Вайн республикерчу къоначу артистех цхьаъ ю эшаршлакхархо Радуева Карина.

Тюменан областан Голышмановн поселкехь йина а, кхиъна а ю иза. Цигахь №2 йолчу школехь дешна цо. Дений-нанний чIогIа лаьара шайн йоI Iад-хьокху пондар лакха Iама. Цундела цуьнан 6 шо кхаьчча музыкин школе дIаелла иза.
Музыкин школехь, Iад-хьоькху пондар Iамочу юкъана, хорехь а дакъалоцуш хилла цо. Цигахь, хьехархочунна йоьIан похIма гучудалар бахьана долуш, эшарш лакха Iамочу классе дехьаяьккхира.
Шен 8 шо кхаьчча дуьйна Каринас тайп-тайпанчу конкурсашкахь а, фестивалашкахь а дакъалоцуш, хьалхара меттигаш йохуш хилла.
Карина йоккхах ерг йолуш, церан доьзалехь ши бер хилла. Кхиар Нохчийчоьнна генахь хиллехь а, дас-нанас нохчийн гIиллакхаш а, Iадаташ а Iамийра цунна.
Тюменан областера цIаберзар 2016-чу шарахь хилира. Карарчу хенахь Мамакхин-Юьртахь Iаш а бу доьзал.
Музыкин школехь Iад-хьокху а, вокалан классаш чекхъяьхначул тIаьхьа, Карина, 2013-чу шарахь, Тюменан Культурин институтан «Эстрадни-джазови вокал» факультете заочни кепехь деша яхара.
Карарчу хенахь цигахь доьшуш а ю, хIокху шеран гIуран (декабрь) баттахь дешна йолуш а ю иза.
Иштта, Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнехь, берашна эшарш лакха Iамош, хьехархо ю иза.
Каринас дуьйцура: «Шен цхьа Iалашо йолу стаг юха а ца волуш ша схьалаьцначу некъа тIехь чекхвала хьажа веза, къахьегаре терра бен ца хуьлу аьтто. ХIора эшаран шен кхоллам а, чулацам а бу. Цундела, къастийна йоцуш, ерриге а эшарш хазахета суна, хIунда аьлча, массо йиш а, мукъамаш а хазахеташ ю со».
2016-чу шарахь «Синмехаллаш» проектехь Шелан кIоштан культурин отделан белхахойн тобанца дакъалоцуш хилла иза.
Х.АСЛАХАНОВА
Суьрта тIехь: Радуева Карина
№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо