Лулахошкара хаамаш

Адыгейн – 100 шо

2022-чу шарахь бIе шо кхочу республика кхоллаелла. Цуьнца доьзна Россин Президента Путин Владимира куьг яздина «Адыгей Республика кхоьллина 100 шо кхачаран хьокъехь» долчу Указана.

Цкъачунна билггал болу барам билгалбаьккхина бацахь а, тIеэцначу Указаца нийса а догIуш, регионехь даздарш дIадахьарна лерина федеральни бюджетера ахча къастор ду.

Регионан Iедалан органаша бечу хаамашца цунах пайдаоьцур бу фестивалаш, гайтамаш, Iилманан амал йолу гIуллакхаш вовшахтохарехь.

«Дашо гуьйренера» дашочу мидалца

МАЙКОП. Адыгейн агропромышлени комплексан 35 предприятин векалша дакъалецира хIокху беттан юьххьехь Москварчу ВДНХ-хь дIабаьхьначу «Дашо гуьйре» аьлла йолчу Россин агропромышленни ХIХ-чу гайтамехь.

Регионехь арахоьцуш долу дуккха а сурсаташ гайтира хьешаша цигахь: нехча, хьелийн даьтта, ораматийн даьтта, жижиган а, шурин а сурсаташ, моз, кондитерски хIуманаш, берийн кхача, бепиган сурсаташ, муттанаш, минеральни хи, вахош долу маларш.

Стенд кечйинера теплицийн «Баьццара цIа» комплексехь кхиийначу розашца. Гайтаман гурашкахь Россин юьртан бахаман министерствос кхачанан сурсаташ арахоьцуш болчарна юкъахь конкурс дIаяьхьира.

Республико хьалха хIоттийра зезагаш, субтропикийн культураш кхиоран Ерригроссин Iилманан-талламан институтан Адыгейн филиалехь кхиош долу Iаьржа а, баьццара а чай. Цуьнан мах хадийра дашо мидал яларца. Цул сов агрофоруман жамIашкахула регионан министрийн кабинетана Россин агропромышленни «Дашо гуьйре» гайтаман ГРАН-ПРИ елла.

Билгалдаккха догIу хIокху шарахь гайтамехь Россин 50 сов йолчу регионашкара а, дуьненан 11 махкара а АПК-н куьйгалхой дакъалоцуш хилла хилар.

Хьашт хиларца дакъалецира

ХIИНЖА-ГIАЛА. «Дагестан Республикин терахьийн экономика» аьлла йолу регионан пачхьалкхан программин проект кхочушъярехула республикин правительствон белхан тобано дакъалецира Сочехь дIаяьхьначу «Терахьийн хиндолчуьнга бIаьргтохар» аьлла йолчу Ерригроссин конференцин балхахь.

Иза вовшахтоьхнера Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан ханна йолчу комиссица цхьаьна «Ростелеком» цхьаьнакхетаралло. Регионан белхан тобанна юкъахь вара республикин правительствон председателан хьалхарчу заместителан декхарш кхочушдеш волу Алиев Рамазан, Дагестанан Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун заместителан декхарш кхочушдеш волу Шабанов Темирлан, ткъа иштта администрацин талламан урхаллин хьаькаман заместителан декхарш кхочушдеш волу Гаджиев Гаджихьусейн.

Дагестанан векалша жигара дакъалецира конференцехь терахьийн экономика кхиоран гIуллакхаш дийцаре дарехь, довзийтира оцу декъехь тайп-тайпанчу агIонех лаьцна шайна хетарг, гIо лецира Россин Федерацин субъекташкахь а тIехь, терахьийн правительствон баххаш кхолла дезаш хиларан.

Дуьйцийла йоццуш, шайна дуккха а пайдениг карийра конференцехь Дагестанан векалшна.

Дерриге а – адамийн дуьхьа

НЕСАРЕ. Регионан бахархошна лерина кхузарчу Новая урамехь дуккха а гIаьттнаш Йолу 8 комплекс йина. Микрорайоно шена чулоцу 13 гектар сов майда. Кхузахь хIинцале а адамаш чукхалхарна кийча ю 900 хIусам.

Билгалдоккхур вай оцу хIусамашкахь 773 квадратни метр хIусамаш кхечу меттигашкара кхелхина баьхкинчарна лерина хилар а. Герггарчу хенахь чекхдер ду юккъерчу дешаран учрежденеш, берийн бошмаш яр, шайн неIарш схьайоьллур ю туьканаша, кафеша, кхуллур ю садаIаран зона.

И дерриге а карабогIу лахьанан (ноябрь) бутт чекхбалале кийча хилийта декхар хIоттийна ГIалгIайн Республикин Куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека.

Микрорайон язъяран хьолехь схьаелларна тIехьажийна кечамаш бан болийна. Республикин куьйгалхой иштта хьаьвсира гIалахь 704 меттигна а, административни Гамурзиево округехь 1 500 меттигна а лерина йолу школаш яр муха дIахьош ду.

ГIалгIайчоьнан гIишлошъяран министерствос бечу хаамашца, и шиъ Федеральни Iалашонан программин гурашкахь еш ю. Хьалхарчунна 350 миллион соьман барамехь харжаш йина, ткъа шолгIачунна – 700 миллион сов. Иза кхо гIат Йолуш хир ю, шена чохь дешаран 60 сов кабинет а йолуш.

Иштта билгалйина столови, библиотека, актови зал, 4 спортзал. И ши школа хIара шо чекхдалале гIуллакх дарна юкъаяло декхар хIоттийна. Тахана цигахь долчу хьоло гойту хьалха хIоттийна и декхар а кхиамца кхочушдина хирг хилар.

Музейн говзанчийн Iалашонаш

НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхарийчоьнан Къоман музейн куьйгалло билгалдо герггарчу хенахь Иорданехь а, Туркойн махкахь а, Европин цхьамогIа мехкашкахь а интержигара гайтамаш дIабахьа.

Иштта дийцарш дар дIахьош ду оцу мехкашца. Музейн генеральни директора Наков Фелиса дийцарехь, дозанал арахьа иштта гайтамаш дIабахьаран цхьадолу зеделларг долуш ду коллективехь.

Ша аьлча, 2013–2014-чуй шерашкахь регионан музейн экспонаташа жигара дакъалецира этнографин Гамбурган (Германи) музейхь дIабаьхьначу гайтамехь. Шен йоккха истори йолуш ю къоман музей.

Иза кхоьллина 1921-чу шарахь. Карарчу хенахь цуьнан фондехь 150 эзар сов хIума ю Iалашъеш.

Юьртан бахам кхуьуш бу

ЧЕРКЕССК. Дозанал арахьарчу дийнна цхьамогIа мехкашкара чуузуш хиллачу сурсатийн меттана регионехь уьш кхиор алсамдаккхарна тIехьажийна гIуллакхаш дар бахьанехь Кхарачойн-Чергазийчохь тIаьххьарчу кхаа шарахь юьртабахаман сурсаташ кхиор а, гулдар а 33 процентана лакхадаьлла.

Регионан АПК иштта лакхарчу дозанашка кхачаран коьрта бахьана дара Россин Правительствос агропромышленни комплексан пачхьалкхо гIолацар алсамдаккхар а, гIолацаран цхьамогIа гIирсаш шарбеш-тобар а – фермерийн а, шайн гIуллакх дан буьйлалуш болчеран а гIолацаран ведомствийн Iалашонан программаш тIеэцар а, ткъа иштта республикехь юьртабахаман коопераци кхиор а.

Цо таро хилийтира кхачанан а, гIуллакх даран а дакъошна тешам боллуш аьргаллин бух билла. Оцу муьрехь юьхь йолош болчу фермерийн гIолацарна а, доьзалийн даьхнилелоран фермаш кхиорна а церан куьйгалхошна дIаелира цхьа эзар сов грант.

И бахьанехь хаъал алсамбелира лаьтта тIехь гIуллакх дан, даьхни кхио лууш болчеран барам. Къаьсттина бIаьрла бу хасстоьмийн культураш кхиорехь хилла кхиамаш.

Стохка цигахь аренашкара чуийцира 37,5 эзар тонна гергга, теплицашкара 45 эзар тонна сов хасстоьмаш. Регионехь кхиамца гIуллакх деш ю вайн махкахь хьовха, Европехь а уггаре а яккхийчарах йолу «Южный» агрокомбинат.

Оцу предприятера наьрсаш, помидораш дIайохьуьйту Москван бахархошна, оцу хасстоьмашка долу церан хьашташ 30 процентана кхочуш а деш.

Карарчу шеран жамIашкахула а и гайтамаш лахара хир бац аьлла хеташ бу Кхарачойн-Чергазийчоьнан латталелорхой. Ма-дарра аьлча, республикехь цхьанаэшшара кхуьуш ду юьртабахаман дерриге а дакъош: шорлуш лаьтта бошмаша дIалоцуш йолу майданаш, алсамболуш бу дохнан барам, жижиг даккхаран а, цунах гIуллакх даран а боларш.

Оцу дерригено шен рогIехь таро хуьлуьйту адамашна белхан меттигаш хилийта.

ТIаьххьарчу кхаа шарахь республикехь керла 1200 белхан меттиг кхоьллина аьлча а тоьар ду аьлла хета.

Корейхь шайн проекташ гойтур ю

БУРУ-ГIАЛА. ХIара бутт чекхболуш Къилба Корейн коьртачу шахьарахь Сеулехь дIахьон йолчу «Россехь бизнес: корейн бизнесна регионийн таронаш» аьлла йолчу гIуллакхаллин форумехь дакъалацар билгалдина регионан бизнесменаша. Цара хIусамдайшна хьалха хIиттор ю бизнес дIаяхьарна шайн регионехь промышленностан а, туризман а декъехь пайдаэцаза йолу таронаш.

Республикехь билгалдоккху дуьненаюкъарчу форумехь дакъалацар шен инвестицийн таронаш йовзийтина ца Iаш, амма еххачу ханна гIуллакхаллин уьйраш тасарна яккхий таронаш схьайоьллуш хилар.

Ткъа доккха гIо до, дийнна схьаэцча, мехкан экономика кхиамца кхиорна, керла технологеш гIуллакхана юкъаялорна. Къилбаседа ХIирийчоьнан векалш Iамо дагахь бу экономикин цхьамогIа дакъошкахь хIусамдайшна зеделларг, иштта шайх олуш йолу «хьекъале» производствош республикехь юкъаяло.

Къилбаседа ХIирийн Республикица цхьаьна дуьненаюкъарчу форумехь иштта дакъалоцуш хир бу Амурскан, Калининградан, Калугин, Новгородан, Сахалинан областийн, Хабаровскан крайн, Ханты-Мансийн автономни автономин областан векалш.

ГIаланаш куьце ялорна…

СТАВРОПОЛЬ. «ГIалахь бегIийла хьелаш кхоллар» аьлла йолу проект кхочушъярехула йолчу крайн правительствоН ведомствошна юкъарчу комиссин рогIерчу кхеташонехь билгалдаьккхира регионан гIаланаш хазъеш-тоярна лерина хIокху шарахь федеральни бюджетера къастийна хиллачу 609 миллион соьмах 18 муниципалитетехь пайдаэцна хилар.

Крайн гIишлошъяран, некъийн бахаман, транспортан министран заместитела Небесский Николайс чIагIдарехь, шаьш долчохь билгалбина хилла белхаш буьззина чекхбаьхна 13 муниципалитетехь – Георгиевск, Невинномысск, Нефтекумск, Пятигорск, Ставрополь, Ипатово гIаланашкахь, кхечухьа.

Буьззинчу барамехь кхочушйина «Кегийчу гIаланийн паркаш» аьлла йолу проект. Хьаьттан (август) баттахь гIуллакхана юкъаялийра Ессентуки гIалара Толаман парк. Программехь билгалйина хиллачу юкъараллин 21 меттигах куьце ялийнарг 18 ю. Кхеташонехь иштта билгалдоккхуш дара и проект кхин кхаа шарахь дIаяхьаран хьокъехь Россин Правительствос сацам бина хилар.

Цуьнца нийса а догIуш, 2018-чу шарахь гIаланашкара хьал куьце далорна федеральни бюджетера къастор ду 612 миллион сом ахча, ткъа кегийчу гIаланийн паркаш тоярна – 20,4 миллион сом.

Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: