Шела шахьарна юккъехь лаьтта 3 гIат долу №8 йолу йоккха школа, 1964-чу шарахь йина, советийн заманахь Шелан кIоштахь уггаре а тоьлла лоруш школа яра. Цигара берриге а хьехархой шайн белхан дика говзанчаш а бара. Школин низам шатайпа нисдина дара, цигахь доьшуш 1500 гергга бер хиллехь а.
Школина куьйгалла деш яра 44 шарахь директоран болх бина йолу Езиева Элима. (Иза нохчийн дуьххьарлерчу инженеран, Сталинград гIала ларъеш тIамехь кхелхинчу капитанан Езиев Якъубан йоI ю). Карарчу хенахь Шелахь 1аш а, пенсехь а ю Элима. Хьехархочун де и санначийн де ду. Шех лаьцна хаддаза дийца, хаза мел долу дош ала хьакъ долчарех цхьаъ ю Элима.
Хьалхара т1ом д1абаьлча дуьйна ц1ахь йолчу цуьнан ц1арах бен ц1е ца йоккху тахана а цо болх бинчу школин. Иза иштта нисдалар наха, юьртахоша Элимин ларам бар ду. Д1аяхна заманаш карлайохуш тахана дийца лаьа маца я муха нисло вайн нахалахь и санна долу г1иллакх лацар… Атта дацара, дехьа кертахь компартин райком а йолуш, хьехархойн коллективан куьйгаллехь латта. Массо а хIума партин тергонехь дара.
60-гIа шераш нохчийн халкъ Сибрехара цIадирзина, кхузахь д1атардала г1ерта шераш дара. Берийн дай-наной шайн хIусамаш еш бара, Iер-дахаран хьелаш а ледара дара. Ц1а-чоь еш бохкура нах, шен таро йолчо г1о дора, гаргарчу наха, лулахоша цхьаьнакхетий белхи бой дора ц1а. Нохчий хийрачу нахана тIебаьхкича санна, ийзалуш бара нохчийн лаьтта тIехь… Халкъ ц1ера даьккхича цо лайна дукха халонаш, харцонаш адам дешна, йоза ца хааран бахьанехь дуй хиъначу наха хьехархо лорура юьртахь. Цхьаболчара дешарна т1еберзийра шайн доьзалш, ткъа кхечара дешарна юкъахбаьхна а Россехь г1ишлош ян буьгура доьзал. Боьрша стаг дешна хилчахьана тоам бора цхьаболчу нохчаша х1етахь.
Нохчийн зудабер деша я балха дахийтар хала магош хIума дара. Лор я хьехархо говзаллина бен деша ца йохуьйтура йоI. Цунна шен бахьанаш а, бехказлонаш а яра, баккхийнаш хила тарлучу сонталлах кхоьрура.
Бакъду Шелахь мел воккхачу стага а, амал мел буьрсайолчу стага а лоруш яра №8 йолчу школин директор Элима Якубовна.
«Элимин ишкол» аьллий бен цIе ца йоккхура цара цо болх бечу школин. Элима бусалба ц1ент1ера, оьздачу х1усамера яра. Нохчийн г1иллакх, доьналла, яхь, жоьпалла х1ун ду хууш яра. «Элима еанера вайн йоI балха кхайкха» олий, дозаллица балха йохуьйтура иза дехаре еанчу наха шайн йоI. Элимас дан а дора шех тешийначу зудаберийн а, зударийн а дола. Дина низам, ламаст долуш хьехархо, директор яра иза. Оха доьшучу хенахь (1985-чу шарахь чекхъяьккхина ас и школа) дагадог1у Элима Якубовна хIора Iуьйранна школин неIсагIе дуьхьал йог1ура дешархошка а, хьехархошка а бIаьрг тоха. Духаран боккха тидам бора цо. Доца духар, лекха к1ажаш, пудар-басар шайна езий хаийта а-м ца баьхьара хьехархой, дешархой-м буьцийла а яцара! Дешархой дешархойх тера бара. Горгалел хьалха класса чукхача дезаш дара тхо.
Элима директор хиларал сов, лакхарчу классашна алгебра, геометри урокаш хьоьхуш а яра, цул сов зудабершна «труд» урок луш а яра, бедарш тега, маха баккха, юург-мерг ян, кечъян а, иза куьцехь стоьлана т1е х1отто 1амош а яра. Дала дика дина хьехархо яра иза: ира хьекъал а, дашо ши куьг а, комаьрша дог а долуш. Цунна хьалхахула доьшуш, кхуьуш масех чкъор чекхделира. Дуьненан вуонаш-диканаш дукха гина стаг ю иза шен дахарехь. Далла хастам бу, Элима тахана а ю нахана дала хьекъал долуш. Зама мел хала хиллехь а, цунах озалора са-кIезиг нах, цуьнца харцо чекх ца йолура. Цунна уллехь стаг стаг хила везаш вара, зуда зудчух тера хила декхарийлахь яра. Иза иштта яра ша болх бечу хенахь. «Элимин школа» болатан школа яра. Шен заманхой нохчаллех ца бохош дика, пайдехь, хьекъале нах хила 1амабора цо. Тахана Нохчийн Республикехь лаккхарчу даржашкахь белхаш беш бу цо Iамийна дешархой.
Хьехархо ша а лорура, юьртахь а лоруьйтура цо. Лакхахь ма-аллара 1500 гергга дешархо волчу школин уьйт1ахь хьехархо вог1уш гича ша-шаха некъ буьтура бераша. Тхан директоро хьехархочо яахIума ца юу моттуьйтура тхуна, цунна тIера духар базарахь, туьканахь оьцуш а, духкуш а дац моьттара тхуна. Х1инца дуй техьа иштта?…
«Элимин школина» сагатло сан юьртахойн…
Ткъа Элима, хьо Дала дукха яхайойла, хьайн корматаллин денца, Хьехархочун денца декъалйо хьо! Дала йоле дуьллийла ахь хьегна къа!
ЭЛЬДЕРХАНОВА Зайнап