Туристийн могашалла а, дахар а лардарх лаьцна

Нохчийчуьрчу «Ведучи» а, Кхарачойн-Чергазийчуьрчу «Архыз» а курорташкахь туристийн могашалла а, дахар а лардарх лаьцна дийцира Россин Правительствон Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу министерствехь дIаяьхьначу кхеташонехь. Иза дIаяьхьира оццу ведомствон куьйгалхочун хьалхарчу заместитела Байсултанов Одеса.

Цигахь дакъалецира Къилбаседа Кавказерчу туризман кластеран урхаллин «Къилбаседа Кавказан курорташ» компанин а, страхованин «РЕСО-Гарантия» юкъараллин а векалша. Дагадоуьйту «РЕСО-Гарантия» юкъаралло туристийн могашалла а, дахар а лардаран программа ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу «Эльбрус» курортехь хIинцале а кхочушъеш хилар.

Байсултанов Одеса билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказан туризман кластерна юкъайогIуш мел йолчу курорташкахь туристийн могашалла а, дахар а Iалашдаран программа цхьаъ хила езаш хилар.

«Схьахетарехь, туризман кластерна юкъайогIуш йолчу курорташкахь туристийн дахар а, могашалла а Iалашъяран программа цхьаъ яцахь а, вовшах тера йогIуш мукъа хила еза. Цундела вай баркалла боху «РЕСО-Гарантия» юкъараллина, хIунда аьлча «Эльбрус» курортехь ша кхочушъеш йолу программа вайн кластеран кхечу курорташкахь дIасаяржо иза резахиларна», – элира цо.

«РЕСО-Гарантия» юкъараллин директоран заместитела Сарибегов Григорийс дийцарехь, церан компани туристийн могашалла а, дахар а лардина ца Iаш, лазийначу клиенташна сихха (экстренни – авт.) орца кхачо аьтто болуш а ю.

«Къилбаседа Кавказан туризман кластерна юкъайогIучарах тера йолчу курорташкахь профилан медучрежденеш яхкаран доккха зеделларг долуш ю тхан юкъаралла: штатехь лоьраш а бу, медицинин гIирсаш а бу, молханийн комплекс а ю», – билгалдаьккхира цо.

Иштта, кхеташонан дакъалацархоша йийцаре йира страхованин тарифаш а, страхованин программех цхьаъ лакхахь хьахийначу шина курортехь кхочушъяр а.

Страховка шина кепара хила тарлуш ю: 100 сом а, 150 сом а доьхуш (дийнахь): 100 сом доьхучу страховкано туристана курортан лыжаш хахкаран некъа тIехь хиллачу зен-зуламна бен харж меттахIоттор яц, ткъа 150 сом доьхучо – лыжаш хахкаран некъаш тIехь а, курортан кертахь а хиллачунна.

Цул сов, кхеташонан дакъалацархойн сацам хилла лыжаш хахкарна мегаш йоцучу меттигашкахула хехкалуш хиллачу а, курортан кертахь хIоттийна къепе талхорца хиллачу а зен-зуламна страховка ца яла.

Байсултанов Одеса билгалдаьккхира ша оцу программашна резахилар а, иштта, страховка, паспортаца хилла ца Iаш, кхечу кехаташца а эцалуш ян езаш хилар а.

И.ИСЛАМОВ

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: