Хоттаничуьра бIаьхо, поэт

Цхьа шатайпа тамашийна хилира суна Муталибов Зайнди поэт санна вовзар. 1967-чу шарахь дара иза. Вайн республикехь денна зорбане дуьйлуш хиллачу «Грозненский рабочий» газетан агIонаш тIехь оьрсийн маттахь зорбане яьхна байташ яра. Церан цIе «Хоттане» яра, ткъа церан автор суна оцу хенахь хьахош хезна воцу Муталибов Зайнди вара. Байташ суна чIогIа тайра.

Уьш нохчийн ширачу юьртах язйина яра. Байтин хIора могIанца хаалора авторан оцу юьрте болу ховха безам, Кавказан лаьмнашкахь Iуьллучу юьртахь хиллачу хийцамех цуьнан воккхавер, Хоттанера ша хиларх Зайндис дозалла деш хилар. Дукха хаза, говза язйина хиларна суна хIинца а дагахь лаьтта уьш.

ДIаевлла саьккалш, тоелла бошмаш,
Эсалчу махца шабарш деш хеза гIаш!
Ткъа ловзарш, нохчийн зевне ловзарш!
Кхузахь санна, хаза дуй-те цхьанхьа нускалаш?…

Бераллин шераш

Кавказан къоьжачу лаьмнийн когашкахь Iохкучу нохчийн яртийн хазалла хьакъ доллучу тIегIанехь йийца, хьахо дош карон Iаламат хала ду. Кхузарчу исбаьхьчу Iаламо декхарийлахь веш санна хетало хIора а шен вахархо поэт хила.

Иштта, шатайпанчу хазаллица къаьстачу нохчийн ширачу юьртахь Хоттанехь 1922-чу шеран хьаьттан (август) беттан 15-чу дийнахь дуьнен чу ваьлла поэт, яздархо, гочдархо, журналист Муталибов Зайнди, къехочун Муталибов Iабдул-Хьалиман доьзалехь.

Iабдул-Хьалиман деа берана юкъахь воккхах верг вара иза. Шен шина йишина, цхьаъ бен воцчу вешина даима а ша Iуналла дан декхарийлахь хеташ а, воккхалла лерина дIакхоьхьуш а вара иза. Бераллехь дуьйна, ирачу хьекъалца къаьсташ волу кIант, дешарна а чIогIа тIера вара.

Юьхьанцарчу классашкахь доьшуш волуш кхоллабелира цуьнан литературе безам. Оцу хенахь нохчийн ярташкахь мел дукха а 7 класс бен хуьлуш яцара школашкахь. Кхачам боллуш и 7 класс чеккхъяьккхинарг кIорггера дешна, Iилма долуш хета зама яра иза. Иштта, ша воккха хилла хеташ, къинхьегаман некъ дIаболийра 14 шо кхаьчначу Зайндис.

1936-чушарахь цунах шайн юьртарчу школехь пионервожати хилира. Ткъа 1937-чу шарахь ша-шех бIобулуш, яздина дуккха а поэзин могIанаш долуш, поэзин хьаьрмахь шен лар лохуш, жима стаг вара иза. Оццу шарахь «Ленинан некъ» газетаца зIенаш дIатосу цо.

Цу муьрехь газетан коьрта редактор вара яздархо Мамакаев Мохьмад. Соьлжа-ГIала веанчуьра, «Ленинан некъ» газетан редакце веанчу Зайндин ирс хуьлу Мохьмадна тIекхача, цунна шен байташ йовзийта.

Мохьмада цIеначу даггара хастайо жимачу стеган байташ, царах воккхаверца, шен белхан накъосташна йовзуьйту уьш. Цара а дика мах хадабо къоначу поэта яздинчу могIанийн, йозанца беш болу болх дIацатасар тIе а дуьллу цунна.

Иштта, Нохч-ГIалгIайн Республикин шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбане йийла юьйлало Зайндин байташ. Уьш кест-кеста го «Ленинан некъ», «Ленинхо» газетийн агIонаш тIехь. Коьртачу декъана, Даймахках, нохчийн халкъ дешаран серлоне кхойкхучу компартех, турпалчу ЦIечу Эскарх лаьцна яра Муталибов Зайндин дуьххьарлера байташ.

ТIеман некъашца

1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь СССР-на немцойн фашисташ ямартлонца тIелатар дина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш, Веданарчу райкомехь партин инструкторан даржехь болх беш вара 18 шо кхаьчна Муталибов Зайнди.

ТIом дIаболабеллачу хьалхарчу деношкахь иза ЦIечу Эскаран могIаршка дIахIотта кийча вара. Амма Веданан кIоштан куьйгалхоша, цкъачунна тIеман ара дIа ца вохуьйтуш, сацийра жима стаг. Иза оьшуш вара кIоштан кегийрхошна юкъахь кхетош-кхиоран болх дIабахьа. Де-буьйса ца лоьруш, тIевирзира шена тIедехкинчу декхаршна.

Иза баккъал а тешна вара ямартлонца Даймахкана тIелетта мостагI эккхо везаш хиларх. Цундела Зайндис нийсархошца деш долу къамел цIеначу даггара, ладогIархойн синкIоргене дIакхочуш хуьлура, кегийрхойн дог-ойла тIомайоккхуш, толамах дегайовхо кхуллуш, Даймахке болу безам чIагIбеш хуьлура. Цхьана меттехь сецна я кабинета чу хиъна Iаччуьра деш къамелаш дацара уьш. Я хIинца санна, дIасаваха транспорт йолуш деш некъаш а дацара. Веданна гуонаха Iохкучу ерриге а ярташкахула, кIотаршкахула говрахь чекхвелира иза яхь йолу кIентий гIиттош.

Фашистийн арданг Даймахкана ямартлонца тIелетча, цхьана Веданан кIоштара эзарнаш нохчийн кIентий буьрсачу тIеман ара дIабахара. Доза доцу майралла, доьналла гойтуш, турпала лийтира веданхой. КIеззиг бац царна юкъахь яхь дIа ца луш, Даймехкан дуьхьа синош дIаделла луьрачу тIеман арахь эгнарш а.

1941-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан чаккхенехь мостагI Москвана гергагIерташ вара. Баккхийчу иэшамашца, цкъачунна, юхадолуш дара ЦIен Эскар. Денна совболуш бара СССР-н коьрта шахьар Москва йожаран кхерам. Адамийн дог-ойла хуучу СССР-н куьйгалло тIаккха кхайкхам бира пачхьалкхехь дехачу халкъашка ЦIечу Эскарна орца доьхуш.

Шийлачу маьхьарца Даймахко дохуш орца долуш, юьстаха Iийра волчарах вацара Зайнди. Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизина юкъа ваха веданхойх массарал хьалха дIаязвеллачарах цхьаъ вара вайн турпалхо. 114-чу дивизина юкъайогIучу цхьана полкан комиссаран декхарш тIедехкира цунна. Уьш доккхачу жоьпаллица цо кхочуш а дора. Цул сов, йозанца, полкан документашца бан беза болх а берриге а Зайндина тIехь бара, иза цуьнца дика лара а вора.

1942-чу шеран кхолламан (январь) беттан хьалхарчу деношкахь дивизи тIеман ара дIаяха кийча яра. Амма Iедалан эгIазалла, цо ца бина кечам бахьанехь, вайнехан дошлойн дивизи новкъа ялаза йисира. БIахошна тIедуха барзакъ дацара, герзаца йина кхачо яцара, говраш ах дивизина тоьаш яцара. Аьтто а, таро а йолчара цIера шайн хохкуш йолу говраш ялийнера, амма и таронаш массеран цахиларна, дошлойн дивизи ах сов гIаш яра.

Кхолламан (январь) баттана тIаьхьа богIучу кхин шина баттахь а, республикин куьйгалле дивизина оьшучуьнца кхачо ян ца елира. Ткъа 1942-чу шеран бекарг (март) беттан 3-чу дийнахь Москвара Соьлжа-ГIала кехат кхечира Берия Лаврентийгара: 114-гIа Нохч-ГIалгIайн дошлойн дивизи дIасаяккхар а, дивизин бIахой шайн-шайн цIа бахийтар а тIедожош.

И восе делира вайнехан яхь йолчу кIенташна. Къаьсттина Муталибов Зайндина. Цо а, цуьнан бIахаллин накъосташа а йоккха гIовгIа яьккхира шайга кховдийна харцо дIайовзуьйтуш. Луларчу халкъех вовшахтоьхна (хIирийн, гIебартойн, гIалмакхойн, жIайхойн, иштта кхечеран) дивизеш тIаме дIахьовсийна хилча, нохчий, гIалгIай юкъарбахарх кхеташ цхьа а вацара, ткъа Соьлжа-ГIаларчу Iедало шаьш лелочу хIилланашна тIаьхьа ца кхуьуьйтура. Амма Зайнди а, цуьнан накъостий а къарбелла юха ца бевлира.

Эххар а, кхин, керла сацам тIеийцира Iедало: 255-гIа леррина Нохч-ГIалгIайн дошлойн полк кхолла шен коьртехь Висаитов Мовлади а волуш.

1942-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIалара арайолу и полк.

Дона-тIерачу-Ростовн областерчу Сальск гIалин йистошца, гуобаьккхина лаьттачу немцойн эскаран ардангашна юккъехула, буьрсачу тIемашца шайна некъалар йоккхуш Сталинградехьа дIайоьду вайнехан яхь йолчу кIентийн полк, шайна юкъахь Муталибов Зайнди а волуш. Полкан цхьана декъан политрук хиллачу цунах а, цо гайтинчу доьналлех а, цуьнгахь хиллачу майраллех а лаьцна яздо шен «От Терека до Эльбы» книги тIехь 255-чу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкан командира Висаитов Мовладис.

1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 9-чу дийнахь Берлин йоьжча а чекх ца баьлла Зайндин тIом. Советийн Эскарна хьанал гIуллакх деш хилла иза японхошца болу 1946-чу шарахь чекхбаллалц. МогIарера бIахо волуш дIаболийна тIом дивизин штабан хьаькам волуш чекхбелира вайн турпалчу махкахочунна.

Шен бIахаллин некъех алссам говзарш ю поэтан язйина. Уьш прозехь, поэзехь, публицистикехь ю. Шен бIаьргашна гинчух, бIахаллин некъашца лайначух, могIарерчу салтийн доьналлех говза, хаза яздо автора. Цундела еша дог догIу и говзарш. Царах цхьаъ ду «Дин беллачу дошлочун илли».

Хьан сих са хьарчийна массо а заманна,
Нанас шен бер санна, ас
хьоме кхиийра хьо.
Мацаллех ларбина,
гIиллакхехь Iамийна,
Тешаме сайн ваша хьо лоруш вара со.
Шийлачу Iожалло хеназа
баьккхира хьо сох.
Хьан къина дог доьхна со,
висира бекхам беш хьох…

Хийрачу махкахь

Кавказера дIаволавелла, Сталинградехула Берлине кхаччалц тIом бина Муталибов Зайндис. ТIом дика барна командованис делла дуккха а совгIаташ дара цуьнан. Царна юкъахь яра «ЦIечу Седанан», «ТIеман ЦIечу Байракхан» орденш. Зайндин мидалш ягарйина вер а вац.

Бакъду, иштта деза совгIаташ динехь а, мел лаккхарчу тIегIанехь бIахаллин хьуьнарш цо гайтина хиллехь а, Кавказе боьду некъ бихкина хилла цунна оцу муьрехь. ТIом чекхбаьллачул тIаьхьа пхеа шарахь Даймехкан маршонан гIаролехь лаьттина бIахо шен верасашна тIаьхьа ГIиргIизойн махка дIахьажийра. Цо доьналлица мостагIчух леташ ларбинчу Даймахко, дай баьхначу лаьтта тIера къинхетамза лаьхкина ГIиргIизойн махка бигнера, дерриге а нохчийн халкъ санна, Муталибов Зайндин верасаш а.

Пхеа шарахь буьрсачу тIамехь лаьттина майоран чине кхаьчначу бIахочунна елларг цхьа бакъо яра – ГIиргIизойн юьртарчу школехь юьхьанцарчу классийн хьехархочун болх бар.

ТIаьхьуо, къоначу белхалойн суьйренан школин директор волуш болх бина цо. Бераллехь дуьйна, ирачу хьекъалца, самонца, нуьцкъалчу амалца хьалакхиийна волу иза дика кхетара, шен декъазчу халкъе Сталинан Iедало кховдийнарг йоккха харцо хиларх.

Делахь а, цкъачунна и харцо олалла даре йирзина яьллера, къийсарх толаме даха дог доцуш. Цундела кIорггера ойла а йина Зайндис кхидIа а шен хаарш кIаргдан сацам бира, лаккхарчу дешаран кхерча деша а вахана.

Балхана юкъара ца волуш, ГIиргIизойн пачхьалкхан хьехархойн институтан, историн факультете деша дIатасавелира иза. Зорбане вийла цкъачунна аьтто бацахь а, цкъа мацца а маьлхан денош догIур дуй хууш, шен йозанаш тIехь болх а дIаболийра цо.

1952-чу шарахь кхиамца институт чекх а яьккхина, диплом караийцира Зайндис. Хетарехь, цуьнан чолхечу дахарехь уггаре а ирсе де дара иза.

Бакъду, дипломо серлаяьхна ойланаш кхолош цхьа сингаттам бара, дай баьхначу лаьттах Iедало хIара а, кхуьнан декъаза халкъ а хьегадар. Делахь а, Зайндис Делан диканах цкъа а дог ца дуьллура. Иза тешара, цкъа мацца а мел еха буьйса, маьлхан зIаьнарша бода эккхабой, сирлачу Iуьйренца хийцалуш хиларх.

Иштта, цкъа мацца а Кавказе нохчий юхабоьрзург хиларх дегайовхо кхобура цо. Халкъ дай баьхначу лаьтта тIе цIадерзо нохчийн кхоллараллин интеллигенцис хаддаза бечу белхан жигархо хилла иза.

1955-чу шарахь Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» цIе йолуш нохчийн маттахь газет араделира, цунна тIаьххье нохчийн маттахь радио а гучуелира. Уьш дерриге а хьомечу Даймехкан аьзнаш дара нохчийн халкъ дийна хиларх кхаьънаш дохуш. Цара баккъал а самукъадоккхура вайнехан, дахаре болу безам чIагIбора.

«Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь кест-кеста гучуйийла юьйлаелира цуьнан тайп-тайпана говзарш.

Цо 1937-чу шарахь «Ленинан некъ» газетан редакце еанчу говзаршца дустарш дича дикка тоелла, мотт шарбелла, поэтан аз чIагIделла хилар гойтура цара.

Дай баьхначу лаьтта тIехь

1957-чу шарахь меттахIоттийначу Нохч-ГIалгIайн Республикехь «Ленинан некъ» газетан партин дахар отделехь болх дIаболийра Зайндис.

Хала зама яра иза. Нохч-ГIалгIайн Республика меттахIоттийнехь а, нохчийн цIаберзарх самукъадолуш а, царна белхан меттигаш нисйина Iаш а стаг вацара. Газета зорбане даккха гIо-накъосталла дан лууш а кIеззиг нах карийра.

Делахь а, нохчийн къоман интеллигенцин векалш къарлучарах бацара. 1957-чу шеран хIутосург (май) баттахь Соьлжа-ГIала схьакхаьчначу цара асаран (июнь) беттан 12-чу дийнахь зорбатоьхна араяьккхира «Ленинан некъ» газетан хьалхара номер.

Оцу белхан декъахь Муталибов Зайндин хьанал къинхьегам а бара. Газетан агIонаш тIехь журналиста язбинчу хIора могIанехь хаалора халкъан дахарехь хиллачу хийцамех иза воккхавеш хилар, халкъан дуьхьа ваха, ваца иза кийча хилар. Вайн республикин ерриге а кIошташкахула чекхвуьйлуш, гулйора цо партийни дахарх йолу материалаш.

Буххера дуьйна таллам бина, хIора дош литтина, нийсонца дуьстина, бакъонца нисдина, газетдешархойн синкIоргене дIакхочучу кепехь язйина хуьлура Зайндин очеркаш, статьяш, репортажаш. Цуьнан материалаш зорбане евлича, дукха кехаташ догIура редакце, журналиста хаддаза зIе латтайора газетдешархошца.

1959-чу шарахь Зайнди Москварчу лаккхарчу партийни школе деша вахара, журналистикех долу шен хаарш тIедуза йолчу Iалашонца. Амма шо шаре далале гучуделира беккъа цхьана балхах я дешарх тоам бина иза Iийна цахилар.

1960-чу шарахь дара цуьнан «БIахочун весет» цIе йолу дуьххьарлера книга араяьлча. Цунах боккха кхаъ хилира махкахошна. Цкъа делахь, билгалделира поэт прозехь а кхиамца къахьоьгуш хилар. Цул сов, Зайндица бIахаллин некъаш гездинчу турпалхойх яра и книга.

255-чу лерринчу Нохч-ГIалгIайн дошлойн полкан яхь йолчу кIентех яра иза. Церан доьналла, турпалалла, нуьцкъала амал гойтура автора. ТIеман цIергахь ша хилла, цуьнан къахьо йиъна, уллера турпала накъостий хеназа оьгуш гаро дегаIийжам латтийначу стаге бен язлур долуш хIуманаш дацара книгашъешархой йийсаре лаьцнарш.

Хилларг, гинарг схьаэцна язйина яра «БIахочун весет» книга. Авторан ницкъ кхаьчнера турпалхойн башха васташ серладаха, дешархой царах тешо. «БIахочун весетан» автор прозехь болх бан волавалар данне дац поэзин башха дуьне цо тесна дитина бохург.

1961-чу шарахь арайолу цуьнан дуьххьарлера байтийн гулар. «Дека сан илли» яра цуьнан цIе. Прозехь а, поэзехь а цхьа къилба ду Зайндин сийлахьчу Даймахке болу доза доцу безам. Цуьнан байташа тIамна неIалт кхайкхадо, къинхетаме, машаре, адамалле, къаьмнашна юккъерчу вошалле кхойкху.

Сийлахь-боккхачу Даймехкан маршонан гIаролехь латтар шен декхар хета цунна. Боккхачу безамца сирла бIаьрг бетта поэта оьрсийн шахьаршка, аренашка, цуьнца цхьаьна маьлхан Нохчийчоь экамечу даг чохь къуьйлу ша схьаваьллачу мехкан меха цхьа а хIума доцуш.

1961-чу шарахь лаккхара партийни школа кхиамца чекхъяьккхина, Москвара цIавирзина Зайнди «Ленинан некъ» газетан коьртачу редакторан заместитель хIоттаво. Масех шарахь редакцехь къахьоьгуш, цо боккъа тидам тIебохуьйту къоман къона журналисташ кхиорна. Цуьнан чIогIа самукъадолу ненан мотт, нохчийн литература езаш, евзаш кегийрхой хаабелча.

Семачу тергонехь латтабо поэта кегийрхошца дIахьош болу кхетош-кхиоран болх а. Цунна чIогIа лаьа нохчийн къоман тIекхуьу чкъор йоза-дешарца, Iилманца уллера гергарло долуш хуьлийла. Юкъараллин гIуллакхаша дукха хан дIалацахь а, поэзехь керла кхиамаш боцуш ца вуьсу иза.

1964-чу шарахь зорбане йолу цуьнан «Даима хьоьца» поэзин гулар. Юккъе йоккха хан ца юлуш, 1966-чу шарахь арайолу кхоалгIа «Со хьан кIант ву» байтийн гулар а. Цуьнан байташ заманан лехамашна жоп луш хиларна гочдархой сихло уьш оьрсийн матте яха.

1966-чу шарахь оьрсийн маттахь араяьлла Муталибов Зайндин «Пульс эпохи» цIе йолу гулар.

1968-чу шарахь иштта, оьрсийн маттахь зорбане елира цуьнан «Бессмертный всадник» байтийн гулар а. Зайндин кхоллараллехь йоккха меттиг дIалоцуш бу ХХ-чу бIешеран 40-чу шерашкахь буьрса кхихкина Сийлахь-боккха Даймехкан тIом.

Цо язйина говзарш йоьшуш, нохчийн яздархочун экамечу сих массо а ханна хьаьрчина, цуьнан цIийца лозуш хетало советийн халкъо фашисташца латтийна луьра къийсам. Яздархочун дукхах долу дийцарш шен тIеман накъостех лаьцна ду. Цхьадолчу дийцарш тIехь цо ша вуьйцуш санна а хетало. ТIаккха ша теш хилларг, шена гинарг дуьйцуш а хетало. Ткъа шо, ткъе итт шо хан дIаяларх, тIаьхьара ца йолу цунна къизачу тIеман гIовгIа.

1968-чу шарахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла «Раненная анкета» цIе йолу книга къеггина тоьшалла ду цунна. И книга арайолуш Зайнди республикин книжни издательствехь коьртачу редакторан даржехь болх беш вара. Муталибов Зайндис боккхачу безамца, говза кхуллу Нохч-ГIалгIайн 255-чу дошлойн полкан командиран Висаитов Мовладин, хьуьнаречу разведчикан Эдельханов Ширванин, иштта дуккха а кхечу турпалхойн васташ.

Беккъа цIена бIахой гайтина Iаш вацара Зайнди шен кхоллараллехь. Санинструкторш, шофераш, поварш дукха бу яздархочо безамца васташ кхоьллина турпалхой.

Даймахко орцадаьккхинчохь шен са, дегI ца кхоош, тIеман ара дIахIоьттинарг массо а лору цо турпалхо. Шен дешан говзаллица, вай тешадо уьш баккъал а турпалхой хиларх.

Цаьрга болу ларам а, церан сий а цкъа а довриг цахилар тIечIагIдо цуьнан «Лийрвоцу бере» цIе йолчу говзаро.

Атта ца хиллачу,
Сайн некъан жамI деш.
Хилларш я хиндерш,
Ойланца лоьIуш.
ВогIу со кIайн дуьне,
Хьо дезар даздеш,
Лийрвоцу бере, хьо
Даггара лоьруш.
Хьо даим вехар ву,
Дин боцу бере,
Инзаре хийцамаш
Кху лаьтте кхийдош.
Ницкъ болуш велар-кх
БIешерийн гене
Хьоьца ван
Даймехкан, сайн халкъан
Сий деш.
Доца ду дуьненахь
Къонахчун дахар,
Iаламан лаам бу ша
Иштта хилла…
Сайн денойх цхьаъа а,
Ца дуьтуш Iахар,
Дахарехь гIерта со
Лар йита сирла…

Иттех шарахь сов Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь кхиамца болх бина Зайнди, 1978-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу телестуди балха дехьаваьккхира. Оцу муьрехь и болх тешош волу стаг кIорггера хаарш долуш, сирла синкхетам, партин а, заманан а лехамашна жоп луш хила везаш вара.

Вайн турпалхочух тешийнарг телевиденин коьртачу редакторан дарж дара. Дукха ца бира цо цигахь болх.

Оццу 1978-чу шарахь оьмар хедира похIмечу поэтан, яздархочун, журналистан Муталибов Зайндин. Дуьненан бахамаш ца лоьхуш, ша схьаваьллачу халкъан безам лоьхуш вара иза, церан сирлачу кханенах дегайовхо йолуш къахьегна вара. Дукхабезачу Даймахках хьерчаш яра цуьнан ойланаш, буьрсачу тIамехь шена уллехь лаьттинчу, мостагIчух дера леташ эгначу тешамечу накъостийн оьзда аматаш даг чохь кхобура цо заманан йохалла.

Церан сий-ларам беш, чекхвелира иза шен дахарехь. Хазачу гIиллакхашца варкъ даьккхина яра цуьнан амал. Поэтана хьаьнцца а бийца мотт карабора, гIо-накъосталла оьшучунна даима а орцахвала кийча вара.

56 шо бен дацара поэтан. Доза доцуш комаьрша дог, къинхетаме бIаьрг, адамалла йолуш стаг вара Даймехкан кIант хилла чекхваьлла Муталибов Зайнди. Цундела даха дисина цуьнан сирла амат и вевза везаш хиллачеран дегнашкахь.

А.ГАЗИЕВА

№83, шинара, эсаран (октябрь) беттан 24-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: