США коьртехь йолчу коалицин кеманаша бомбанаш, ракеташ йиттина Ракка (Шема) шахьара. Дукхах долу цIенош дохийна, хьакхлагIашка дерзийна. Оцу шахьарара лаххара а цхьа эзар маьрша стаг вийна. Царна юкъахь зударий а, бераш а, къаной а бу. Терроризмана дуьхьал иштта къийсам дIахьош ю-кх Iамарк а, малхбузера кхийолу пачхьалкхаш а.
***
Шемин Iедалан эскарша, Россин авиацис гIо а деш, тIаьхьарчу хенахь баккхий кхиамаш боху дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал дIахьош болчу луьрачу тIамехь. Масех де хьалха кхин а цхьа гIала схьаяьккхина «Иблисан пачхьалкхан» гIеранашкара. БIеннаш террористаш хIаллакбина, йохийна церан тIеман техника.
***
Мисаран коьртачу шахьарахь КъахIирехь боккха некъан транспортан бохам хилла. Киралелош йолу йоккха машен («фура») кегийчу машенашна тIекхетта. Оцу боха- мехь 16 стаг кхелхина, 9 стаг лазийна. Бакъонаш ларъяран органаша дIахьош ду талламаш баран гIуллакхаш.
***
ОвгIанехь стомара рогIера эккхийтар дина. Иза тIеман базина уллехь хилла. Оцу бохамехь 17 тIеман курсант кхелхина, иттех курсантана чевнаш хилла. Мехкан кхерамазаллин ницкъаша цул тIаьхьа дIаяьхьначу тIеман операцехь лаххара а 40 террорист хIаллаквина. Оцу хьокъехь хаам бина ОвгIанан оборонин министерствон векалша.
***
Малайзин къилбаседа-малхбузен декъехь чIогIа догIанаш даьхкина хиларца доьзна токхамаш хилла. Iаламан бохам хилар бахьанехь 16 стаг кхелхина, масех стагах хилларг хууш дац. Иштта, дохийна бахархойн иттаннаш цIенош. Бохаман тIаьхьалонаш дIайохуш бу Iедалан векалш. Цара тIелаьцна бохам хиллачарна гIо-накъосталла дан.
***
Iамаркан Президент Д.Трамп ГIажарийчоьнна Iаткъам бар алсамдаккхаран Iалашонца оцу пачхьалкхана дуьхьал керла санкцеш юкъаяло дагахь ву. «ГIажарийчоьнна дуьхьал санцкеш яр кхин а чIагIдарехь Евросоюзера гIо-накъосталла оьшуш вац со», – аьлла дIахьедина цо хIокху деношкахь.
***
Японин Парламентан лахарчу палато харжамаш бар дIадаьхьира кIирандийнахь (22.10.2017 ш). Харжамхоша жигара дакъа а лоцуш, талхораш а доцуш дIадахара кхаж тасар. Харжамийн коьртачу комиссин юьхьанцарчу жамIашца дукхах болчу харжамхоша кхаж тесна Iедална куьйгаллехь йолчу коалицин партигахьа. Цо таро лур ю цунна керла правительство вовшахтоха а, цуьнан куьйгалле шен векал хьалхататта а.
***
Киевехь (Украина) Лакхарчу Радина хьалха митинг хилира эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь. Цигахь къамел дира М.Саакашвилис. Цо дIайовзийтира 70 дийнахь Iедал хийцаран план. Митингехь вовшахкхеттачеран полицин белхахошца тасадалар хилира. БIаьрг белхош йолу газ тоьхна уьш дIасалаьхкира полицис.
***
Россин Президента В.Путина Казахстанан Президент Н.Назарбаев декъалвира шина пачхьалкхана юкъахь дипломатин юкъаметтигаш йолу 25 шо кхачарца. Цо билгалдаьккхира и юкъаметтигаш шо-шаре даларца чIагIлуш а, доттагIаллин зIенаш шорлуш а хилар. Россин уггаре а тешаме лулахо ю Казахстан.
***
Вайн мехкан экономика кхиаран новкъахь хилар билгалдаьккхина дуьненаюкъарчу валютин фондан куьйгалло. Цунна тоьшалла лору цо Россехь инфляцин барам а, белхазалла а лахлуш хилар. Европерчу пачхьалкхашна бечул дуккха а кIезиг бу санкцеша Россин экономикина беш болу Iаткъам.
№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо