьнан 12 шо бен дац. Шен хазалло корта баьхьна, адамашца лараме хила дезар диц а делла, вехаш ву иза. Цхьана шийла еанчу буьйсанна дечиг дан ваханчу цхьана стагана хьуьнхахь карийна, цо кхиийна ву кIант. Оцу стеган шен а ши доьзалхо хилла. ХIара жима бер дукхадезаделла тIелаьцна цара.
Шаьш миска нах бара уьш, амма и кIант а, шайн волуш санна, кхебира. КIентан 12 шо дара шен баккъал йолу нана цунна дуьххьара гича. Иза ирча а, духарца тиша а яра. Оцу бахьанийца кIанта шена тIе ца йитира иза.
Дог дуьйхира ненан. Амма замано гайтира кIантана, дахарехь уггаре а коьртаниг синан хазалла а, дикалла а хилар.
Кегийчу хьовсархойх юьзна яра зал. Цара сема тидам бора актерийн боларан а, къамелан а. Царна дика масал а, хьекъал а лур долуш бара спектаклан чулацам. Спектакль гойтучу хенахь, кест-кеста чIогIа куьйгаш деттарца денлора зал. Иштта цара актерашна хоуьйтура, церан ловзар шайна хазахетийла.
Спектаклехь коьртачу турпалхочун роль ловзийна волу актер Шамсудинов Амирхан ша къона ву. ХIетте а иза дика ларийра режиссера хьалха хIоттийначу Iалашонца. Гуш дара, спектаклехь Седанан кIентан роль ловзош волу актер шен васте вирзина хилар.
Цул сов спектаклехь кхиамца дакъалецира актераша: Муртазалиев Байсангура, Тарамова Миланас, Сагалова Маликас, Элисханов Хьасана, Зайтаев Рашида, Музаева Залинас, Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Махаури Iальвис, Нохчийн Республикин хьакъйолчу артиста Авзаева Хедас, Цацаева Розас, Масаев Юнуса.
Спектаклана кечамбарх а, ролашна актераш къасторах а лаьцна иштта дийцира режиссера Темишев Султана: – Хьаьттан (август) беттан чаккхенехь йолийра оха репетицеш. Театран коьртачу режиссера Павлов Дмитрийс спектаклаца богIуш болу мукъамаш а, оьшуш йолу декорацеш а харжарца доккха гIо-накъосталла дира суна.
Декорацешна а кIезиг хан ца ийшира. Цхьана баттахь гергга кечйира уьш. «Седанан кIант» пьеса аттачарех яц. Дуьненан классика хиларе терра, пьеса хIотто атта дацара. Ролашна актераш къастор уггаре а экаме гIулч ю, хIунда аьлча, билгалъяьккхинчу ролана актер куц-кепаца тера хилла а ца Iаш, цуьнан амал а йогIуш хила еза спектаклехь ша гайта дезачу вастаца.
Билгалъяьккхина постановка хIотторан Iалашо – иза хьовсархошна берийн, нанойн вовшашца хила тарлуш йолу юкъаметтиг гайтар ду. Берашна хаийта лаьара дуьненахь синан хазалле кхочуш хIумма а цахилар.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: «Седанан кIант» спектаклехь
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо