Нохчийн Республикин Парламентехь

Депутаташ бахархошца цхьаьнакхийтира

Масех де хьалха Нохчийн Республикин Парламентан депутаташа мехала цхьаьнакхетар дIадаьхьира Заводской кIоштарчу БухIан-Юьртарчу Ш.Эдисултановн цIарахчу культурин цIийнехь. Цигахь дакъалоцуш бара депутаташ Эскаев Жамул, Тагиев Мурад, Нагаев Iаднан, оцу кIоштан префект Камаев Хьасан, Нохчийчоьнан Куьйгалхочун гIоьнча, Соьлжа-ГIалин къеда Хийтанаев Мохьмад, республикин МВД-н ОМОН-н командир Цакаев Iалихан, Соьлжа-ГIалин УВД-н хьаькам Висмурадов Абу-Шайх, ткъа иштта БухIан-Юьртара бахархой.

Цхьаьнакхетарехь дийцаре дира тIекхуьуш йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран а, оцу декъехь нислучу халонийн а хьокъехь долу гIуллакхаш. Хууш ма-хиллара Нохчийчохь кхиамца кхочушъеш ю Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана юкъаяьккхина йолу къона тIаьхье ийманехь, оьзда кхиоран Цхьааллин концепци. Иза кхочушъярехь къаьсттина тидам тIебохуьйту кегийрхой а, мехкарий а, кхиазхой а экстремизман а, терроризман а Iаткъамах ларбарна, царах долуш долу зулам къоначарна дIадовзийтарна. ХIокху цхьаьнакхетарехь а депутаташа а, бакъонаш ларъяран органийн векалша а, Iеламнаха а дийцира экстремизмана а, терроризмана а дуьхьал дIахьочу, хаддаза дIабахьа безачу кхетош-кхиоран балхах лаьцна.

ТIаьхьарчу хенахь юкъараллехь хаало вахош долчу маларшка а, наркотикашка а марзбелла кегийрхой. Бусалба динца а, вайн дайн Iадаташца а, халкъан гIиллакхашца а данне а догIуш дац иза. Цундела дай наноша къаьсттинчу тидамехь латто деза шайн бераш. Уьш даккхий хиллера аьлла «дIахеца» ца деза. Цара хIун леладо хьовса деза. Буьйсанна арахь кхерсташ, деш-дуьтуш доцуш лелийта ца деза шайн бераш, бохура къамелаш динчара.

Цхьаьнакхетар чекхдолуш кIоштан куьйгалхочо Хь.Камаевс баркалла элира депутаташна хIара мехала гIуллакх вовшахтохарна а, бахархой кхетош-кхиорехь чIогIа оьшуш долу къамелаш дарна а.

Дийцира хица, газаца кхачояран гIуллакхех лаьцна

Вайн республикин Парламентан депутата Висмурзаев Абу-Хьусайна кхеташо дIаяьхьира Гуьмсан кIоштан куьйгалхочун заместительшца а, яртийн дайшца (меттигерчу администрацин куьйгалхошца) а, ткъа иштта газаца, хица, электросерлонца кхачо еш йолчу организацийн векалшца а. Цигахь, коьртачу декъана, дийцаре дира бахархошна а, пачхьалкхан предприятешна а, учрежденешна а, юкъараллин организацешна а, кхечарна а шийлачу хенахь хица а, газаца а, электросерлонца а кхачояран хьокъехь долу гIуллакхаш.

Депутата дийхира оцу декъехь беш болу болх жигарабаккхар а, газаца, хица, электросерлонца юьззина кхачояр а. Цо дийцарехь, леррина тидам тIебахийта беза буьйсанна урамашкахь стогарш летта хилийтарна.

А.-Хь.Висмурадовна хетарехь, гуьйренан-Iаьнан муьрашкахь къаьсттина мехала ду газаца кхачояр. Оцу муьрашкахь бахархошка газ ца тоарца доьзна бала хьегийта мегар дац. Цундела, цуьнан тахханехь ойла а йина, Iаьнан шийлачу хенахь бахархошна газаца юьззина кхачо хилийта еза. Иштта, дика хила деза хица кхачояр а. ХIокху кIоштахь дукха белхаш бина молуш долчу хица бахархошна халонаш ца хилийтарехьа. Кхузахь хинан къелла яц, цуьнца кхачоярна тIехь само латтийчахьана.

Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу меттигашкахь шаьш урхалла даран органийн куьйгалхоша а, газаца, хица, электроэнергица кхачояран организацийн векалша а дIахаийтира гуьйренан-Iаьнан муьрашна буьззинчу барамехь кечамаш бина хилар а, бахархошна юьззина цаьрца кхачояран гIуллакх семачу тергонехь латтош хилар а.

Законийн масех проект йийцаре йира

Нохчийн Республикин Парламентан социальни политикин а, могашаллаIалашъяран а, спортан а гIуллакхашкахула йолчу комитетан рогIера кхеташо хилира. Цигахь йийцаре йира республикин законийн ши проект, ткъа иштта федеральни законийн проекташ. Уьш яхкийтинера Россин Федерацин Пачхьалкхан Думера а, Правительствера а, мехкан кхечу субъекташкарчу законаш дахаран гуламашкара а.

Комитетан декъашхоша йийцаре йинчу проекташна юкъахь яра «Нохчийн Республикехь туризман а, туризман гIуллакхаллин а хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законан проект. Иза Парламенте яийтина Нохчийчоьнан Правительствос. Законан оцу проекто чIагIбо вайн республикехь туризм кхиорна пачхьалкхо гIолацаран бакъонийн бух. Проект тIехьажийна ю регионехь туризм кхиорна бегIийла хьелаш кхолларна а, туризман тIаьхьалонех буьззина а, эвсара а пайдаэцарна а.

Иштта, депутаташа йийцаре йира «Кегийрхойн хьокъехь» долчу Нохчийн Республикин законехь хийцамаш баран хьокъехь» долчу законан проект. Иза йийцаре яр дIадаьхьира федеральни а, республикин а законодательствехь хиллачу хийцамашца цуьнан хIора а статья йогIуш ю-яц а хьовсуш. И ши проект Нохчийчоьнан Парламентан Советан кхеташонехь йийцаре яйта юкъаяхийта барт хилира комитетан декъашхойн. Цуьнца цхьаьна оцу кхеташонехь йийцаре яйта сацам хилира депутатийн федеральни законийн проекташ а.

ГIалахой тIеийцира

Нохчийчоьнан Парламентан депутаташа Сайдуев Юсупа а, Яхиханов Хьусайна а «Единая Россия» партин Устрада-ГIалахь йолчу отделенехь гIалахой тIеийцира, церан лаамашка, дехаршка ладуьйгIира. Ша аьлча, депутаташца цхьаьнакхета баьхкинчу гIалахоша, коьртачу декъана, дуьйцура дахарехь-Iерехь нислучу кхачамбацарех, шайна хетачух, луучух лаьцна. Цхьаболчара доьхура балха хIоттарехь я лаьттан дакъа далийтарехь гIо дар, вукхара доьхура республикел арахьа дарбанаш лелон дахарна оьшу кехаташ кечдарехь накъосталла дар, и.дI.кх.

Дукха бара оцу тайпана а, кхидолу а дехарш деш берш. Делахь а шена тIехь тидам сацош, къинхетаме ойла чIагIъеш а дара заьIап бер кхиош йолчу ненан дехар. Шегара къа-бала елхош, цо дийцира ша а, ша кхиош долу заьIап бер а ледарчу хьолехь хиларх, шайн хIусамийн хьелаш тодарехь гIо-накъосталла оьшуш хиларх лаьцна. Цунна гIо даран хьокъехь сацам тIеийцира депутаташа. Цара цхьадолу гIуллакхаш циггахь кхочушдира. Бахархойн цхьа а дехар тидамза ца дитира Ю.Сайдуевс а, Хь.Яхихановс а. Цундела ларамаза дацара Устрада-ГIалин бахархоша, шаьш тIеэцарна а, шайга ладогIарна а царна даггара баркалла аьлла хилар.

Шеко йоццуш оцу тайпана цхьаьнакхетарш оьшуш ду депутаташна а, бахархошна а. Ишттачу зIенаша ма дарра довзуьйту вовшашкахь долу хьал а, бахархойн хьашт-дезарш а.

С.ХАСАНОВ

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: