Дукха хан йоццуш Берийн библиотекехь исбаьхьаллин ешаран «Поэтические нотки» студин цхьаьнакхетар хилира. Евзаш йолчу оьрсийн яздархочун Цветаева Маринин кхоллараллина лерина дара и цхьаьнакхетар.
Библиотекин ешархой, жигархой бара цигахь дакъалоцуш. Библиотекин белхахо Якубова Айсет яра цхьаь накхетар дIахьош. Цветаева Маринин дахаран некъах а, цуьнан башхачу кхоллараллех а лаьцна дийцира цо. Царна хиира яханчу заманахьлерчу бевзаш болчу яздархоша тIаьхьенашна литературин боккха бахам битина хилар. Церан романаш, дийцарш, байташ, этюдаш, дагалецамаш, ойланаш, иштта кхиерг а ю.
Цветаева Маринин кхоллараллех лаьцна дийцинчул тIаьхьа, берашна юкъахь литературин конкурс дIаяьхьира. М.Цветаеван байт уггаре а дика ешначунна луш яра хьалхара меттиг. Конкурсан дакъалацархоша шайн хьуьнарш гайтира. ХIора а дакъалацархочо ша олучу дешнийн маьIнех дика кхеташ, ойланехь суьрташ а хIиттош, йоьшура байташ. Гуш дара, М.Цветаеван кхолларалла царна дика евзаш а, езаш а хилар.
Жюрин декъашхоша Медиатекин отделан заведующис Мусаитова Зулихана, библиотекарша Джемалдаева Мадинас, Авдуева Миланас конкурсан толамхой билгалбехира. Жюрин сацамца конкурсехь хьалхара меттиг Эльбукаев Мохьмада яьккхира, шолгIа меттиг – Абубакарова Имана, кхоалгIа меттиг Халимова Мархина елира. Царна Сийлаллин грамоташ а, совгIаташ а делира.
Конкурс чекхъяьллачул тIаьхьа, библиотекара Бекаева Айзана «Чудеса приключений», «Истоки», «Вокруг света» журналийн обзор йира.
З.ИСАЕВА
№82, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 20-гIа де, 2017 шо