Вай декхарийлахь ду вайн хьехархошна

IMG_0780

Тахана вайн берашна санна, селхана вайна а тайп-тайпанчу Iилманех а, дахарах а, юкъараллин дIахIоттамах а хаарш луш берш хьехархой бу.

 Церан а, дешаран декъан белхахойн а корматаллин дуьненаюкъара де билгалдоккху 5-чу октябрехь. Ала деза, ЮНЕСКО-с иштта бакъо 1994-чу шарахь тIеэцале а СССР-хь и де билгалдоккхура 1965-чу шарахь дуьйна. Берриге а хьехархойн белхан мах хадон и де баккъал а дезде хуьлу  дешаран ерриге а учрежденешкарчу дешархойн а, хьехархойн а.  

Шеко йоццуш, вай декхарийлахь ду вешан хьехархошна. Иштта ойла кхоллаелира сан ТIехьа-Мартан № 2 йолчу школин «Динан истори» хьехархочо, оцу юьртарчу маьждиган имам а, районан къеда а хиллачу Сулейманов Къосама шен хьехархочух Мадиева Мошех лаьцна дуьйцуш:

– Мошех лаьцна олийла дац цуьнан хIусамда Хьамзат дага а ца лоцуш. И ший а нохчийн мотт а, литература а хьоьхуш хилла тхуна. Даггара шайн предметаш езаш а, тхуна уьш езийла лууш а къахьоьгуш дара и шиъ. Деккъа цхьана байтан я дийцаран чулацам буьйций ца Iара ший а, вайн къоман гIиллакх-оьздангаллех, Iадатех, ламастех, къонахаллех, даймохк безарах масалш карадора муьлххачу а темех лаьцна дуьйцуш. Эсала, оьзда дара ший а. Тхайн вон леларца церан оьздангалла цаярна, царах кхехкаш хуьлура тхо.

Боккху ког а, олу дош а дустуш, дукха лерина адамаш, кхетаме хьехархой хиларе терра, тхоьгахь долчу гIиллакх-оьздангаллин лард  Мошас а, Хьамзата а йоьттина аьлча, со мисхал а гIалат хир вац. Тахана сайх хьехархо хилча хаьа суна и лаккхара ийман а, собар а оьшуш болх хилар, цундела  цу шинна а, берригечу сайн хьехархошна а баркаллица веха со.

Ткъех шо  сов хьалха цуьнан хиллачу дешархочо иштта башха дешнаш шех аьлла хьехархо йовза болчу лаамца нисъелира со Мошас болх бечу школе. Хьехархо 8-чу классехь нохчийн меттан урок луш яра. Ас дийхира суо уроке яийтар. Дерриге а девза аьлла хетташехь, «Предложени а, дешнийн цхьаьнакхетарш а» темех керланиг девзира суна а, цул сов, дош фонетикин агIор толлучу дешархочо а дагаяийтира генна дIаяхна зама.

Аьхначу маттаца, кIедачу озаца, дешархошна шайн ненан меттан Iилманан а, цуьнан исбаьхьаллин дешан а агIонаш йовзуьйтура хьехархочо. Кхин ткъех шо даьлчий бен, хама бийр боцу ирс дара берийн, ткъа церан  бIаьргаш чохь-м сихха даккхий а хилла, дуьне довза лааран суйнаш догура…

1976-чу шарахь Нохчийн-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультет чекхъяьккхина къона йоI ТIехьа-МартантIе хьехархочун балха хьажийра.  Кху юьртан яхархо а, кху школин хьехархо а Моша йолу 38 шо ду. Да-нана ший а хьехархо долчу МадиевгIеран доьзалехь 3 кIант а, ши йоI а кхиъна. Школехь дика дешарца а, хазачу гIиллакхца а къаьсташ бара уьш. Тахана массарна а шайн дахаран некъ карийна. Церан доьзалшкахь а кхуьуш ду бераш. Шайна шайн дас-нанас – хьехархоша Iамийна дахаран зеделларг царна хьоьхуш кхиадо уьш цара.                                                                                                 – ХIун оьшу адамна хьехархо хила? – шега динчу хаттарна жоп луш Мошас дийцира:

– Кху 38 шарахь ас еллачу массо а урокана ялахIоьттина хIоранна а кечам бина-кх ас. Хьехархочун белхан хьал ца девзачунна моьтту хир ду, уроке вахарх и кхочуш хуьлу. Ала деза, школехьчул а дукха болх бина ас цIахь. ХIунда аьлча кхана айса лун йолчу урокана кечам беш, хIора а сайн дешархочунна кхета атта хин долу некъ лохуш къахьегарна. Еккъа урок елча а ма ца волу хьехархо, нагахь классан куьйгалхо велахь, хьан кхин а алссам декхарш хуьлу, хьо коллективаца болх бан декхарийлахь ву. Де-дийне мел дели а аттачу болуш болх а бац хьехархочун болх, мелхо а иза кхиа везаш а, цунна довза дезаш а дерг  алсам хуьлу. Хьехархо хила луург бераш дукхадезаш а, хIора дийнахь керланиг довза а, и лаха кийча а, берийн психологи евзаш а хила веза. Цкъа а мегар дац берана вас ен, цунна чов ен хIума дан. «Иза-м бер дара, берашна-м сиха дицлора», – бохург дага даийта а мегар дац. Берана хьуна дицделча а ца дицло. Царна лакхара омра а ца деш, я лахара  хьеста а ца луш, уьш ахь лучу урокан а, шаьш школехь йоккхучу хенахь хьайн а накъостий бан беза. Хета тарло, хIора шарахь керл-керла болу дешархой цхьа «конвейеран» хьесапехь бу. Хьайна хьехархо хила лаахь, дицдала мегар дац, Дала хьайниг  кхоьллинчу дийнахь са кхоьллина адамаш уьш хилар а, вайн дахаран кхане цаьргахь хилар а. Доцца аьлча, хьайхь а адамаллин ойла юьсур йолуш, дуьхьал кхетча «чхам» аьлла хетар доцучу агIор къахьега деза.

Дешаран керла шо боккхачу лаамца долийна Мошас. Цуьнан къайле а йийцира цо:

– Вайн чуьра ши кIант ву Австрехь вехаш. Кху аьхка цига хьошалгIа яханера со. Хьайн могашалла а тоеш, тхоьца Iахьара хьо бахарал сов, суна Европин дукха хаза меттигаш гойтуш къахьийгира цара. Швейцарера уггаре а йоккхачу чухчари тIе йигира, лаьмнашкарчу «Ченан бун» олучу меттиге кхачийра, еа пачхьалкхийн дозанца Iуьллучу юкъарчу Iоме йигира.

ЧIогIа цIена, хаза меттигаш дукха ю Европехь. Ткъа цигара адамаш низамца, къепе хиларца, даима а белабелла бIаьра хьажарца къаьста.

Новкъа нехаш юхкуш, я цигаьркийн юьхкаш кхуьйсуш, я дассийна шишанаш машенийн корашкахула аралестош ца гира суна. Цаьрга къепе ларъе, низамца хила бохуш хьехарш деш къепе ларъен гIаролхой а ца байра суна. Иза цигарчу къаьмнийн дахаран хьал хиларх цхьа а шеко яц. Цигара мехаллаш мел евзи а, суна лаьара, вешан къоман гIиллакх-оьздангаллица иштта цIано езаш, къепе ларъеш, низамца вай хуьлийла. Цунах лаьцна сайн дешархошна дийца лаам бара сан, амма иза мел башха меттиг елахь а цигахь Iан ойла ца кхоллаелира.  Цул сов, «Беза хьо, нана-мохк, дай баьхна латта!» – бохучу дешнийн маьIнин духе кхечира со. Цигахь биснарш сайн доьзалш боллушехь, суо цIа еана тIаьхь-тIаьхьа йоккхае со. Тахана сайн балхаца, дешархошца, коллективаца сапаргIат ю со.

2-чу школин дешаран декъехула директоран заместитела Гучигова Балкана дийцира Мошас бечу балхах лаьцна а, ша а и болх, бераллехь дуьйна а Мошех терра хьехархо хила лууш хиларна харжар а.

– Мошига кхочуш болх бан карах долуш а, цунна санна и безаш-бевзаш  стаг наггахь а хир вац. Нохчийн мотт хьехарал сов, цунах лаьцна классал арахьара мероприятеш цо санна безамца кечъян похIма долуш хьехархой а кIезиг хир бу. Ткъа мел боккхачу безамца вовшахтоьхна цо школехь Мамакаев Мохьмадна лерина литературин музей. ХIора шарахь а и башха яздархо вина

де тIекхочуш школехь доккха дезде хIоттадо Мошас. Дукха хан йоццуш, нохчийн зударийн Денна лерина кIорггера кхетош-кхиоран маьIна долу мероприяти а йира цо ша куьйгалхо йолчу 6-чу классехь.

Нохчийн меттан урокаш а дукха лерина дIахьо цо, хIора а дош дийна долуш санна, экама болх бо цуьнца. Ца кIордош болх бо къоначу хьехархошца а, шен белхан зеделларг доькъу цаьрца. Даима а тхуна оьшуш, ца хилча йиш йоцуш ю тхан Моша. Дала могашаллица дукхаяхайойла иза.

Хаза ду-кх шен дешархочун а, белхан накъостан а, куьйгалхочун а шех ала иштта хаза дош долуш хьехархо хилча. Хьехархойн денца ТIехьа-Мартан № 2 йолчу школин нохчийн меттан хьехархо Мадиева Моша а,  цо болх бен коллектив а, районан Дешаран декъан белхахой а оха а бо даггара декъал.

Дала аьтто бойла церан а, вайн махкарчу берриге а хьехархойн а.

 

Т.САРАЛИЕВА

Авторан суьрта тIехь: М.Мадиева урокехь     

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: