Шемарчу тIамах кIелхьарабаьхнарш Соьлжа-ГIала схьабалийра

ХIокху деношкахь, рогIера кIелхьарабаьхнарш а балош, Шемара леррина кема деара Соьлжа-ГIаларчу аэропорте.

Юнусов Мохьмад / «Даймохк»

Оцу тIехь, кIелхьарабаьхначаьрца цхьаьна, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Герггарчу Малхбалерчу а, Къилбаседа Африкерчу а мехкашкахула волу векал а, сенатор а волу Сабсади Зияд вара.

Аэропорте царна дуьхьал веанера республикин Парламентан вице-спикер Жамалдаев Шаид, Нохчийн Республикехь берийн бакъонаш ларъяран векал Хирахматов Хьамзат, кIелхьарабаьхначеран гергарнаш, кхиберш.

Лерринчу рейсаца Шемара Соьлжа-ГIала балийначарна юкъахь 7 зуда а, 14 бер а ду: Нохчийчуьра Юшаева Роза а, цуьнан 4 кIант а (1 шарера 7 шаре кхаччалц), Дагестанера Абакарова Замидат а, цуьнан 3 йоI а (1 шарера 10 шаре кхаччалц), Курбанова Муслимат а, цуьнан 1 йоI а (3 бутт болуш), Шайхахмедова Наида а, цуьнан 2 бер а (1 шарера 2 шаре кхаччалц), иштта, 10 шо долу Нурмагомедов Мухьаммад а.

Сабсаби Зияда дийцира и нах кIелхьарабахаран гIуллакх Россин оборонин министерствос а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу юкъараллин фондо а бертахь дIадаьхьна хилар.

– Гуманитарни операци яцара иза. Иза Россин оборонин министерствос дакъа а лоцуш, дIаяьхьна тIеман операци яра. Оцу ведомствон 150 сов векала дакъалецира оцу операцехь, вайн махкахой кIелхьарабохуш, – элира цо.

Билгалдаккха догIу Шемара россихой цIаберзоран декъехь деънарг ялхалгIа кема хилар. Хьаьттан (август) баттахь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дIадолорца, Герггарчу Малхбалера 50 сов зуда а, бер а цIадерзийна.

М.ЮНУСОВ

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: