Схьайиллина берийн могашалла меттахIотторан а, садаIаран а лагерь

Эсаран (октябрь) беттан 25-чу дийнахь, Нажи-Юьртан кIоштахь халкъан кхоллараллин «Бенойн бIаьсте – 2017» фестиваль дIаяхьаран гурашкахь, оццу кIоштарчу Пхьача юьртахь схьайиллира «Лаьмнийн Бена» цIе йолу берийн могашалла меттахIотторан а, садаIаран а лагерь.

Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Парламентан спикера Даудов Мохьмада, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов IабдулкъахIира, иштта, Россин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, кхечара.

Шен къамелехь республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира лагерь йоццачу хенахь йина яьллехь а, кхузаманахьлерчу лехамашца иза йогIуш хилийтарна цхьа а иэшам бина цахилар. Иштта, цо тидам тIебахийтира лагерехь шайн могашалла меттахIотто а, садаIа а Нажи-Юьртан кIоштахь мел долчу берийн йиш хирг хиларна.

«Вай къаьсттина тидам тIебохуьйту лаьмнашкара кIошташ кхиоран гIуллакхна. Оцу Iалашонца тIеэцна леррина программа а ю. Хууш ма-хиллара, лаьмнашкарчу кIошташкахь еш школаш а, берийн бошмаш а, социальни кхин объекташ а ю. Цо гойту, вай мел дийриг, уггаре а хьалха, тIекхуьучу чкъуран дуьхьа деш хилар, хIунда аьлча иза вайн къоман кхане ю. Тахана вай хIокху Iаламат хазачу меттехь схьайоьллуш ю берийн лагерь. Нажи-Юьртан кIоштахь хIара тайпа объект хIинццалц хилла а яц. Ас даггара декъалдо бераш хIокху хиламца», – элира цо.

Цул тIаьхьа, берийн лагерь ярехь жигара дакъалаьцначу гIишлошъярхошна баркалла а олуш, царна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а делира. Ткъа пачхьалкхан унитарни «Э.Э.Исмаиловн цIарах йолу Халкъийн доттагIаллин орденан Нохчийн гIишлошъяран урхалла» предприятин хьаькамна Центроев Сулимбекана Нохчийн Республикин лаккхара совгIат делира – Кадыровн орден.

ЦIен аса хадорца керла объект схьайиллича, лагеран кертахь йолчу гIишлошка а хьаьжна, амфитеатрехь берийн кхоллараллин тобанаша гойтучу концерте вахара Кадыров Рамзан.

Билгалдаккха догIу «Лаьмнийн Бена» лагеран кертахь шишша гIат долу 13 корпус а, аьхкенан амфитеатр а, санчасть а, карантинан блок а, столови а, чохь бассейн а, ловзаран чоьнаш а йолу спорткомплекс а, арахь 2 бассейн а, спортан 5 майда а, ши чухчари а, административни блокаш а хилар.

Цхьана ханна цигахь садаIа а, могашалла меттахIотто а йиш хир ю 500 беран.

И.ИСЛАМОВ

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: