ДогIа догIу

ДогIу догIа, йоьлху стигал, лаьтта оьгу тIадамаш.
Ерриге стигал дIалаьцна, тIеязъелла го мархаш.
ЦIарца тухуш стелахьаьштиг, доккхуш дуьне а сирла,
ГIерта-те и адамашна гайта бала шегара.

Ду техьа стигалан елхар адамийн ледарлонна.
Дас-нанас шаьш дIатесна, буо диссинчу берашна.
Шиннан юкъаметтиг йохо цхьамма доцург кхолларна,
Везачух а яьккхина йоI кхечуьнга дIаяларна.

Йоьлху-те и ши лулахо вовшийн чу цавахарна,
Я хьеше букъ берзабойтуш, цхьамма гIуй дIаболларна,
Йоьлху-те вашас вешина ямарт хилар гайтина,
Я доттагIчо доттагIчуьнан шех тешам а байъина.

Йоьлху-те стигал ца лайна къонахчо дош хийцича,
Яхь ца яла, са делла а, лардина сий дайъича,
Йолху-те, къена да-нана доьзало дIатесча,
Шен йишин кхетам кхиорна вашас само ца йича.

Йоьлху-те, шен Далла дуьхьал гIорасиз лай гIаттарна.
ЦIергахь ша вагориг хилар, цо шеконе дилларна.
Лаьтта тIехь нийсо дIахIотто долу шен сийлахь декхар.
Ша кхочушцадарна доцуш, шен Деле гечдар дехар.

Йоьлху-те, Даймохк мостагIчо мелчу цIийлахь карчийча,
Шаьлтанан меттана межарг шен гIодах а бихкина,
Шега ян хан йиллина йоI нийсархошна йитина,
Шен са дадийна кIилло стаг махках ваьлла карийча.

ХIорамма сий коьрта ларахь хийцалур ду адамаш.
ДIасовцур ю уьш бахьанехь йоьлху сийна стигланаш,
Хезар ду Iуьйранна бешахь дека зевне олхазарш,
Маьлхан зIаьнарша дохдича, делалур ду зезагаш.

НАЗИРОВ Лукъман

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: