Чинин коммунистийн партин Коьртачу Комитетан Генеральни секретарь хаьржина Си Цзиньпин. Оцу дарже пхеа шарна хаьржина иза. Иштта, Компартин Коьртачу Комитетан Пленумехь керла Политбюро а хаьржина. Оцу юкъавахана махкахь дика цIе йоккхуш волу 25 коммунист. Си Цзиньпин оцу дарже харжарца декъалвина цхьамогIа пачхьалкхийн куьйгалхоша. Царна юкъахь ву В.Путин а, Д.Трамп а.
***
Шемин Iедалан эскарша дIахьош ду шайн мохк дуьненаюкъарчу терроризман декъашхойх цIанбар. Стомара «Иблисан пачхьалкхан» террористех паргIатъяьхна Дейр-эз-Зора шахьарара промышленни кIошташ. Цигахь иттаннаш террористаш хIаллакбина, йохийна церан тIеман техника.
***
Австрин полицин белхахоша хIокху деношкахь схьалаьцна шен схьавалар Пакистанера долу къиза зуламхо-киллер. Ахчанах нах бойуш хилла цо. Оцу мехкан бакъонаш ларъяран органаша чIагIдарехь, иза бехкевеш ву лаххара а 70 стаг верна. ДIадолийна оцу гIуллакхан хьокъехь талламаш бар.
***
Карара шо чекхдалале кхин а 23 эзар сов мигрант тIеоьцур ву Швецин Iедалан органаша. Кхин а алсам мигранташ тIеэца дагахь хиллера уьш. Делахь а, уьш дIатарбан цкъачунна ницкъ кхочур бац Iедалан. Ткъа мигранташ Африкера схьаэхар, жимма лахделлехь а, соцуш дац.
***
Россин Президент Путин Владимир Кремлехь цхьаьнакхийтира ФРГ-н Президентаца Штайнмайер Франк-Вальтерца. Цара дийцаре дира дуьненаюкъарчу терроризмана дуьхьал къийсам дIабахьаран, КНДР-хь ядерни герзаш зер дIадахьаран, Россин а, Германин а юкъаметтигаш чIагIъяран некъаш лахаран хьокъехь долу а, цхьамогIа кхин а гIуллакхаш. Оцу цхьаьнакхетаран тIаьхье беркате хирг хиларе сатуьйсуш бу шина а пачхьалкхан политикаш а, бахархой а.
***
Вайн мехкан Премьер-министра Д.Медведевс дакъа а лецира, къамел а дира Эрмалойчоьнан пачхьенехь Ереванехь дIаяьхьначу Евразин правительствийн советан кхеташонехь. Цуьнан жамIашкахула 15 документ тIеийцира ЕАЭС-на юкъайогIучу пачхьалкхийн Правительствийн куьйгалхоша. Уьш тIехьовсийна ду вовшашца йолу экономикин юкъаметтигаш кхидIа а тоярна.
***
Россин оборонин министр С.Шойгу хIокху деношкахь Катарехь а, Филиппинехь а хилира. Цуьнан цхьаьнакхетарш хилира оцу пачхьалкхийн куьйгалхошца а, оборонийн ведомствийн векалшца а. Цара дийцаре дира тIеман-техникин декъехь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш. Цхьаьнакхетарш дирзира цхьамогIа барташна куьйгаш яздарца. Ша аьлча, Филиппинин куьйгалла резахилла Россин герз эца.
***
Россин Федеральни Гуламан Федерацин Советан Председатела В.Матвиенкос стомара дIахьедина Европин Совете кхул тIаьхьа взносаш лург цахилар. Цо чIагIдарехь, взносаш ялар юха дIадолор ду Росси юха ПАСЕ-на юкъаяхийтинчул а, цигахь цунна кхаж таса бакъо еллачул а тIаьхьа. Шеко йоццуш оцу взносашка хьашто йолчу Европин Совето хIинца жимма ойла йийриг хир ю.
***
Вайн Пачхьалкхан Думин депутаташа хIокху деношкахь масех закон тIеэцна. Царна юкъахь ду бюджетан пайдаэцаза йисина харжаш гIуллакхна юкъаяхийтаран хьокъехь а, совнах яьккхина налог юхаяларан некъ аттачу баккхаран хьокъехь а долу законаш. Уьш тIехьовсийна ду федеральни бюджетан харжех пайдаэцаран эвсаралла лакхаяккхарна а, бахархошкара совнах налогаш цаяхийтарна а.
***
Москван мэра С.Собянина гIалин парламентарешна отчет йира Правительствос карарчу шарахь бинчу белхан хьокъехь. Цо билгалдаьккхира пачхьенан мэрин коьртачу декхарех цхьаъ гIалахойн социальни хьашташ мелла а дуьззина кхочушдар хилар. Цуьнца доьзна цо депутаташка дийхира пенсин лахара барам кхин а 3 эзар соьмана лакхабаккхар а, иза 17 эзар соьме дIакхачор а.
***
Вайн махкахь инфляцин барам тIаьхьарчу цхьана кIиранах 0,1 процентана лакхабаьлла. Вуьшта, дийнна шарахь цуьнан барам 2,7 процентал лакхара хирг цахиларан хьокъехь хаам бо Россин экономикин министерствон говзанчаша.
№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо