«Казбек» технопарк яр жигара дIахьош ду

Нохчийн Республикехь гIишлошъяран коьчалш яран коьртачу меттигех цхьаъ хилла дIахIуттур ю Шелан кIоштарчу Чуьйри-Эвлахь еш йолу «Казбек» технопарк.

Оцу хьокъехь инстаграмерчу шен агIонехь яздинера Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, технопаркан гIишлошъяран белхаш дIахьочохь ша хиллачул тIаьхьа.

Цо билгалдаьккхира буьззинчу барамехь объекташ болх бан юьйлаелча, коьртачу а, йозучу а производствошкахь бархI эзар гергга стагана белхан меттигаш хирг хилар.

«Нохчийн Республикина чIогIа мехала гIуллакх ду иза. Чуьйри-Эвлахь а, луларчу ярташкахь а болх боцуш нах дуккха а бу. Кегийрхошна белхан меттигаш хилийта дика таро лур ю технопарко», – элира Р.Кадыровс, гIишлошъяран майданах ша бIаьрг тухучохь.

«Казбек» технопаркана юкъайогIу гIишлошъяран коьчалш ен йиъ завод. Цигахь йийр ю: газобетонан блокаш а, тхов тIе йохку экъанаш а (шарахь 294,4 эзар кубан метр); кир (шарахь 32,4 эзар тонна); гIишлошъяран екъа коьчалш (шарахь 74,1 эзар тонна); фиброцементан хIуманаш (шарахь 804 эзар квадратан метр). Проектехь ю кхин а кхо завод.

Белхаш дIабахьаре бIаьрг тухучу хенахь технопаркан коьртачу директора Байсултанов Асвада Р.Кадыровна хаийтира киранан завод йина яьлла хилар, вуьш сихачу боларшца еш хилар.

«Кхузахь Россина керла йолу инновацин технологеш а, тоьлла немцойн оборудовани а лелор ю, и бахьанехь коьчалийн дикалла лаккхарчу тIегIанехь хир ю», – элира А.Байсултановс.

А.СУЛИМАНОВА

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: