Толлуш ю меттигерчу куьйгалхойн белхан эвсаралла

Карарчу шеран эсаран (октябрь) беттан 16-31-чуй деношкахь Нохчийн Республикин экономикин а, мохк кхиоран а, махлелоран а министерствон сайта тIехь дIахьош бу меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн куьйгалхойн белхан эвсаралла талларан Iалашонан рогIера (боьалгIа) хаттам (хаттамна тIетовжарш республикин кIоштийн администрацийн сайташ тIехь а ду).

Республикин бахархошка кхойкху оцу хаттамехь жигара дакъалацаре а, меттигерчу хьаькамаша коммунальни бахамца а, транспортаца а доьзна шайн декхарш кхочушдар довзийтаре а.

Иштта, хаттамехь дакъалоцуш мел волчуьнга дехар до, хаттаршна хоржуш долу (я яздеш долу) жоьпаш кхачам боллуш хилийтар.

Билгалдаккха догӀу хаттамехь довзийтинчу хаттаршна жоьпаш делла (хаьржина я яздина) ца Ӏаш, бахархойн хӀора а хаттарца доьзна шайна хетарг (предложени) довзийта а йиш хилар.

Хаттам чекхбаьллачул тIаьхьа, цуьнан жамIаш довзуьйтур ду Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин сайта тIехь. Цул сов, хаттаман жамIаш диначул тIаьхьа, Экспертийн комиссис кеч а йина, Нохчийн Республикин куьйгаллина йовзуьйтур ю меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн а, муниципальни предприятийн а куьйгалхойн белхан эвсараллин мах хадоран «система».

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: