Студенташца мехала къамел хилира

ХIокху деношкахь терроризмана а, экстремизмана а профилактика яран гурашкахь Соьлжан кIоштарчу Эна-Хишка юьртан аграрни-техникин колледжан студенташца цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалоцуш вара А.-Хь.Кадыровн цIарахчу орденан кавалер, Соьлжан кIоштан куьйгалхо Ханариков Муса, Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон Соьлжан кIоштахь йолчу отделан хьаькам Исраилов ИсмаьIал, Соьлжан кIоштан Къанойн кхеташонан председатель Гаев Асхьаб, Нохчийн Республикин Кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон Соьлжан кIоштахь йолу векал, меттигерчу Кегийрхойн советан председатель Ибрагимова Малика, кегийрхойн организацийн жигархой, колледжан хьехархой, студенташ.

Гулбеллачарна довзийтира экстремизм бохучу дешан маьIна, дийцира цуьнан агIонех а, терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторан кепех а лаьцна. Иштта, билгалдаьккхира экстремистийн тобанаша а, хьежамаша а, къаьсттина тIекхуьуш долчу къоначу чкъурана тIеIаткъам беш хилар, и ца хилийта кегийрхошца иштта цхьаьнакхетарш а, семинараш а дIаяхьар уьш кхетош-кхиорехь чIогIа мехала хилар.

Кхузахь иштта дийцира психотропни а, наркотикин а хIуманаш лелоран тIаьхьенех а, могашаллина царах долучу зенах а, дино и дихкина хиларх а лаьцна.

– Радикальни хьежамаш болуш, наркотикаш а, корта бахош йолу хIуманаш а лелош болчу наха шайна а, шайн могашаллина а бала бина ца Iаш, шайн дена-нанна а, гергарчарна а сингаттам боккху. Оцу хIуманех шу лардала а деза, оцу тIехь шаьш Iехадайта а мегар дац, – элира Ханариков Мусас.

Соьлжан кIоштан Къанойн кхеташонан председатела Гаев Асхьаба кегийрхошка дийцира уьш оьзда а, дика доьшуш а, шайн дас-нанас бохучуьнга ладугIуш а хила безарх лаьцна.

Цхьаьнакхетарехь студенташа хьешашка хаттарш а дира, шайн а, юкъараллин а дуьхьа цара болх барна баркалла а элира.

Билгалдаккха деза Соьлжан кIоштахь кегийрхой кхетош-кхиорна лерина мероприятеш а, цхьаьнакхетарш а сиха-сиха дIахьош хилар.

Иза мехала а ду.

I.МУРТАЗОВ

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: