Эсаран беттан 22-гIа де, 1917 шо. Девкар-Эвлахь вина Зубайраев ЯрагIи, актер, Россин Федерацин хьакъволу артист.
1933-чу шарахь хIетахь нохчийн театран директор хиллачу Авторханов Iабдурахьмана валийра къона ЯрагIи театре. Дукха хан ялале Тбилисерчу пачхьалкхан театрехь вовшахтоьхначу нохчийн студе деша хьажаво иза кхечу актерашца цхьаьна.
1936-чу шарахь цигара цIавирзичхьана шен дахаран тIаьххьара де тIекхаччалц Х.Нурадиловн цIарахчу театран сцени тIехь чекхделира похIмечу актеран дахар.
200 сов васт кхоьллира цо 50 шаре гергга дахделлачу шен кхоллараллин дахарехь. С.Бадуевн «ЦIен гIап», «Дайн Iадат», «ПетIамат», К.Треневн «Любовь Яровая», А.Корнейчукан «Платон Кречет», А.Афиногеновн «Накануне», М.Ю.Лермонтовн «Бэла», Н.Гоголан «Зудаялор», Р.Гамзатовн «Асет», М.Мусаевн «Цхьана юьртахь», И.Базоркинан «Безаман некъаш», I.-Хь.Хамидовн «Лийрбоцурш», «Бож-Iела», кхин а мел дукха яра ЯрагIис шен башхачу ловзарца къагийна спектаклаш.
Театрах, шен дахаран къилба дина, цунна хьанал вецаш, нохчийн театральни искусство кхиорна юкъа уггаре а йоккха хазна йиллинчех цхьаъ вара Зубайраев ЯрагIи.
Актеран кхалхар хилла 1980-чу шеран 18-чу товбецан (сентябрь) баттахь.
Эсаран беттан 25-гIа де, 1908 шо. Лаха-Неврехь вина Авторханов Iабдурахьман, политолог. Юьхьанца хьуьжарехь доьшу цо. Ша доьшуш Iамадо оьрсийн йоза-дешар.
Соьлжа-ГIалин рабфакан программа караерзоран хьокъехь экзаменаш дIало. Белхаш бо хьехархойн техникуман директор волуш, Нохчийн областан дешаран отделан куьйгалхо волуш, ВКП(б)-н областан комитетехь.
1937-чу шарахь кхиамца чекхйоккху Москвара цIечу профессурин институт. Оццу шарахь «халкъан мостагI» кхайкхавой, лоцу I.Авторханов.
1940-чу шарахь суьдо бакъ винехь а, цунна хаьара ша паргIат вуьтур воцийла. Цундела 1943-чу шарахь Малхбузехьа дехьаволу.
Дуьненна вовзар дохьу I.Авторхановна цуьнан книгаша: «Происхождение партократии», «Технология власти», «Загадка смерти Сталина», «Сила и бессилие Брежнева», «Народоубийство в СССР», кхечара а.
I.Авторхановн кхалхар хилла 1997-чу шарахь. Нохчийчохь шуьйра билгалдаьккхира гоьваьлла Iилманча, публицист, юкъараллин гIуллакххо Авторханов Iабдурахьман вина 100 шо кхачар.
2008-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 21–22-чуй деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяьхьира цунна лерина Iилманан дуьненаюкъара конференци. Соьлжа-ГIалин коьртачу урамех цхьанна I.Авторхановн цIе а елла.
Эсаран беттан 25-гIа де, 1927 шо. Хьалха-МартантIехь вина Ахмадов Iумар, яздархо, драматург. ТIехдика дешарца чекхъяьккхина Казахийн пачхьалкхан университетан физикин-математикин факультет. Белхаш бина «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетехь (корреспондент, отделан куьйгалхо), Нохч-ГIалгIайн радиохь (коьрта редактор), КПСС-н Нохч-ГIалгIайн обкомехь (пропагандин, агитацин отделан инструктор), иштта кхечу меттигашкахь а.
«Даггара доттагIий», «Къоналла», «Тийна Малика» дийцарийн, повестийн гуларийн а, Х.Нурадиловн цIарахчу нохчийн пачхьалкхан театро, М.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн пачхьалкхан театро хIиттийначу «Хьоме нус», «КIотарара деца», «Хилаза ца ваьлла хилла шайх» пьесийн а автор.
Кхалхар хилла 2002-чу шарахь.
№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо