Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира керлачу министраца

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран керлачу министраца Баширов Iусманца.

Р.Кадыровс, керлачу министран болх беркате хуьлийла шена лууш хилар дIа а хаийтина, билгалдаьккхира цунна «кхаьчнарг» уггаре а жоьпаллечу министерствех цхьаъ хилар.

«Хьайн белхан бакъволу говзанча а, лаккхара жоьпалла долу стаг а санна вевзаш ву хьо тхуна. И дерриге а хьесапе а эцна, со тешна ву, Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министерствона хьалха лаьттачу декхаршца хьо ларориг хиларх. Шун балхах йоьзна ю социальни декхарш кхочушдаран дикалла, ткъа цуьнца цхьаьна, юкъараллин дог-ойла а. Дала аьтто бойла шун», – элира цо.

Шех тешарна республикин Куьйгалхочунна баркалла элира Баширов Iусмана. Ша куьйгалле хIоттийчахьана къинхьегаман министерствехь хиллачу хийцамех лаьцна а дийцира цо.

«Суна доккха дозалла хета хьан тобанехь болх бар. Баркалла хьуна, иштта таро яларна. Ас дош ло хьуна, хьан тешам ца байа, суо ца кхоош, ницкъ кхочучу кепара болх бан. Кадрийн а, структурийн а цхьамогIа хийцамаш бина ас. Со тешна ву и бахьанехь тхан белхан эвсаралла лакхаериг хиларх. Иштта хьоьга хаам бан лууш вара со, кестта масех маьIне социальни объект схьаелла дагахь ду тхо. Царах ю Къаьсттина хьашташ долчу берашна лерина туш а, Берийн могашалла тояран «Ламанан Бена» лагерь а, Нажи-Юьртан кхиазхошна лерина реабилитацин туш а», – элира I.Башировс.

Ведомствона юкъа мел йогIучу учрежденин болх таллар тIедиллира Кадыров Рамзана керлачу министрана. Церан балхахь ледара агIонаш гучуяьхна, уьш эвсаре ярехь къахьега дезаш хилар билгалдаьккхира Республикин Куьйгалхочо.

А.ВАХАЕВА

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: