ВЭБ-н председатель гIишлошъяран масех объекте кхечира. Царна юкъахь яра Шелан кIоштарчу Чуьйри-Эвлахь ян йолийначу «Казбек» технопаркан майда, Итон-Кхаьллан кIоштарчу Хьачарахь еш йолу туризман «Ведучи» комплексан майда, и.дI.кх.а.

Иштта, Соьлжа-ГIалахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца цхьаьнакхетар а хилира Горьков Сергейн.
Цигахь дийцаре дира республикин а, ВЭБ-н а зIенаш чIагIъяран а, керлачу тIегIане яхаран а гIуллакхаш. Цул сов, Нохчийн Республикин Правительствос а, «Внешэкономбанко» а мелла а хьалха бина барт кхочушбарх лаьцна а хилира къамел.
Цхьаьнакхетар чекхдаьллачул тIаьхьа Кадыров Рамзана а, Горьков Сергейс а къамел дира шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшца.
ВЭБ-н председатела билгалдаьккхира «Казбек» технопарк яран тIегIанна ша реза хилар.
«Со, цхьа а шеко йоцуш, тешна ву оцу заводехь мел беш болу гIирс а, сурсат а дикаллин лаккхара тIегIа долуш хирг хиларх. Технопарк яран тIегIанна а чIогIа реза хилира со. Сиха а, дика а еш ю и», – элира цо.
Иштта, «Ведучи» курортах лаьцна йолу ойла а йовзийтира Москварчу хьешо.
«Иза республикина а, Къилбаседа Кавказан регионна а, махкана а мехала проект ю. Цундела и проект тхуна тайна. Цуьнца нийса а догIуш, иза яран декъехь финансийн гIо-накъосталла дан дагахь ду тхо. И гIуллакх республикин куьйгаллица къаста а дина, кеста дIаболор бу оцу декъехь болу болх», – тIетуьйхира Горьков Сергейс.
«Ведучи» курортах а, «Казбек» технопарках а лаьцна дуьйцуш, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира и ший а проект туризмана а, экономикина а пайдехь хилла ца Iаш, бахархошна белхан меттигаш лург хиларца а мехала хилар.
«Республикин бахархошна белхан меттигаш оьшуш хиларан ойла еш ду тхо. Масала, «Казбек» технопарк шен хир болчу нуьцкъаллица болх бан йолаелча, цо 8 эзар белхан меттиг лур ю. «Ведучи» а, «Казбек» а республикина чIогIа оьшуш проекташ ю. Цундела, и проекташ кхочушъярехь республикин гIолаьцначу Николайн Сергейна баркалла боху ас», – элира республикин Куьйгалхочо.
Иштта, къамелан чаккхенехь, Кадыров Рамзана билгалдаьккхира республикин Правительствос тIелаьцна долу декхарш шен хеннахь а, кхачам боллуш а кхочушдийриг хилар.
И.АДАМОВ
№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо