Сема ойланаш…

ХьегIарехь волу стаг лазарша хьийзаво, амма Даймахкахь цахиларна и лан кхин а хала хуьлу. Валар ирс хеташ ца ваьхна цкъа а, амма хьомсарчу генарчу Даймахках хьегна даима. Гуттар а дагчохь бехар бу иза-м.

Даймехке йоккха гIайгIа лаьтта даг чохь хIора а буса. Iай-м и гIайгIа шарал яхло. Нохчийчоьнал арахьа вехаш, дуьххьара езаеллачу йоIах йо ойла санна, Даймахках долу хьегар юхатоха ца ло. Ерриге а нохчийн аренийн, лаьмнийн, чIожийн ойла еш уьйтIенан пурхехь хийла буьйсанаш дIайовлу.

Деган йовхо кехата тIе язъян воьлча, IадIе бохуш санна, шекъано чохь тов хIоттадо, хьегарх долу дешнаш ла ца лой. Моттало сан цамгаро дагар туьйсу дегIах. ТIаккха, езначо бахьанза тесна жима кIант санна, хьере хуьлий вуьсу.

Сатуьйсу, маракъуьйлуш, сан дайша шайн цIийца хьандинчу лаьттана барташ баха, цара хихкинчухула говр хехка, цара ламаз эцначу шовданийн хиш мийла.

Сан боцчу махкахь, гергара нах а, безарш а, бевзарш а уллохь хиларх, Даймахке сатийсар, гIаларт санна, гуонаха хьийзачуьра цкъа а дIа ца долу. Шо шаре мел долу, даг чохь лаьттачу гIайгIано хьегIа еш дIайолуш лаьтта могашалла а.

Делан Iожаллех вер вац цхьа а. Сан Iожалла тIе а кхаьчна, Хастам хиларо шен совгIат (ша елла хан) дIаэцча, Деле йоьхур ю ас, сан Даймохк санна ялсамани.

ШИРДО ТIариг (Дако)

№84, пIераска, эсаран (октябрь) беттан 27-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: