Берашна дика совгIат

ДIадаханчу кIиранах Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь дIадаьхьира дукха хан йоццуш вайн республикин Яздархойн союзо арахецна нохчийн яздархоша берашна лерина язйина книгаш йовзийтар. Халахеташ делахь а, дукха хан яра вайн республикехь оцу барамехь берашна лерина литература араялаза.

Цигахь дакъалоцуш бара республикин Iедалан белхахой, бевзаш болу яздархой, поэташ, Iилманчаш, Хасавюьртара баьхкина нохчийн меттан хьехархой, кхиболу хьеший. Царах хIора а берийн литература кхуьуш хиларх боккха кхаъ хилла веанера.

Хьалхара дош олуш, вистхиллачу Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатела Ибрагимов Кантас билгалдаьккхира, шайн берашна нохчийн мотт хуур бац, цигахь иза Iамон аьттонаш а бац, ненан маттахь берашна лерина книгаш а яц бохуш, Европехь бехаш болу вайн махкахой а саготта хилар. Ткъа хIинца хIокху гIуллакхо церан а аьтто бийр бу.

Араяьлларг ерриге а ялхийта книга ю (кхин йиъ зорба тохийта дIаелла ю).

К.Ибрагимовс дийцарехь, араевллачу книгех тоам бина ца Iаш, тIейогIучу хенахь цу агIор кхин а болх дIабахьа дагахь ю Союз.

Цул тIаьхьа вистхиллачу Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас а лаккхара мах хадийра Нохчийн Республикин Яздархойн союзо берийн книгаш арахоьцуш бинчу белхан.

Аьхначу ненан маттахь язйина а, хаза дехкинчу суьрташа къагийна а ю книгаш. Вайн бераша уьш хазахетарца тIеоьцург хиларх теша а лаьа. Нохчийн меттан чам, беркат довзийтина ца Iаш, вайн дайшкара дуьйна схьадеана долу вайн гIиллакхаш а довзуьйту авторша шайн говзаршкахь.

Хьалха вай хьахийна хиллехь а, юха а карлайоху зорба тоьхначу книгийн авторийн цIерш. Уьш бу: Э.Мамакаев, М.Ахмадов, М.Бексултанов, М.Арсанукаев, Ш.Макалов, А.Исмаилов, М.Сейлмуханов, З.Сулейманова, А.Ахматукаев, З.Ирисханова, П.Абубакарова.

Хасавюьртара баьхкинчу хьехархоша баркалла элира кхузахь шайна дика хьошалла дарна.

«…Тахана санна, хIора шарахь, иштта хаза, дика тхо тIелацарна баркалла, Дела реза хуьлда шуна. Дукха дахадойла шу тхуна а, вовшашна а…», – бохура цара.

Книгаш оьшучара (библиотекаша) Нохчийн Республикин Яздархойн союзе заявкаш чуелчахьана книгаш хирг хилар а хаийтира и гIуллакх вовшахтоьхначара.

Вайн къоначу эшаршлакхархоша шайн зевнечу аьзнашца самукъадаьккхира презентацехь гулбеллачеран.

Л.ИБРАГИМОВА

М.ЮНУСОВН суьрташ

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: