ХIокху деношкахь, «Бенойн бIаьсте–2017» фестивалан гурашкахь, Нажи-Юьртан кIоштарчу Денги-Юртахь схьайиллира кегийрхойн дукхахьаштийн тIеман-патриотически комплекс.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Россин Пачхьалкхан Думин депутат Делимханов Адам, республикин гIишлошъяран а, хIусамийн-комунальни бахаман а министр Зайпуллаев Муслим, кегийрхойн «Ахмат», «Путин» боламийн декъашхой, кхиберш.
Кадыров Рамзана билгалдаькхира комплекс Бена а, кIоштана а, ерриге республикина а доккха маьIна долуш хилар а, тIекхуьуш долу чкъор шайн дайн некъана муьтIахь а долуш, махкана а, халкъана а пайдехь хирг хиларх ша тешаш хилар а.
Иштта, оццу комплексан кертахь схьайиллира Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, цо арабаьккхинчу некъа тIехь кхелхинчу Нажи-Юьртан кIоштара бакъонаш ларъяран органийн 114 белхахочунна а лерина иэсан мемориал.
Комплексах лаьцна аьлча, билгалдаккха догIу цо 2 гектар майда дIалаьцна хилар. Цунна юкъайогIу къоначу «салтийн» казарма а, спортан-тренировкийн объект а, футболан стадион а, дешаран а, техника дIахIотторан а чоьнаш, маьждиг, и.дI.кх.а.
200 жимачу стеган аьтто бина керлачу комплексан кертахь светски а, динан а Iилма Iамийна ца Iаш, спортан (футбол, волейбол, баскетбол, охьатохарх латар) а декъехь къахьега а, Даймехкан гIаролхочун говзалла караерзо а.
Оццу комплексан кертахь, цIен аса хадорца иза схьайиллинчул тIаьхьа, дIабаьхьира «Бенойн бIаьсте – 2017» фестивалана юкъабогIуш болу «Къоман ловзарш» цIе йолу къийсам.
Цигахь дакъалоцуш яра республикин хIора а кIоштара цхьацца тоба. ХIора а тобанна юкъахь 35 стаг вара. Къийсадаларшна юкъа догIур куьг латийтар, вертана тIехь латар, муш дIасаозор, тIулг кхоссар, йозалла хьалаайар, 100 метр вадар, и.дI.кх.а.
«Къоман ловзаршкахь» тобанашна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Шелан кIоштан тобано. ШолгIа меттиг – Нажи-Юьртан кIоштан тобано, кхоалгIа меттиг яьккхира Соьлжа-ГIалин тобано.
Иштта, оццу дийнахь, Бена-Веданахь дIадаьхира 3 000, 5 000, 7 000 метр геналле говраш хахкар. 3 000 метр йохалле говраш хахкарехь туьйлира Кадыров Адаман «Жарир» цIе йолу говр. 5 000 метр йохаллехь Берсанукаев Вахьидан «Атира» а, 7 000 метр йохаллехь Исраилов Адаман «Семерка» а туьйлира.
Хьа лхара меттигаш яьхначу говрийн дайшна «LADA Vesta» машенашца а, 2–5-гIий меттигаш яьхначарна ахчанца а совгIаташ дира.
М.ЮНУСОВ
№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо