Адамийн бIаьргашка итт миллион бос къастало. Цара коьртан хьена секундехь 10 мегабит (вай интернет чуьра схьайоьцуш болчу хаамийн сихалла юсту барам) хаамаш ло.
***
Дийнахь дог 100 эзарзза тохало, оццу хена чохь ялх тонна цIий чекх а долу цунах (цхьана минотехь йиъ литр гергга). Стеган деган барам цуьнан шен буйннал бу. Ткъа цуьнан йозалла – 220–260 грамм.
***
Вайн дегIаца йолчу даьIахкийн доьалгIа дакъа когашца ду.
***
Куьйгийн пIелгийн мIараш доьазза сиха яхло, когийн пIелгийнчул.
***
ДегIаца долчу кальцих 99% цергашца ду.
***
Дерриге а дахарехь дегIан чкъор эзарза хийцало.
***
ДегIан уггаре а чIогIа дилха (мыщца) мотт бу.
***
Кемана чохь воьдучу хенахь стеган месаш шозза сиха яхло.
***
Юккъерчу барамехь стага 4 800 дош олу цхьана дийнахь-буьйсанна.
***
Вайн бIаьргаш массо а хенахь (дуьнен чу ваьллачу хенахь дуьйна валлалц) цхьана барамехь хуьлу. Амма лергаш а, мара а даккхий хуьлучуьра ца совцу.
***
Стеган туьта тайп-тайпанчу 29 даьIахках лаьтташ ю.
***
Адамийн дегIаца долу цIий леларан пхенийн йохалла, герггарчу хьесапехь, 100 эзар километр ю.
Л.ДАУТОВА
№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо